5 класс Урок№14 Мамакаев М.«Баппа».

Садулаева Айза Амсадовна     5 класс

Урокан цIе: Мамакаев М.«Баппа».

в кадре -Де дика хуьлда шун!

-Вай дIахьур йу вешан рогIера урок.  Тахана вай дуьйцур ду Мамакаев Мохьмадан дахарх а, кхоллараллех а лаьцна. Иштта, шуна довзуьйтур  ду «Баппа» цIе йолу цуьнан дийцар.

Слайд

МАКАЕВ IАМИН МОХЬМАД (I9I0 – I973)

                                                    Даймехкан декхаро гIаттийна вогIу со…

-Нохчийн литературехь йоккха меттиг дIалоцу гIараваьллачу йаздархочо Мамакаев Мохьмада.

-Иза вина ТIехьа-Марта цIе йолчу йуьртахь, ахархочун доьзалехь. Шен ворхI шо кхаьчначу хенахь дуьйна да-нана доцуш висина иза. Йаздархочун бераллин шераш дIадоьлху Асланбековски берийн цIийнахь а, Соьлжа – ГIалахь а.

-I926-чу шарахь дуьйна исбаьххьаллин литература кхиорехь къахьоьгуш схьавеана иза. Цунна дика хаьара шен халкъан иллеш, дийцарш, туьйранаш, гIиллакхаш. Ткъе итт сов  книга йазйина цо.

в кадре — Мамакаев Мохьмад халкъан илланча вара. Цо мел йаздийриг шен халкъан бакъо чIагIйеш, цуьнан оьздангалла, къонахалла, комаьршалла  гойтуш дара. Йаздархочо уггар а лакхара дарж лорура ша къоман поэт хилар. Уггар доккха ирс лору цо адам шен Даймахкаца хилар, цунна гIуллакх дар.

-ХIокху урокехь шуна довзуьйтур ду «Баппа» цIе йолу дийцар.

Слайд                                                                                                                             

Баппа – моллин куй (одуванчик)

ГIап – тIеман чIагIонна йина гIишло (крепость)

Олалла —  власть

в кадре — Мамакаев Мохьмада шен дийцар тIехь йуьйцург мацахлера шира зама ю. Адам ламанца хала деха хан йу иза. Къеначу хьехархочо шен некъахочунна довзуьйту и дийцар.

слайд: -Дийцаран коьрта турпалхо ширачу МIайстара хьалдолу стаг Узарха ву. Иза оьзда а, хьекъал долуш а, нийсо йезаш а хиларна, нахана дукхавезаш  хилла. Ханна жима велахь а, цуьнан лааме ладоьгIна бен, сацам тIеоьцуш ца хилла баккхийчара.

-Зуда йало хан кхаьчча, уггар хаза, куц долу дикачу ден Пхьежин йоI Зулай йалийна, шина кIирнаха той латтийна, дIадерзийна махко ловзар.

-ЧIогIа хьалдолуш, ницкъболуш хилира Узарха. Амма дукха хан йалале шех болу тешам байъира цо. Ша-шех дозалла деш, вевзар воцуш, хийцавеллера иза. Хьалдерг бен чу а ца кхойкхуш, гIийла-мискачуьнгара салам схьа а ца оьцуш, сонтавелира иза. Нехан цунах чам белира.

в кадре -Шега хаалуш болу мIайстхойн цабезам лан хала дара хьоло вукъвинчу Узархина. Цундела и маьрша нах шен оллали кIел берзо сацам бо цо.

-Цхьана дийнахь Бартхуьлучу лам тIе нах схьа а гулбой, лакхарчу кхелан сацам дIабовзуьйту къеначу Пхьежас:

Слайд

-МIайстхой, ладогIал соьга,-аьлла волавелла и. Шуна массарна ма-хаъара, бажа цхьа Iу воцуш магац. Iу воцу бажа, баьржий буьсий, берзалоший, къуйший хIаллакбо. Ткъа адам маггане мегар дац цхьа Iу ца хилча, Iу воцу халкъ, вовшийн дууш, вовшашца ца тарлуш, хIаллакьхуьлу. Цундела лакхарчу тхьамдийн кхелехь сацам а бина, вайн хьоме, хьекъале Узарха мIайстхойн эла харжар магийна оха. Реза дуй шу, нах, цу сацамна?-хаьттира Пхьежас.

Коша чуьрачул башха, цхьа а вист ца хуьлуш, Iадда сецна адам.

Йуха хаттар дина Пхьежас. Цхьа а дегI дист ца хилла тIаккха а. ТIаккха Узарха ша ваьлла нахана хьалха.

-Тхан сийлахь Пхьежа,-йамарта къежаш, къамел долийна цо,-нагахь кху нахах цхьаъ ахьа бохучунна реза вацахьара, и ша гучувер вара. Гой хьуна, кху наха хIумма а ца боху, ткъа хIорш бистцахилар, вайн дайша ма-аллара, резаболу маьIна ду хьуна.

в кадре: -Адам реза дац цара бинчу сацамна, делахь а хIинца а дуьхьалдала кийча дац иза. Церан дуьхьало бистцахиларал тIех ца йолу.

-Церан резабацар дукхадийцарца дах а ца деш, боццачу шина аламца довзуьйту вайна йаздархочо: «Коша чуьрачул башха, цхьа а вист ца хуьлуш, Iадда сецна адам», «Нах, вовшашка а хьоьжуш, шайн-шайн чохь цхьацца велча санна, цIа бахна». Кхин да вон дац адаме. Оццул хала тIеэцна  халкъо тхьамданаша йина кхел.

-ХIетахь дуьйна шена хетарг деш, сутара, къиза куьйгаш кхийдош мIайстхойн долахь мел дерг шена схьа а дерзийна, эла хилла охьахиъна Узарха.

-Оццул дукха даьхни шен доллушехь, и кIезиг хеташ, сутаралло бIарзвинчу Узархас цхьана къечу стагера тIаьххьара вир а дIадаьккхина хиллера. Собар кхачийна адам эххар а гIаьттина.

-Дан амал доцуш, къизачу элана дуьхьал гIаьттина адам йаздархочо дистинчу хица дусту.

Слайд

ГIовгIанца иккхина эвла, дистина хи санна, айъалуш гIаьттина.

-Тоьур ду вай диттина са! Кхин дан амал дац. ГIовтта! Говтта! – аьлла, цхьа къона Элса хьалхаваьлла, боху нахана.

Ламанца даьлла шийла дарц санна, хьаьлхина оцу къизачу Узархин гIопана го бина цара. ГIап йохош, такхийна чуьра ара а ваьккхина, озийна ши дакъа дина, боху, мIайстхоша «шайн» элах.

-Дукха догIанаш а ихна, дистина хи кхераме ду, цо шена дуьхьал мел кхетта хIума, такхайой, йадайой, дIахьо. Иштта гуллуш, вовшахкхетта адам ницкъболуш ду, и дистина догIу хи санна, шена новкъарло йеш дерг хIаллакдина дIадаккха.

-Ламанца даьлла дарц а ду иштта кхераме, къиза. Оцу дорцан хьесапехь гIаьттинчу халкъо вохийна дIаваьккхина шайн Эла хила гIоьртина Узарха.

-ХIетахь дуьйна Эла а ца хилла йа хила цхьа а ца гIоьртина МIайстахь.

в кадре: -Вайн халкъан кица ду, «вуьзча, стаг сонтаволу» олуш. И дац, хIума а йиъна, вуьзна стаг Iовдал хуьлу бохург. И ду хьолана вукъвелла стаг нахаца болчу безамах, цаьрца долчу гIиллакхах вуху бохург.

-Иштта, хьал совдаларо шен нийсонах, гIиллакхах, хьекъалх талхийна «Баппа» дийцар тIера Узарха. Халкъана ницкъбеш, цуьнгахь гIело латтош, гулбина бахам, даьккхина дарж, говро хьоршам тоьхча а духий дIадолучу зезагал, баппал, тешаме а, тIаьхьало йолуш а дац бохург ду хIокху дийцаран коьрта маьIна.

-ХIинца тIедахкарш кхочушдийр ду вай:

Слайд

-I.Узарха Эла харжа бинчу сацамна халкъ резацахилар муха довзуьйту вайна йаздархочо?

2.Къизачу Элана дуьхьал гIаьттина адам стенца дусту йаздархочо?

Слайд (хила мега жоп)

I.«Коша чуьрачул башха, цхьа а вист ца хуьлуш, Iадда сецна адам».

«Нах, вовшашка а хьоьжуш, шайн-шайн чохь цхьацца велча санна, цIа бахна»

2.«ГIовгIанца иккхина эвла дистина деана хи санна, айалуш гIаьттина».

«Ламанца даьлла шийла дарц санна, хьаьлхина оцу къизачу Узархин гIопана го».

в кадре — Кхин цхьа а маьIна а ду хIокху дийцаран. Хьал долчу нехан къен – мискачарна, уьш цхьацца а бохуш, ницкъ бан аьтто хилахь а, дерриг халкъ (церан барт белахь) дохо а, кхачо а ницкъ бац.

-Цхьа баппа зезаг дохийча, цуьнан хIу махо дIаса а хьой, цхьанна метта маситта зезаг кхуьу. Иштта тIаьххьара дерриг а халкъ гIотту.  

— Хьоме дешархой , шайна дика динчу нахана шегара дика гайта деза аьлла, хетий шуна? Ткъа и ца дича хуьлуш дерг а вайна кху дийцаро гайти.

— Теша лаьа, шу дегнашкахь ишттачу нахе цабезам кхоллабелла хиларх.

— Вовшашца а, гонахарчу Iаламца а къинхетаме хилар тIедиллина вайна, Дала.

— Дала Шен къинхетам бойла вайх!

-Iодика йойла шун, марша Iойла!

2-гIа дакъа

Хаарш-зер (тренажер)

Нийсаниг харжа:

I. Мамакаев Мохьмадан дахаран шераш:

I) I925 – I987;

2) I930 — I988;

3) I9I8 – I958;

4) I9I0 – I973.  

2.  Мичахь дIадахна йаздархочун бераллин шераш:

I) Соьлжа-ГIалахь;

2) Мескитахь;

3) Лаха-Неврехь;

4) Олхазар-КIотарахь.

3.«ЦIаьхьанчу орцано сихонца айвина,

   Кхочучу ницкъаца накъостал дан лиъна,

   Даймехкан декхаро гIаттийна вогIу со.

   Шен дикчу кIенташка дIаала боху цо …»

               ХIокху могIанийн автор ву:

  1. Саидов Билал;
  2. Мамакаев Мохьмад;
  3. Сулейманов Ахьмад;
  4. Мамакаев Iарби.

4. Маса книга йазъйина Мамакаев Мохьмада :

I) иттанал сов;

2) ткъе иттанал сов;

3) бархI;

4) кхоъ.

5.  ХIун маьIна ду «Вуьзча, стаг сонтаволу» бохучу халкъан кицан:

I) хIума а йиъна, вуьзна стаг Iовдал хуьлу бохург;

2) мацвелла бохург;

3) хьолана вукъвелла стаг нахаца болчу безамах, гIиллакхах вуху бохург ;

4) тешаме вац бохург.

Close
Яндекс.Метрика