5 класс
Урокан цIе : Сулаев Мохьмад «Ламанан хи»
Iалашо: Сулаев Мохьмадан дахаран а, кхоллараллин а некъах болу хаамаш кIаргбар; керланиг довзаран хьашто хилар. Даймахках, Iаламах йолу поэтан ойланаш йовзийтар.
Слайд (Сурт Сулаев М.)
в кадре: -Де дика хуьлда шун , хьоме бераш!
ХIокху урокехь вай дуьйцур ду Сулаев Мохьмадах лаьцна. Ткъа иштта толлур йу цуьнан «Ламанан хи » цIе йолу стихотворени.
Нохчийн ширачу йуьртахь ГIойтIахь, ахархочун доьзалехь вина Сулаев Мохьмад. Соьлжа –ГIалахь хьалхарчу классехь дешначул тIаьхьа Iалхан-Йуьртарчу берийн цIийнехь дийшира цо.
слайд: Бакох Азербайджанан лоьрийн институтехь доьшуш волуш йазйина цо шен дуьххьарлера стихотворени.
Тайп-тайпана йу Сулаев Мохьмадан кхоллараллин корматалла. Стихаш, дийцарш, повесташ ,романаш йазйина ца Iаш ,цо кхечу къаьмнийн тоьлла произведенеш нохчийн матте йаьхна , критически белхаш а йазбина. Амма коьртачу декъана иза лирик вара.
в кадре: Поэтан кхолараллехь йоккха меттиг дIалоцу винчу мехкан лаьмнийн, шовданийн хазалла , исбаьхьалла гайтаро. Шен махке болу безам поэто Iаламан суьрташца гойту. Ишттачех йу «Ламанан хи» цIе йолу стихотворени.
Оцу стихотворенин чулацамехь доккха маьIна долуш ойла йу: хIордах дIауьйш долу хи санна , даймахках , цуьнан Iаламах шен дог дIаийна лору поэто.
Ирс долуш ву иштта Даймехкан, халкъан дуьхьа шен ницкъ кхочу гIуллакхаш деш вехаш волу стаг!
ДIайеша стихотворении « Ламанан хи»
слайд: Букарчу тулгIешца керчадеш чхернаш,
ХIаваэ хьалакхуьйсуш жовхIарийн тхи,
Ша хIорде сихделла, хедадеш лаьмнаш,
Хаьхкина охьадогIу ламанан хи.
Готтачу, бехачу цу новкъа догIуш,
Хийлазза кхечу хих и деттало,
Хи хазахетарца шен маракъовлуш,
Ткъа къаьсташ – гIелделла и хетало.
Делахь а, тIаьххьар а шена хIорд карийча,
Дерриг а мел хилларш ша диц а дой,
И, сатуьй, соцу, ша хIордах дIаийча,
ХIорда чохь ша лехна ирс карадой.
Сан Даймохк! Сан ирс а, хаалда хьуна,
Сайн дог хьох дIаэрца карийра суна!
слайд: Iалам искусствон произведенешкахь , литературехь гайтарх пейзаж олу.
в кадре: Ламанан хи» стихотворени Iаламах , ламанан хих лаьцна йу. Ша вина мохк — ламанан хих тарбеш гайтина цо Цхьалха бац и мохк , кхечу мехкашца уьйр йу цуьнан .ХIордан маьIнехь байташкахь буьйцург вайн Даймохк бу.
Ламанан хи поэтически васташца, исбаьхьчу басаршца гайта хиъна поэтана: «Букарчу тулгIешца керчадеш чхернаш, хIаваэ хьалакхуьйсуш жовхIарийн тхи» … Авторо пайдаэцна эпитетах, метафорех. Схьакарайан хьовсий вай уьш текст тIехь.
Слайд
Эпитеташ: букарчу тулгIешца, жовхIарийн тхи, готтачу, бехачу цу новкъа .
Метафорш: тулгIешца чхернаш керчадеш, жовхIарийн тхи хIаваэ хьалакхуьйсуш, лаьмнаш хедадеш, хаьхкина охьадогIу, и сатуьй соцу…
в кадре: Стихотворенехь авторо шуьйра пайдаэцна олицетворенех.
слайд: Олицетворени-метафорин цхьа тайпа;исбаьхьаллин сурт хIоттош ,Iаламера муьлхха а хIума адаман хьесапе дерзийна , синхаамаш ,кхетам болуш санна гайтар.
в кадре: Поэто ламанан хи дийна долуш санна гайтина. Кхидолу хиш- уьш тайп-тайпана къаьмнаш ду вайн махкахь дехаш долу. Барт цхьаъ болуш , бертахь дехаш хиларо ницкъ ло къаьмнашна ,ткъа дIакъестаро гIелдо уьш
Слайд
Готтачу, бехачу цу новкъа догIуш,
Хийлазза кхечу хих и деттало,
Хи хазахетарца шен маракъовлуш,(олицетворени)
Ткъа къаьсташ – гIелделла и хетало.
в кадре: Амма йерриге халонаш йицлой ,самукъадолий соцу иза ша хIордах дIаийча.
Слайд
Делахь а, тIаьххьар а шена хIорд карийча,
Дерриг а мел хилларш ша диц а дой,
И, сатуьй, соцу, ша хIордах дIаийча,
ХIордачохь ша лехна ирс карадой.
в кадре: ХIара стихотворени Iаламан исбаьхьалла йийцина ца Iа.Цо ойла йойту дахарх,стаг стенан дуьхьа ,хIунда веха бохучу кхетамах.
Стихотворенин тIаьххьарчу могIанашкахь къегина гучудолу вайна цуьнан коьрта маьIна а .
Слайд
«Сан Даймохк! Сан ирс а, хаалда хьуна ,
Сайн дог хьох дIаэрца карийра суна!»
в кадре: Ша вина мохк дукхабеза поэтана , шен ирс цунах ша дIаийна хилча бен ,хир доций хоуьйту цо.!
Иштта говза Даймахке шен болу безам гайта хиъна поэтана
-Хьоме бераш, тахана вайна девзи Сулаев Мохьмадан дахар а , кхолларалла а. Йийцаре йи цуьнан Iаламах лаьцна «Ламанан хи» стихотворенин исбаьхьаллин башхаллаш.
Iодика йойла шун, марша Iойла!
Пайда эцна литература:
I. Нохчийн литература .5 класс.С.Э.Эдилов.-Соьлжа-гIала ,АО «ИПК « Грозненский рабочий» , 20I8
ЦIахь бан болх.
I. Дагахь Iамае стихотворении.
2. Муха хIоттийна поэта хин васт?
3. «Сан Даймохк «цIе йолчу темина суьрташ дахка.
2-гIа дакъа.
Хаарш –зер (тренажер)
Нийсаниг харжа
I.Сулаев Мохьмад маца вина ?
а) I930 ш. б) I920ш.
в)I9I0ш. г) I903ш.
2.Сулаев Мохьмада дешна:
А) лоьрийн институтехь ; б) хьехархойн институтехь ;
в) финансови техникумехь; г) йуьртабахаман техникумехь?
3) Сулаев Мохьмадан поэтически говзалла лакхайаккхарехь дакъалецира:
а) Сатуев Хь. б) Ошаев Х.
аь) Бадуев С. в) Гадаев М.-Сь.
4) «Ламанан хи» стихотворении йу:
А) безамах лаьцна; б) Iаламах лаьцна ;
в) Даймахках лаьцна; г) тIамах лаьцна.
5) «Ламанан хи» стихотворении тIехь поэтана ша ирсе хета:
а) хIорд карийча ; б) шен дог Даймахках дIаийча
в) лаьмнаш гича ; в) Даймахках къаьстича
Урок хIоттийнарг : Абуева Таиса Ильмадиевна, Соьлжа-гIаларчу
№56 йолчу йуккъерачу ишколан нохчийн меттан а , литературин а хьехархо.