Интернет-урок №33
1-ра класс (Абат)
Урокан тема: Мукъа аз [Аь], элп Аь аь довзийтар а, яздар а.
— Де дика хуьлда шун, хьоме дешархой! Вайн таханлера цхьаьнакхетар Дала беркате дойла!
Вай нохчий ду, цундела вешан мотт Iамор, иза дика хаар — вайн декхар ду. Маттаца доьзна ду дахарехь вай мел лелош дерг, вайн хаза гIиллакхаш, оьздангалла а. Луъучу кепара дагахь дерг дийцало вайн маттаца, мел доккха дов а дерзадо хазачу матто. Лаа олуш ма дац: хазачу дашо лам башийна! Дала хьуьнар лойла шуна кхиамца иза Iамо!
— Бераш, ас хIинцца шуьга дийцинчух хIун олу? (Къамел)
— Стенах лаьтта къамел? (Предложенех)
— Предложенеш стенах лаьтта? (Дешнех)
— Дешнаш стенах лаьтта? (Дешдакъойх)
— Ткъа дешдакъош? (Аьзнех, элпех,)
— Аьзнаш, элпаш вовшех муха къастадо вай?
Слайд:
БIаьргашна гуш а, куьйга яздина а делахь – иза элп ду.
Багахь олуш а, лергашна хезаш а делахь – иза аз ду.
——
Аьзнаш шина кепара хуьлу: мукъа а , мукъаза а.
Царах цхьаъ вайна тахана девзар ду. Яханчу урокехь шуна девзира элп
«ГI, гI». Тахана мукъа аз [Аь], элп Аь аь Iамош дIахьур ю вай урок.
Слайд: (суьрташца гайта аьлха, аьхке, аьста)
ДогIуш долу дош ала:
Жижиг эцале ас хьалха
Ирдо урс, тIехьоькхуш… (аьлха)
ДIахьовсал шу кху вайн махке,
Аре сенъеш кхечи… (аьхке)
Еъна кхечи хаза бIаьсте,
Асарна ахь кечъе… (аьста)
— ХIун дешнаш ду вай далийнарш?
Слайд I.
(аьлха, аьхке, аьста)
——
— Муьлха аз хеза оцу дешнашна юьххьехь? [Аь ]
— Амма и аз дашна юккъехь хезаш хила а тарло.
— Далор ду вай масалш аз [Аь] юккъехь долуш:
Слайд
(БIаьсте, шаьлта, бIаьрг, даьтта, наьрс)
— Аз [Аь] мукъаду я мукъазаду?
— (Мукъа ду. ХIунда аьлча, [аь] олучу хенахь кийрара схьадолучу хIаваана дуьхьало йоцуш, хецна алало).
— Маса хьаьрках лаьтташ ду иза? (Шина хьаьрках: А, ь)
— Шина хьаьрках латтахь а, цхьа аз билгалдо цо.
— Дешдакъошка декъа вай и дешнаш:
Слайд 3
БIаьс-те, шаьл-та, бIаьрг, даьт-та, наьрс
— Маса дешдекъах лаьтта дешнаш бIаьрг, наьрс?
— (Цхьана дешдекъах лаьтта.Цаьргахь мукъа аз цхьаъ бен дац)
ДIадеша дешнаш:
аь | р | з | у | б | и | р | аь | н | ч | и | г | н | аь | р | с | |||
(суьрташ)
Маса дешдекъах лаьтта хьалхара дош? (шиъ — аьр-зу)
— Маса элп ду хьалхарчу дашехь? (диъ)
— Мукъа маса ду? (шиъ — аь, у)
— Мукъаза? (шиъ — р, з)
— ШолгIачу дашехь маса дешдакъа ду? (3 — би-раьн-чиг)
— Ткъа элп бархI ду. Царех мукъа кхоъ ду: и, аь, и
— Мукъаза пхиъ ду: б. р, н, ч, к
— КхоалгIачу дашехь маса дешдакъа ду?
(Цхьа дешдакъа ду- наьрс)
— Маса элп ду?
Диъ элп ду, царех цхьаъ мукъа ду — аь
— Мукъаза кхо элп ду: н, р, с
— Дешдакъа цхьаъ бен дац мукъа аз цхьаъ бен доцу дела.
— Вай Iамоза керла аз муьлха ду оцу дешнашкахь? [Аь]
ДIадеша дешнаш:
Слайд:
хаьа, лаьа, наьрс;
маьн-га, аьх-ке, шаьл-та;
Маьж-диг, саьн-гар, аьр-зу;
даьт-та, даьх-ни, лаьм-наш.
Бераш, хIинца вай Iамор ду доккха а, могIанан а Аь аь элп яздан.
Аь – хIара йозанан доккха элп ду;
аь — могIанан жима элп ду.
Аь — хIара зорбанан доккха элп ду
аь — хIара зорбанан жима элп ду
— Муьлха могIан чу яздо вай йоза?
Вай йоза яздо жимачу могIан чу
Слайд:
(йозанан элп дилларан схема гайтар)
— Элп муха дуьллу а хьовсуш, тIаьххье хIаваэхь язде элп аь.
— Юха кепе хьовсуш, тетрадаш тIе яздийр ду вай могIанан элп аь.
аь аь аь аь аь аь…
— Элп доккха а, жима а хуьлу.
— Маца яздо вай доккха элп?
— Доккха элп вай яздопредложени йолош, долахь цIерашкахь а.
Слайд:
(гойту доккха а, могIанан а Аь аь
—-
— Хьовсал, хIун башхалла ю хIокху шина элпана юкъахь?
(и ши элп вовшех къаьста барамца: доккха а, жима а хиларца)
— Кепе а хьовсуш, хIинца вай яздийр ду йозанан доккха элп Аь.
Слайд: (анимацица гайтар):
— Элп муха дуьллу а хьовсуш, тIаьххье хIаваэхь язде элп Аь.
— Юха кепе хьовсуш, тетрадаш тIе дIаязде йозанан доккха элп Аь.
А А А А А А А А…
Слайд:
1. Бераш, вай хIинца иштта болх бийр бу.
Аь элп юкъахь долуш долчу дешнийн масалш далор ду вай.
Слайд:
маьждиг
лаьмнаш
шаьлта
наьрс
— Доькъур ду вай и дешнаш дешдакъошка:
Слайд:
маьж-диг
лаьм-наш
шаьл-та
наьрс
— Тидаме эца деза, вай далийнчу дешнашна юкъахь дакъошка ца декъалуш долу дош хилар. Иза (наьрс) ду.
Наьрс дашехь дешдакъа цхьаъ бен дац, мукъа аз цхьаъ бен доцу дела.
— Iамийнарг тIечIагIдеш, масех предложени дIа а язъяй, аь элп юкъахь долчу дешнашна кIел сиз хьакха.
Слайд:
Аьрзу лаьмнашкахь Iа. Иза доккха олхазар ду.
Вашас аьрзунан бен гайтира суна. Иза лаьмнашкахь бара.
——
Тахана вайна девзи мукъа аз а, элп а Аь аь, иза ала а, яздан а, цуьнца дешнаш дало а Iеми. Иштта далийна дешнаш дешдакъошка декъа а Iеми. Предложенеш а язйи.
Баркалла массарна а. Iодикайойла!
МБОУ «Гимназия №4»
нохчийн меттан хьехархо
Усманова Тумиша Индарбиевна.