1 клаксс УРОК №34 БУКВА ОЬ оь

1 класс

Урок №34

Урокан цIе: Мукъа аз [Оь], элп Оь оь довзийтар а, яздар а.

— Де дика хуьлда шун, хьоме дешархой.

ХIокху урокехь вай шуна довзуьйтур ду мукъа аз [Оь], элп Оь оь, иштта иза яздан а Iамор ду.

Хьовса предложенига:

Слайд:

Тхуна оьпа гира.

— Маса дош ду предложенехь? (3)

— Маса дешдакъа ду оьпа бохучу дашехь? (2)

— Xьалхара дешдакъа.(оь) шолгIа дешдакъа? (па)

— Хьалхара дешдакъа маса озах лаьтта? Алал и аз [оь]

— Дешдакъош кхуллучу аьзнех муьлха аьзнаш олу? (Мукъа аьзнаш)

— Ойлаел, муьлха аз ду [оь]

— [оь] мукъа аз ду. ХIунда аьлча, [оь] олучу хенахь кийрара схьадолучу хIаваана дуьхьало йоцуш, хецна алало).

— Хьовса дешнашка:

Слайд:

оьла, чоь, йоьшу

Вай Iамоза керла элп дуй оцу дешнашкахь? Муьлханиг?

Оь элп ду

— Мулхачу меттехь ду и дешнашкахь?

(Дашна юьххьехь, йистехь, юккъехь ду)

Шина хьаьрках а лаьтта ( о, ь )

— Шина хьаьрках латтахь а, цхьа элп а, цхьа аз а билгалдо цо.

— Аз [оь] дешан юьххьехь, йистехь, юккъехь долуш кхин дешнаш дагалацал шайна

Слайд:

(оьрси, оьзда, доьхка, лоьхку, лоь, доь, доьл, моьлкъа, воьлху, доьналла)

— Вай къастийна керла аз билгалдо хIокху элпаца

Слайд:

оь — хIара жима элп ду

Оь — хIара доккха элп ду. И шиъ вовшех жимий, доккхий хиларца къаьста.

— ДIадеша оь элпаца хIиттийна дешдакъош:

боьдоьгIоьлоьтоь
оьпа
   
моьлкъа
     
гоь
  

— Дешнаш дIадеша.

— Маса дешдекъах лаьтта хIора дош?

оь-па (шина дешдекъах лаьтта)

моьл-къа (шина дешдекъах лаьтта)

гоь (цхьана дешдекъах лаьтта, оцу дашехь мукъа аз цхьаъ бен дац)

— ХIинца оцу элпаца дешнаш доьшур ду вай.

Слайд:

Оь-па, оь-шу, доь-ла, доь-шу, йоь-шу, гоь, доь, чоь.

— Аз [оь] дешан юьххьехь, йистехь, юккъехь долуш кхин дешнаш дагалацал шайна.

Cлайд:

(оьрси, оьзда, доьхка, лоьхку, лоь, доь, доьла ,моьлкъа, воьлху, доьналла)

— ДIаеша предложенеш

Сан доттагI оьрси ву. Иза Андрей ву. Андрейн да а, нана а лоьраш бу. Андрейс дика доьшу. Тахана цо пхиъ даьккхира.

оь элп юкъахь долуш дешнаш дуй предложенешкахь? Муьлхарш?

(Оьрси, лоьраш, доьшу)

— Бераш, хIинца вай Iамор ду доккха а, могIанан а Оь оь элп яздан.

Слайд:

Оь хIара йозанан доккха элп ду;

оь могIанан жима элп ду.

Оь — хIара зорбанан доккха элп ду

о — хIара зорбанан жима элп ду

-Муьлха могIан чу яздо вай йоза?

Вай йоза яздо жимачу могIан чу

Слайд:

— Элп муха дуьллу а хьовсуш, тIаьххье хIаваэхь язде элп оь.

— Юха кепе хьовсуш, тетрадаш тIе яздийр ду вай могIанан элп оь. 

оь оь оь оь оь оь оь ……

Элп доккха а,  жима а хуьлу.

-Маца яздо вай доккха элп?

Доккха элп вай яздо  предложени йолош, долахь цIерашкахь а

Слайд: (гойту доккха а, могIанан а Оь оь)

Хьовсал, хIун башхалла ю хIокху шина элпана юкъахь?

(и ши элп вовшех къаьста барамца: доккха а, жима а хиларца)

-Кепе а хьовсуш, хIинца вай яздийр ду йозанан доккха элп Оь.

Слайд: (анимацица гайтар):

— Элп муха дуьллу а хьовсуш, тIаьххье хIаваэхь язде элп Оь.

— Юха кепе хьовсуш, тетрадаш тIе дIаязде йозанан доккха элп Оь.

Оь Оь Оь Оь Оь Оь Оь… (Гайта йозанан элп)

ЦхьакIеззиг дешнаш далор ду вай.

 Оь элп хьалха долуш дешнаш а далийна, уьш дешдакъошка доькъур ду вай.

Слайд:

оьпа — оь-па

оьла — оь-ла

юккъехь долуш

Доьла – доь-ла

Лоьралла – лоь-рал-ла

Моьлкъа – моьл-къа

тIехьа долуш

гоь

чоь

гоь, чоь (цхьана дешдекъах лаьтта, мукъа аз цхьаъ бен дац).

ХIинца масех предложени дIа а язйина, оь элп юкъахь долчу дешнашна кIел сиз хьакха.

Слайд:

Сан доттагI оьрси ву.  Иза Андрей ву.  Андрейн да а, нана а лоьраш бу. Андрейс дика доьшу. Тахана цо пхиъ даьккхира.

—-Тахана вайна девзи мукъа аз а, элп а Оь оь, иза ала а, яздан а, цуьнца дешнаш дало а Iеми.

Иштта далийна дешнаш дешдакъошка декъа а Iеми, цхьана дешдекъах лаьтта дешнаш а девзи оь элпаца, уьш дакъошка декъа цадалар а девзи. Предложенеш а язйи.

КхидIа а мотт Iамор тIехь кхиамаш хуьлда шун.

Iодикайойла.

МБОУ «Гимназия №4»

нохчийн меттан хьехархо:

Усманова Тумиша Индарбиевна.

Close
Яндекс.Метрика