Нохчийн мотт «Urok95ru» (Хасарова Хава Шахруддиновна).
Урокан цIе: АхмадовгIеран Ахьмадан Iумар . Дийцар , суртхIоттор, ойлайар.
Де дика хуьлда шун!
в кадре:
— Таханлера вайн урок лерина йу нохчийн йуздархочунна Ахмадов Iумарна.
— Ахмадов Iумар вина I927-чу шарахь Хьалха-МартантIехь ахархочун доьзалехь.
— Деша вахара Хьалха –МартантIерчу йуккъерчу ишколе. Амма бераллин , кхиазхойн мур хийрачу ГIум –Азин махкахь чекхбаккха бийзира цуьнан, нохчийн халкъ махкахдаккхар бахьана долуш. Ишколехь доьшуш волуш дуьйна исбаьхьаллин литература дукхайезаш, ишколин программица Iамо йеза киншкаш йешна ца Iаш, кхийерш йоьшура цо.
Слайд:
— Ишкол чекхйаьккхинчул тIаьхьа дешна Алма-Атахь пачхьалкхан университетехь. Белхаш бина тайп-тайпанчу меттигашкахь: ишколехь, телевиденехь, радиокомитетехь, «Ленинан некъ» газетехь.
-Ахмадов Iумар йаздан волавелла 60-чу шерашкахь. I962-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн книжни издательствехь арайелира цуьнан «Даггара доттагIий» цIе йолу книга. ХIетахь дуьйна цхьаъ вукхунна тIаьххье арайуьйлу цуьнан: «Къонахалла», «Тайна Малика», «Забаре дийцарш» цIе йолу гуларш.
в кадре: — Йаздархочунна дика девза берийн дахар, церан дог-ойла, сатийсамаш. Йаздархочун дахаре болу безам къеггина гучуболу цуьнан произведенешкахь. Цара тоьшалла до иза даим лехаман новкъахь хиларан.
— «Къонахалла» дийцар суртхIотторан кепехь йаздина ду.
слайд:
-Дийцаран коьрта турпалхой бу Аьстамар а, цуьнан кIант Тимар а.
-Аьстамар колхозан фермехь балхахь ву . Сих-сиха шен да волчу ферме воьдуш самукъадолура Тимаран.
-Тимар, дешна ваьлча мила хир ву хьох?- дас шега хаьттича , цхьана хIуманан ойла ца йеш .
— Суна-м ца хаьа, дада ,- аьлла, жоп делира кIанта.
-Нахана гIуллакх дан йиш а йолуш , хьан дешар хилахь, гIуллакх ду иза, ца хилахь, эзар шарахь дешахь а пайда бац, — элира дас.
-Шайн йуьртара цхьа кIант масална а валийра, ворхI шарахь дешна, цIа веача налогана деллачу квитанци тIехь дерг хIун ду аьлла , шега хаьттича, ца хиънера цунна.
— Цунах тера хила мегар дац, — элира дас.
в кадре:
КIанта шайн хьехархочо шайга аьлларг дийцича, хазахийтира дена.
-Кхана де хаза хилахь, талла гIур ву вайшиъ, — элира дас. Оцу дешнаша дог ловзадаьккхира Тимаран. Цунна лаьара, шен дена хьалха борз йа экха ден.
-Наб ца кхеташ, топ кара а эцна, дукха Iийра Тимар. Шайн ферме борз а йеана, ша топ тоьхна, дена хьалха майралла гайта лаьара кхунна. Корах ара бIаьрг тоьхча , буьйса чIогIа Iаьржа йара.Тимарна наб кхийтира. Цул тIаьхьа цIаьххьана самавелира хIара, уьйтIахь хиъна Iара да.
слайд:
— Дада, борз йац и угIург? — аз дайдина элира кIанта.
— Йу дера, вела а къежна, жоп делира дас.
— И йе хIунда ца йоь? -хаттар дира кхо.
— Дукха генахь йу иза.
— Хьо ваьхьар варий и йен? — элира дас. Дена лаьара, шен кIентан мел майралла йу хьажа, и хьуьна йуккъе а вахийтина, цунна тIаьхьа ваха.
в кадре:
-КIанта ша ваьхьар ву аьлла, дегара топ схьа а эцна, хьуьна йуккъе вахара. Амма дукха хан йалале ор чу а воьжна, кхеравелла висира кIант. Цу чуьра хьалаваьлча а, вегош вара иза.
-Хьо кхеравелларг борз йацара, Эльмурдан жIаьла дара, — аьлла, тIаьхьа веанчу дас човхийра Тимар.
Слайд
Цул тIаьхьа дуккха хан йелира , шегара цхьа хьуьнар даьлла, шен дас хасто лаьара кIантана. Амма иза нисделира, да ГIала а вахана , ден меттана фермехь вара Тимар. Буьйсанна да тIаьхьавеача, цIа ван гIоьртира кIант.
-Арахь Iаьржа йу, ваьхьар вуй те со, хьуо цIа вахийта ?
— ХIумма а дац, дада, со ца кхоьру хьуна, — элира Тимара.
-Буьйса дукха Iаьржа йу, догIа дан мега вайна, буьйса йоккхуш саца хьо.
Дега кIадвелла хир ву хьо, жимма садаIа хьайна аьлла, ха дан вахара кIант.
Цхьа ши сахьт даьлча, Аьстамара дIавижа чувахийтира кIант.
в кадре:
-ЦIаьххьана арахь даьллачу герзо самаваьккхира Тимар. Араваьллачу кхуьнан бIаьрг кхета воьжна Iуьллучу дех. Дас узарш дора. ТIехьаьдира кIант.
-Дада, хьуна хIун дина? Аьстамар мелачу цIийх вуьзна Iуьллура.
Слайд
-Же кIант, къуйша вайн бежнаш дигна , суна топ а тоьхна. Говра а хаий, йуьрта орца даккха гIо, — элира когах чов йиа Iуьллучу Аьстамара. Лаха Iин чу бисси уьш, ваьхьар вуй хьо?
Тимаран дегIах цIе кхерстира, цо иза аьлча. Йуьхьанца цуьнан воьхна хилар а дIаделира.
в кадре:
— Ша йуьрта дIакхачале къуй гена бевр бу, царна кIело йан йеза ша аьлла, некъ хадош говр дIаэккхийтира Тимара. КIоргга лахахула дIабаха безара къуйн.
— Ши йетт хьалха а баьккхина, богIура зуламхой. КIанта топ йалийтира. Цхьаъ ког а шершина охьавуьйжира, ши йетт охьанехьа бедира.ШолгIа патарма балийтира кIанта. КIант волчу агIор а герз туьйхира къуйша. Царна кIант ца гора.
-Къоладан баьхкинчарна хиира шайн некъ маьрша боций. Йуха гIойла дацара церан, цигахь кхара лазийна хехо вара. Тимара йуха а герз туьйхира уьш болчу агIор. Цхьаъ лазийна охьавуьйжира, важа шена тIаьхьа мохь бетташехь, накъост а витина , хьуьна йуккъе а вахана къайлавелира.
-Лаха чохь герзаш девлча, шен лазийна гIогI дIа а дихкина, лаха охьанехьа вогIучу Аьстамарна кIант дуьхьал кхийтира. Тимара хилларг ма-дарра дIадийцира.
Слайд
Фермехь герзаш дуьйлуш а хезна, йуьртара нах орцах кхечира. Герз кхетта зуламхо а, цуьнан накъост а схьалаьцна. Царна суд йира. Цигара цIа веача Аьстамара шен кIанте элира: «Беа когачу экханах кхеравеллехь а, шина кога тIехь йолчу шина барзах ца кхеравели хьо, Тимар. Къонах иштта хила веза.»
в кадре:
-Iамийнарг тIечIагIдеш хIокху хаттаршна жоьпаш кечде.
Слайд
I. Муьлш бу дийцаран коьрта турпалхой, муьлхачу хенахь дIабоьлху цу тIера хиламаш?
2. ХIун элира Аьстамара шен кIанте дешарх лаьцна?
3. ХIун ойланаш йора Тимара фермехь шен деца ша волчу хенахь?
4.Шен кIант майра вуйла хьажа хIун дира Аьстамара?
5.Ферме къуй баьхкича, Тимара муха гайтира ша?
6.Суьдера цIа веача, хIун элира Аьстамара шен кIанте?
Слайд (Нийса иштта хила тарло)
- Дийцаран коьрта турпалхой бу Аьстамар а, цуьнан кIант Тимар а. Иза тIом балале хьалхарчу шерашкахь хилла хиламаш бу.
- Нахана гIуллакхдан йиш а йолуш, хьан дешар хилахь, гIуллакх ду иза, ца хилахь, эзар шарахь дешахь а пайда бац, элира Аьстамара.
- Шегара цхьа хьуьнар даьлла, шен дас ша хасто лаьара кIантана.
- Кера топ а йелла, хьуьна йуккъе вахийтира Аьстамара шен кIант, цунна цIаьххьана дагадеанера шен кIант майра вуйла хьажа.
- Къуйх кхеравелла бIо ца къажош, царна дуьхьалвелира Тимар. Цо уьш совца а бира.
- «Беа когачу экханах кхеравеллехь а, шина кога тIехь йолчу шина барзах ца кхеравели хьо, Тимар. Къонаха иштта хила веза.»
4.Дешнаш тIехь болх :
слайд:
уьйтIе-двор
хехо- сторож
къуй- воры
чов-рана
цIаьххьана — неожиданно
в кадре:
— Кхоллараллин таронаш йаккхий йолуш вара Ахмадов Iумар. Цуьнан дийцарийн турпалхой догцIена, майра, тешаме, хиндолчун ойла йеш, хьанал къахьега лууш долу бераш ду. Цо тоьшалла до иза даима а лехаман новкъа вогIуш хиларан.
— Хьоме бераш, тахана вайна девзи Ахмадов Iумаран дахар , кхолларалла а. Дийцаре ди цуьнан «Къонахалла » цIе йолу дийцар.
-Девзи турпалхойн гIиллакхаш а , амалш а.
-Дахарехь хаза гIиллакхаш карладохуш , ирсе хуьлийла вайн кхане!
-Iодика йойла шун, марша Iойла!
2-гIа дакъа.
Хаарш -зер
(нийсаниг харжа)
I. Ахмадов Iумаран дуьххьарлера книга “Даггара доттагIий ” муьлхачу шарахь араяьлла?
а) I963 в) I962
б) I96I г) I964.
2. Нохчийн къам махках даьккхинчу хенахь, I944-I957-чуй шерашкахь, мичахь дешна цо ?
а) Фрунзехь пачхьалкхан университетехь
б) Алма-Атахь пачхьалкхан университетехь
в) Йуьтрабахаман техникумехь
г) Политехникумехь
3. Ахмадов Iумаран произведенийн цIераш билгалйаха произведенийн, сборникийн цIераш билгалйаха.
а) » Еха буьйсанаш», «Ненан дог», » Ирхеш», «Лаьмнашкахь ткъес», «Дарц».
б) «Чайра», «Иччархо Абухьаьжа Идрисов», «Алун шераш», «Асланбек Шарипов», «Веччалг», «Заманан некъаш».
в) «Даггара доттагIий», «Забаре дийцарш», «Тайна Малика», «Къонахалла » .
г) «Болат-гIала йожар», «Кавказан лаьмнашкахь», «Сема лергаш», «Къийсаман новкъахь», «Керлачу дахаре», » Тешаме доттагI».