Йозанан урок (3 урок) 2 класс
Тема: «Къамел»
-Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой!
-Делан лаамца, вай юха а д1ахьур ю рог1ера нохчийн меттан урок.
-Тахана вайна хуур къамел х1ун ю, стенна оьшу адамашна къамел.
Иштта 1емар ду шайн дахарехь гинчух, зеделлачух лаьцна къамел дан а.
-Предложенех долу хаарш карла а дохур ду вай.
-Суьрташка а хьовсе ала, муьлхачу билгалонашца гайтина дешнаш:
къена, хьожу, вог1у.
Слайд:
Дешнаш суьрташца гайтина. Нийса боху.
вог1у хьожу къена
-Адамаш мотт бийца дуьйладелла дуккха а хьалха.
Юуург лаха а, г1ишлош ян а дезара церан. Адамаша вовшашка г1о дан кхойкхуш хилла. Иштта кхолладелла барта къамел.
Къамел хуьлу:
барта;
йозанан.
-Х1ора суьрте а хьовсий, билгалдаккха къамелан тайпа.
Слайд:
к1ант яздеш ву нана к1антана г1одеш ю дас цицигашна юург ло
— Вай олург а, вайна хезарг а барта къамел ду;
Барта къамелехь предложени доккхачу элпаца йолаяр билгал ца долу, х1ора предложенин чаккхенехь вай соцунг1а йо.
Слайд:
Вайн къамел предложенех лаьтта, ткъа предложенеш- дешнех.
Барта къамелехь цхьа предложени вукхунах соцунг1а ярца къастайо.
-Вай элпашца д1аяздийриг йозанан къамел ду.
-Х1инца и предложенеш йозанца д1аязйийр ю вай.
Слайд:
К1ант яздеш ву. Нана к1антана г1одеш ю.
Дас цицигашна юург ло.
-Йозанехь предложени доккхачу элпаца язйо, чекхъяьлча т1адам буьллу.
Слайд:
Предложенин хьалхара дош доккхачу элпаца яздо. Предложенин чаккхенга т1адам (.), хаттаран (?), айдаран (!) хьаьрк дуьллу.
-1амийнарг т1еч1аг1деш т1едахкарш кхочушдийр ду вай.
-Текст схьаязъе, предложенешка а йоькъуш.
— Х1ора предложени доккхачу элпаца йолае, чаккхенгахь т1адам билла.
Слайд:
Баппа б1аьстенан зезаг ду лекхачу нийсачу дег1а т1ехь бу цуьнан можа корта иза жимачу малхах тера хуьлу.
Слайд:
( нийса иштта хир ду)
Баппа б1аьстенан зезаг ду. Лекхачу нийсачу дег1а т1ехь бу цуьнан можа корта. Иза жимачу малхах тера хуьлу.
— Кхин цхьа т1едиллар кхочушдийр ду вай:
Предложенин чаккхенгахь хьаьркаш х1иттае.
Слайд?
Ма хаза хуьлу аьхка юьртахь Бераш ловзу, луьйчу
Хьо хиллий аьхка юьртахь
Слайд: ( нийса иштта хир ду)
Ма хаза хуьлу аьхка юьртахь! Бераш ловзу, луьйчу.
Хьо хиллий аьхка юьртахь?
-Тахана вайна урокехь хии къамел х1ун ю, стенна оьшу а.
Карладехи предложенех долу хаарш.
-Хьоме бераш ! Кху т1ехь чекхйолу вайн таханлера урок. Хаддаза къахьега деза вай вешан мотт кхиорехь. Дала аьтто бойла шу!
— 1одика йойла шун! Марша 1ойла!