Нохчийн литература 5класс (Эльдербиева М.А.)
Урокан ц1е: Бадуев С. «Зайнди» дийцар.
В кадре— Де дика хуьлда шун!
— Тахана вай д1ахьур йу вешан рог1ера урок!
— Х1окху урокехь вай дуьйцур ду Бадуев Саь1идан дахарх а, кхоллараллах а лаьцна. Довзуьйтур ду цуьнан «Зайнди» ц1е йолу дийцар.
Слайд
(1903-1938)
слайд: (картинки поэта)
-Поэт, прозаик, драматург, нохчийн литературан бухбиллархо Бадуев Саь1ид вина 1903- чу шеран хьаьттан беттан 28-чу дийнахь, Соьлжа- Г1алахь, совдегархочун доьзалехь.
-Соьлжа- Г1аларчу реальни училище деша д1авелира иза Дас. Цуьнан Да ц1аьххьана кхелхира, Саь1идан дешар йукъахделира. Цул т1аьхьа Буру-Г1алахь кооперативни курсаш чекхйехира цо.
В кадре: -Бадуевс берашна йаздина «Зайнди» ц1е йолу дийцар. Цуьнан турпалхой догдика, къинхетаме, шайца адамалла йолуш бу. Цара лов къоьлла, хало, мацалла а.
-Бадуевна лууш хилла, йоза- дешар хаарехь т1аьхьадисна вайн халкъ сихха иза 1аморна т1едоьрзийла.
-Цундела делахь а, дийцаран коьрта турпалхо Зайнди а ву йоза-дешар 1амо луучарех.
Слайд
Зайндин ворх1 шо дузуш цуьнан нана Бикату йелира. Цхьаъ бен воцуш цуьнан нанас хьоме лелош вара Зайнди. Дикка хан йаьккхира нана кхелхича Зайндис воьлхуш.
Бикату йелла уьссалг1а бутт бузуш Зайндин Дас, Бисолтас зуда йалийра. Шина-кхаа баттахь дестечо к1еззиг г1иллакхаш леладира к1антаца. Шеца Аруха дика хир йу моьттуш, цунна дан г1уллакхаш ца кхочуьйтуш, дерриге бохург санна ша дора Зайндис. Арухина ша вина воцу Зайнди, дика г1уллакхаш деш, эсала велахь а, соввала волавелира.
-Дестечо цхьа бахьана доцуш йеттара Зайндина. Дийнахь сарралц йаъах1ума ца луш меттиг йог1ура. Арухас маьхьарца Зайндина дов деш цхьана дийнахь Бисолта веана ц1а кхечира, амма вист д1а-м ца хилира.
В кадре: -Йуьртахь йиллина йоккха ишкол йара. Зайндис ч1ог1а сатеснера школе ваха а, цигахь деша а. Цуьнан накъосташа Аруха ц1ера йаьлча и волчу бог1ий, цуьнца элпаш 1амош, киншкаш йоьшуш 1ара. Дешархоша шозза-кхузза совг1атна йелла киншкаш ц1ерга теснера Арухас. Шен киншкаш йагийначу дийнахь сарралц воьлхуш лийлира Зайнди.
-Нана кхелхича Зайндин дахар хийцаделира, холчу хьоле делира. Арухина къа ца хетара нана а йелла висинчу Зайндех. Иза к1антаца къиза а, дера а йара.
слайд: — Цхьана дийнахь ша базара йахале дуккха г1уллакхаш дехкира Арухас Зайндина т1е (к1а малхехь дакъадар; куьйр лийсар; кертара ара а ца долуьйтуш, эса 1алашдар; жарж тосуш, котам-к1орнеш 1алашдар а.)
-Амма доьхна деара и де. Г1ирг1ано д1адаьхьира шийтта к1орни, куьйра чуьра т1о охьа1енира.
Слайд
Зайндин ч1ог1а йишйуьйхира. Иза, шен коьртах ка а детташ:
-Вай, аса х1ун дан деза х1инца? – бохуш, шийлачу маьхьаьрца велха х1оьттира.
В кадре: -Г1уллакх эрчадаьллийла хууш, гуттар карзахволуш, воьлхура Зайнди. Делкъалт1аьхье хилира. Кертахула дежаш лелачу эсана бута а йоьлла, иза керт мел йу ида доладелира. Эххар, з1ара т1ехула а иккхина эвлайистехьа д1ахьаьдира эса а.
-Х1инца кертахь 1ен ваьхьаш вацара к1ант. Иза шена буьйса йаккха меттиг лаха эвлайистехьа д1ахьаьдира. Эвлайистехула охьадог1учу цхьана хин йистехь мангал хьаькхначохь дина литтанаш карийра цунна. Дукха вилхина, йиш а хаьлла, мацалла вала воллу Зайнди, цхьана литта йуккъе а воьлла, охьавижира.
слайд: -Арухас мохь хьоькхуш дов дора к1антана. Шена х1уьттаренна дина аьлла хеташ, йоккха г1аж буйна а лаьцна и лаха йахара, амма к1ант кара ца вира цунна.
-Арухан, Бисолтин лер-алар хилира. Арухас к1антана йетта йеза бохура Бисолте, амма Бисолта к1ант ц1а варе сатуьйсуш вара, йетта дагахь муххале а вацара.
-«Берат1орзанна т1е и совнаха г1уллакхаш ца дохкуш, хьайн г1уллакх айхьа динехь, х1умма а хир дацара»,- элира цо Арухе. Х1ара шиъ, суьйре йинчул т1аьхьа, д1адижира. И шиъ башха Зайнди лаха сингаттам болуш а дацара.
Слайд:
1уьйранна сатоссучу хенахь, эвлайистерчу шайн алах цхьа литта дан вахара Дадал. Дадал Зайндин доттаг1чун 1алболатан да вара. Цунна ша литта т1екхаьчча, йуккъехь, гулвелла хьаьрчина, вижина 1уьллуш Зайнди карийра.
Зайнди вижина 1уьллучуьра самаваккха къа а хетта, меллаша алаца локхарнаюккъе а хьарчийна, ги воьллира Дадала.
В кадре: -Самаваьлла Зайнди велха х1оьттира. Цо дийцира, шен хилла бохам, шен ц1а ваха меттиг цахилар а.
-Дадала шайга вигира Зайнди. 1алболат хиллера селхана дуьйна шен доттаг1 Зайнди лоьхуш.
Слайд:
Арухех ц1а ваха ца ваьхьаш, Зайнди Дадалг1аьргахь шен доттаг1чуьнца 1алболатца 1аш к1ира делира. Цхьана дийнахь 1алболатца, киншка а йоьшуш дитта к1ел хиъна 1аш, Зайндис элира:
-1алболат, со хьо д1авоьдуш хьоьца Михайловске деша вог1ур ву-кх, -аьлла.
-Ваг1ахь дера ву аса хьо д1а а оьцуьйтур, вайша ший а цхьаьна доьшуш а 1ийр ву. Т1аккха вайша цу дешаре, хазанеха санна, йорт а кхоьхьуьйтур йу хьуна! – аьлла, ч1ог1а резахилира 1алболат.
В кадре: -Бисолта кхин к1ант лаха ара ца велира, цунна хаьара иза Дадалг1аьргахь вуйла. Амма ца хаьара и 1алболатца деша ваха г1ерташ вуйла.
-Кхо бутт белира ши к1ант Михайловскехь доьшуш волуш. Бисолтг1арна хиънера, Зайнди 1алболатца деша вахнийла.
-Боьалг1ачу баттахь Бисолтг1аьрга кехат кхечира Зайндигара. Лулара стаг валийна и кехат дешийтира Бисолтас.
-Зайндис, маршалла хаьттинчул т1аьхьа, йаздора ша дика доьшуш хилар а, ша кхин Арухина хьалха хьийзар цахилар а. Ша советан 1едало дика лелош хилар а билгалдаьккхира Зайндис.
-«Советан школо духучунна а, дуучунна а дика кхобуш, к1айчу меттахь вижош, дешар, йозий дика 1амош, кхиаво со», -йаздора цо.
Слайд:
Ишколехь т1ехдика доьшуш, хьехархошна а, дешархошна а дукхавезаш, дика дешархо хилира Зайндих. Ишколан куьйгалхоша, дика дешархо ву аьлла, цхьана шарахь кхузза совг1ат делира Зайндина. Зайнди дика дешархо хилар а, иза стогалла а йолуш кхуьуш хилар а, цунна совг1аташ далар а хиира Бисолтиний, Арухиний. «Ленинан некъ» газета т1ехь, шозза-кхузза бохург санна хестош вуьйцуш вара Зайнди. Цу газето къаьсттина ч1ог1а тешам бира Бисолтиний, Арухиний шаьшшинна йуьртахь Зайндих лаьцна дуьйцу хабарш бакъдуйла хаа.
в кадре: -Аруха дохкойолу ша Зайндица вон хиларна, х1инца цунна а вара и хьашт. Ц1авар доьхуш кехат дохьуьйту цо Зайндига.
-Шега Арухера кехат кхаьчна, дукха ойланаш йира Зайндис, цо дуьхьал жоп йаздира:
Слайд:
«Ва, Аруха! Со тохарлера, хьуна новкъахетта Зайнди вац, соьга ц1а вола ма боху ахьа? Ма ч1ог1а совваьлла, йетташ, г1ело хьегийтира ахьа соьга! Делахь а, х1умма а дац, ца къуьйсур аса хьоьца! Ахьа соьца лелийна вон амалш аса хьоьца а лелийча, хьуна санна, вон г1иллакхаш 1емар дар-кха суна а. Ц1а бохий ахьа?
Вог1ур ву дера, айса аьхкенан ц1ахь боккху болу кхо бутт чекхбалале хьуний, Бисолтиний йоза-дешар 1амо-м».
В кадре: -Коьрта турпалхо Зайнди, шена хьалха нисйеллачу халонех чекх а волий, ша хаьржинчу дахаран новкъа х1оттарца чекхдолу дийцар. Зайндих, дешар а дешна, адамашна пайде стаг хирг хиларх тешам кхоллало вайн дегнашкахь, и дийцар дешча.
— Оцу 1адаташа адамашна керла дахар д1ахотто новкъарло йар, цу хьолехь къийсам латтабар коьрта 1алашо хилла Бадуевн. Шен исбаьхьчу дийцаршца адамийн кхетам серла а боккхуш, уьш керлачу дахаран новкъа х1итто г1ерташ, доккха г1уллакх дина Саь1ида.
-Хьоме бераш, тахана вайна девзи Бадуев Саь1идан дахар а, кхолларалла а. Дийцаре ди цуьнан дийцар «Зайнди».
-1одика йойла! Марша 1ойла!
2-г1а дакъа.
Хаарш –зер
(нийсаниг харжа)
1. Муьлхачу шерашкахь ваьхна Са1ид Бадуев ?
а) 1910-1937
б) 1918-1958
в) 1903-1938
г) 1920-1992
2. Мичахь вина Бадуев С.?
а) Т1ехьа-Мартана т1ехь
б) Соьлжа-Г1алахь
в) Сибрехахь
г) Семипалатинскехь
3. Мила ву «Зайнди» дийцаран коьрта турпахо?
а) Зайнди
б) Асмаъ
в) Хьасан
г) Зеламха
4. Мила ву нохчийн литературин бухбиллархо?
а) Бадуев С.
б) Амаев В.-Хь.
в) Сатуев Хь.
г) Бексултанов М.
5. Муьлха произведенеш йазйина Бадуев С.?
а) «Баппа»
б) «Садаьржаш»
в ) «Зайнди»
г ) «Ламанан хи».