2 класс урок№26 ХIуманийн дар билгалден дешнаш

 2 класс

Урок №26 . Х1уманийн  дар  билгалден  дешнаш.

-Маршалла  ду  шуьга,  хьоме   дешархой! Тахана  вай   шуьца   цхьаьна  юха  а   д1ахьур  ю   коьртаца  ойла  ян  еза, дуьйцург дагахь  латто  деза, вешан   рог1ера,  нохчийн   меттан  беркате   урок.

-Байте ладог1ий  вай:

Слайд:

Дог1а

Дог1а доьлху, дог1а доьлху,

Б1аьрхиш 1енош, стигал йоьлху.

Корах ара бераш хьуьйсу,

Г1оле йолу меттиг къуьйсу.  (С.Эдилов)

-Х1ун до дог1ано? (доьлху)

-Х1ун до стигало?(йоьлху)

-Х1ун до бераша? (Хьуьйсу , къуьйсу)

-Вай  тахана дуьйцур ду  х1уманийн дар билгалден дешнех лаьцна.

Суьрташка хьовсий  вай.

Слайд:

                                          Х1ун деш ду бераш?

К1ант ловзу.                                                              Йо1а  йиш  локху.

К1анта х1ун до? ловзу

Йо1а х1ун до? локху

-Дешнаша ловзу , локху  х1уманан дар я хилар гойту

-Х1уманан  дар  билгалдечу  дешнаша  х1ун до? х1ун дина?  х1ун дира? бохучу  хаттаршна  жоп  ло : доьшу, дешна, дийшира, доьшур ду.Уьш хандешнаш ду.

-Предложенеш   д1а а ешна, хаттарш а х1иттош, хандешнаш  лохур  ду  вай.

Слайд:

 Дог1а доладелла.

Олхазар  д1алечкъина.

Аре  сенъелла.

Буьйса  яцъелла.

-Х1ун? Дог1а, олхазар, аре, буьйса –ц1ердешнаш ду, цара х1ума билгалйо.

Х1ун дина? Доладелла, д1алечкъина, сенъелла, яцъелла — хандешнаш ду, цара гойту х1уманан дар я хилар.

-Къамелан дакъа нийса къасто г1о до вайна  хаттарша.

-Вайна хаьа предложенин  меженаш коьрта а, коьртаза а хуьлу. Коьрта меженаш — подлежащи а, сказуеми а ю. Хандош предложенехь сказуеми хуьлу. Масала:

Слайд:

Бераш уьду.

Х1ун до? Уьду – сказуеми ду.Ши сиз хьокху вай.

Уьду  муьлш? Бераш — подлежащи ду. Цхьа сиз хьокху вай.

-Шина  бог1амалгера   дешнашца предложенеш х1иттор ю вай, хандешнашнашна  буха  сиз  хьокхуш.

Слайд:

Ч1ара                   т1емадолу

Стаг                      уг1у 

Говр                     лоцу

Олхазар               йоду     

Пхьид                  вог1у

Борз                    кхийсало

-Болх нийса бинехь иштта хила  беза.

Слайд:

Ч1ара  лоц .

Стаг  вог1у.

Говр  йоду.

Олхазар  т1емадол .

 Пхьид   кхийсало.

Борз  уг1у.    

-Хандешнаш: т1емадолу, уг1у , луьйчу , йоду ,вог1у, кхийсало предложенешкахь   сказуемеш  ду, царна  ши сиз хьокху.

-Х1окху  урокехь  вай  1амий х1уманан  дар  билгалдеш долу дешнаш.

-Иштта  хии цара муьлхачу  хаттаршна жоп ло а, предложенехь  муьлха меже хуьлу а.

-Кху  т1ехь   чекхйолу вайн  рог1ера  урок. 

-1одика йойла !Марша 1ойла!

Пайдаэцна литература.

1. Солтханов Э.Х., Солтханов И.Э. , Эдилов С.Э. «Нохчийн мотт» 2 кл                                  Соьлжа-г1ала  АО «ИПК « Грозненский рабочий» -2016

 2.Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала  2005  шо

3.Эдилов С. Э. «Ловзуш ,1ема»  Соьлжа-г1ала  2012  шо.

4.Карасаев А.Т., Мациев А.Г. «Русско-чеченский словарь» Москва Издательство «Русский язык»  , 2000 шо

5.З.Д.Джамалханов, У.Х.Эжаев ,Э,Х.Солтаханов. Юьхьанцарчу классашкахь нохчийн мотт хьехаран некъаш.-Грозный :ГУП «Книжное издательство»

Кечйинарг:   Грозни-г1алин № 56  йолчу юккъерчу школан

                           нохчийн меттан,  литературин  хьехархо

                                        Абуева Товман Ильмадиевна

Close
Яндекс.Метрика