1 класс УРОК №50 БУКВА Щ

Нохчийн меттан интернет — урок.

Мукъаза доккха а, жима а элп Щ щ

Урок №50

— Де дика хуьлда шун, хьоме дешархой! Дала беркате дойла таханлера вайн

цхьаьнакхетар.

— Вайна тахана девзар ду зорбанан а, йозанан а жима а, доккха а элп Щщ.

— Iамор ду элп Щщ юкъадогIу дешнаш а, предложенеш а еша а, язъян а.

— Дешнаш дIадеший ала муьлха дош ду совнаха.

Слайд:

Шаптал, шай, школа, шиша, шарф, щётка.

— Щётка дош совнаха ду.

— ХIунда ду и дош совнаха?

— Вукху дешнашна юьххьехь ду аз (Ш), ткъа ЩЁТКА дашна юьххьехь ду аз (Щ).

Слайд:

Картинки по запросу щетка картинка

-Бераш, хIокху суьрта тIехь хIун го вайна? (Щетка).

Слайд:

Картинки по запросу картинка плащ детский

— ХIокху суьрта тIехь хIун го вайна? (плащ)

— [Щ] аз ду щетка, плащ, борщ дешнашкахь.

— ХIун башхаллаш ю оцу дешнийн алалур дарий вайга?

— Уьш оьрсийн дешнаш ду. Аз [Щ] оьрсийн маттера тIеэцначу дешнашкахь бен ца лела.

— Ала Щ-щ-щ

— Бераш, и аз олучу хенахь пехашкара арадолучу хIаваана новкъарло йо цергаша а, матто а. Цундела, и аз мукъаза ду. Къора а ду.

ЩЕТКА — дешан ши дешдакъа ду

— хьалхара дешдакъа? (ЩЕТ).

— ШолгIаниг? (КА).

Плащ, борщ дешнашкахь щ элп чаккхенгахь лаьтта. Оцу дешнашкахь цхьа дешдакъа ду.

Щ — хIара зорбанан доккха элпду ,

щ — хIара зорбанан жима элп ду. И ши элп цхьатера ду. Вовшех къаьста шайн барамца: лекха, лоха хиларца.

— Щ элп юкъахь долуш, дешдакъош доьшур ду вай:

Ща що щу щи ще

— Вай хIинца Щ элп яздан Iемар ду.

Слайд:

— Шайн тептарш тIехь, сих ца луш, жима а, доккха а элпаш дахка.

ХIинца вай яздийр ду щ элпаца долу дешдакъош:

Ща що щу щи ще

— Ткъа хIинца, бераш, аша гайта дезар ду, шаьш муха кхетта кху уроках. Дешнаш лерина дIадеший, схьаязде щ юкъахь долу дешнаш.

Слайд:

Дош, шаршу, борщ, шекар, плащ, шовда, бад, чIуг, дог, чIу, щетка, некъ, чIегIардиг.

Нийса жоп иштта хир ду

Слайд:

Борщ, плащ, щетка

-Ткъа хIинца предложенеш дIа а язйина, щ юкъахь долчу дашна кIел сиз хьокхур ду вай

Саба, щетка, цергийн паста!

Царах цкъа а хьо мf къаста!

Ахьа и гIиллакх лардахь, хьан

Хир ю цергаш, юьхь а кIайн.

(Яшуркаев С.)

Хьокху урокехь вайна девзи мукъаза аз а, элп а Щ щ, иштта Iеми жима а, доккха а Щщ элп яздан.

Кху тIехь вайн урок чекхйолу.

Iодика йойла! Марша Iойла шу!

Пайдаэцна литература:

I Э.Х. Солтаханов. И. Э. Солтаханов. Абат I класс. Соьлжа-гIала АО «ИПК» Грозненский рабочий» — 2016 ш.

2 С.Э. Эдилов. «Ловзуш, Iема» (Юьхьанцарчу классийн хьехархошна методически пособи) ГУП «Книжное издательство», — 2007 ш.

Close
Яндекс.Метрика