Урок №40
Урокан цIе: Мукъаза аз а, элпа ХI хIд овзийтар, яздар
Де дика хуьлдашун, хьомебераш! Юха а дIахьур ювай — вешан рогIера нохчийн меттан урок. Луур дар-кхадешар тIехь шун хаарш алсам хуьлийла!
— цхьаьнга кхойкхуш хIун олу вай? («ХIе—хIей»)
Слайд:
— ХIетал-метал хаийла шуна:
— Цхьана черми чохь шина басахь хи? (хIоа)
Слайд:
ХIара хIун хьоза ду?Ткъа хIара девзий шуна?
Слайд:
ХIара хIуттут ю. ХIур-села
Слайд:
ХIуттут, хIур-села, хIоа
— Оцу дешнийн юьххьехь ду аз [хI]
— Вайна тахана девзар ду аз а, элп а ХIхI. Хуур ду элп хI юкъахь дешнаш деша а.
Слайд:
Муха кхоллало «хI» элп?
Х+I=ХI
— Ххьаьркана тIе I хьаьрк тоьхча кхоллало элп ХI.
— ХI элп шина хьаьрках лаьтташ ду.
— Бераш, ХI шина хьаьрках кхолладелла хилча и муьлха элп хуьлу?
Слайд:
ХI шалха элп ду.
— ХI элп мукъа элп ду я мукъаза элп ду?
Яккха цуьнан цIе. «хI-хI-хI»
Муха алало цуьнан аз паргIат я хала?
Дуста: Ала аз [ХI], хIинца аз [А].
Слайд:
[А] аз вайга паргIат алало, цундела и мукъа ду. Ткъа аз [ХI] олучу хенахь багахь хIаваана новкъарло хуьлу, цундела [ХI] мукъаза аз ду.
— ХIинца зорбанан доккха а, жима а элп девзар ду вайна.
Слайд:
ХI — хIара зорбанандоккха ХI ду;
хI — хIара жима зорбанан хI ду.
хI — элп юкъахь долуш, дешдакъош доьшур ду вай:
Слайд:
хIа хIо хIу хIи хIе
ахI охI ухI ихI ехI
-Бераш, шуна девзий хI элп юкъахь долу дешнаш? Даладе уьш.
Слайд:
хIуо хIоз хIоа боз | хIут-тут хIа-ра хIорд хIу-сам | хIа-ваъ жарж хьа-нал жIур-гон |
-ХIинца вай йозанан элпаш яздан Iамор ду.
КI – хIара йозанан доккха элп ду;
кI — хIара могIанан элп ду.
— Цкъа хьалха вай яздан Iамор ду могIанан элп хI.
Слайд: (анимацица гойту могIанан элп хI дилларан кеп)
МогIанан элп хI муха дуьллу а хьовсуш, тIаьххье хIаваэхь яздеэлп.
— Юха кепе хьовсуш, тетрадаш тIе яздийр ду вай могIанан элп хI.
хIхIхIхIхI…
ХI—элп доккхаа, жима а хуьлу.
— Доккха элп вай яздо предложени йолош а, долахь цIерашкахь а.
— ХIинца вай Iамор ду йозанан доккха ХI яздан.
Слайд: (анимацица гойту йозанан доккха элп ХI яздаран кеп)
Йозанан доккха элп ХI муха дуьллу а хьовсуш, тIаьххье хIаваэхь язде и элп.
— Юха кепе хьовсуш, тетрадаш тIе яздийрду вай йозанан доккха элп ХI.
ХIХIХIХI—-
— Хьовса, бераш, хIун башхалла ю хIокху шина элпана юкъахь?
— И ши элп вовшехкъаьста барамца: доккха а, жима а хиларца.
ДIаяздийр ду вай элп хI юкъахь долуш дешдакъош.
Слайд: (анимацица гайта дешдакъош йозанехь яздар).
хIа хIо хIу хIи хIе
ахI охI ухI ихI ехI
— Бераш, шуна девзий хI элп юкъахь долу дешнаш?
ДIаяздийр ду вай уьш.
Слайд:
ХIуо, хIоа, хIоз, боз, хIорд, хIусам, хIара, хIургон
-ДIадоьшур ду вай ваьш далийна дешнаш.
Схьаяздийр ду цхьана дешдекъах лаьтташ долу дешнаш:
Слайд: (нийса иштта хир ду)
ХIуо, хIоз, боз, хIорд.
Шина дешдекъах лаьтташ долу дешнаш схьаяздийр ду вай:
Слайд: (нийса иштта хир ду.
хIо-а, хIу-сам, хIа-ра, хIур-гон
Слайд:
— Бераш, шу хиллий хIорда тIехь?
Iамийнарг тIечIагIдеш, хIордах лаьцна 3 предложени язйийр ю вай.
Слайд:
- Тхо Каспийн хIорда тIе садаIа дахара.
- Дуккха а бераш дара цигахь.
- Со хIорда чохь лийчира.
— ХI элп долу дешнаш билгалдахий вай.
Слайд: (нийса иштта хир ду)
- Тхо Каспийн хIорда тIе садаIа дахара.
- Дуккха а бераш дара цигахь.
- Со хIорд ачохь лийчира.
— Бераш, тахана вайна девзи мукъаза аз а, элп а ХI хI, иштта и элп яздан а Iеми вайна.
— Цу тIехь вай таханлера урок ерзор ю.
— Шун Iодика йойла. Марша Iойла.