1 класс УРОК №43 БУКВА ЮЬ

1 класс 

Урок №43

Мукъа аз а, элп а Юь юь довзийтар а, яздар а.

— Де дика хуьлда шун, хьоме дешархой!

— Лакхарчу урокашкахь вай дуккха а элпаш а, аьзнаш а Iамийна.

Тахана вай кхин а тIедузур ду вешан хаарш.

Слайд:

Писус сарахь когаш буьлу,

Ткъа аса, воьдий, сайн юьхь…

— Муьлха дош догIу тIадамийн меттана?

 (Юьлу)

— Муьлха элп Iамор ду вай тахана, аьлла хета шуна?

— Тахана вай Iамор ду

Слайд:

МогIанан доккха — Юь

Жима элп — юь

Слайд:

— Суьрта тIехь вайна гуш ю юьхк.

— Юьхк боху дош цхьана дешдекъах лаьтта

— Юьхк — дешан хьалхара элп юь ду.

Слайд:

Юь — шалха элп ду.

— И элп яздеш вай пайдаэцна шина хьаьрках.

Слайд:

ю+ь

Дагалаца, бераш, юь элп хьалха долу дешнаш.

— Гергарчу хьесапехь жоп иштта хир ду:

Слайд:

Юьззина, юьртахь, юьйхина, юьзна.

— Вай хIинца юь элп яздан Iемар ду.

Слайд: (анимацица хьехархочо юь яздар хьоьху)

— ХIинца вай яздийр ду юь — элп юкъахь долу дешнаш .

Слайд:

Юьхь, юьхк, юьхьиг, юьртан, юьззина.

Слайд:

Элп юь хь, х, хь, р, з, элпашна хьалха яздина ду.

— ХIинца дешнаш дIаязде вай.

Слайд:

Юьхь, юьхк, юьхьиг, юьззина.

— ХIара дешнаш дешдакъошка декъа

— Юьхь — дешан цхьа дешдакъа ду

— Юьхк — дешан цхьа дешдакъа ду

— Юьхьиг — дешан ши дешдакъа ду

Юьззина — дешан кхо дешдакъа ду

— Iамийнарг тIечIагIдеш предложенеш язйийр ю вай.

Слайд:

Юьртахь хаза ду. 

Воккхачу стагаца гIиллакх лаьцна, юьстах ваьлла лаьтта кIант.

— Хьалхарчу предложенехь кхо дош ду.

Слайд: Юьртахь, хаза ду

Муьлхачу дашехь ду вай тахана Iамийна элп?

— Юь – элпо маса аз билгалдо?

— Вай тахана Iамий юь элп а, аз а. Хии дешнашкахь а, предложенешкахь а аз юь лаха а, къасто а.

Таханлера урок цу тIехь ерзор ю вай.

Iодика йойла шун!

Пайдаэцна литература

I.   Солтаханов Э.Х., Солтаханов И.Э  Абат I класс Соьлжа-гIала АО «ИПК «Грозненский рабочий» — 20I6

2.   Т.Ш. Мудаева «Нохчийн мотт 2 класс ГIоьнча Грозный ФГУП «ИПК «Грозненский рабочий» 20I2ш.

3.  В.А. Янгульбаев, С.В. Янгульбаева 4 класс нохчийн мотт хьехар.

4. Эдилов «Самукъане грамматика» 5-II классашна. Соьлжа-гIала 20I2ш. Гакаева Л.Л СОШ№39

Close
Яндекс.Метрика