2 класс урок№25 ДештIаьхьенаш

2 класс

Урок №25 Дешт1аьхьенаш

-Хьоме дешархой, марша дог1ийла шу массо а.

-Дешарна а, кхетам лакхабаккхарна а т1е ойла яхийтина, керлачу хааршка аш сатесна хиларх тешна ю со.

-Вай шуьца д1айолор ю вайн рог1ера нохчийн меттан урок.                                              

-Шуна хаьа, дешнаш предложенехь маь1ница вовшахкхета.

-Тахана вайна девзар ду и уьйр кхуллуш  г1о ден  кегий г1оьнчий.

-Уьш дешт1аьхьенаш ю.

-Хьовсий вай хьалхарчу масале:

 Цициг, стол  дешнашца предложенеш х1иттае, суьртех пайда а оьцуш.

Слайд:

                     Цициг стоьла т1ехь хиъна 1а.

              Цициг стоьла к1ел хиъна 1а.

          Цициг стоьла т1ехьа хиъна 1а.

         Цициг стоьла хьалха хиъна 1а.

-Т1ехь, к1ел, т1ехьа, уллохь дешнаша г1о дира вайна цициг мичахь ду хаа.  -Уьш юкъара д1адаьхна д1айоьшу вай предложенеш.

— Вайна билгалдели, и дешнаш предложенешна юкъара д1адаьхча, телха церан маь1на а, уьйр а.

— Д1аеша х1ара предложени, т1адамийн метта, лахарчу дешнех пайда а оьцуш.

 Слайд:

 Цициг стоьла (—-)хиъна 1а.

Т1ехь

 К1ел

Т1ехьа

 Уллохь

-Жам1 до вай: Дешт1аьхье  къамелан дакъа ду. Предложенехь дешнашна юккъехь уьйр тосу цо.

Слайд:

-Дешнаш чу, чуьра, т1е, т1ехь, т1ера, к1ел, к1елахь, чохь, уллехь, чухула, т1ехула- дешт1аьхьенаш ю.

-Нохчийн маттахь дешт1аьхьенаш дукха ю.

-Царех цхьаерш евзар ю вайна х1инца.

-Суьрташка а хьовсуш, доцца жоп дала хьовсий вай хаттаршна.

Слайд:

    -Мичахь бу ч1ара?

                                          Хи чохь. Дешт1аьхье ЧОХЬ

       — Ж1аьлин нускалш мичахь кхиъна? Дитта к1ел.

                                          Дешт1аьхье К1ЕЛ.

           — Х1ордкема мичахула дог1у? Хи т1ехула.

                                          Дешт1аьхье Т1ЕХУЛА.

       -Мичахь хиъна 1а к1ант? Г1анта т1ехь.

                                      Дешт1аьхье Т1ЕХЬ

Дагахь латтаде:

Слайд:

Чу, чуьра, т1е, т1ехь, т1ера, к1ел, к1елахь, чохь, уллехь, чухула,

т1ехула- дешт1аьхьенаш ю.

-Дешт1аьхьенаш кхечу дешнашца муха язйо хьовсий вай. 

-Дешнаш  дешт1аьхьенашца маь1ница нийса долуш, вовшахтаса хьовса, предложенеш д1аязъе.

Слайд:

Стол, книга (т1ехь, т1е)
К1ант, ц1а (чу,чуьра)
Хи, ч1ара (чохь,чуьра)
Дитт, олхазар (т1ехула, к1ел)

Слайд: (Нийса иштта хир ду)

Книга стоьла т1ехь яра. К1анта книга стоьла т1е охьайиллира.

К1ант ц1а чу веара. К1ант ц1а чуьра аравелира.
Хи
чохь ч1ара бара. Вахас хи чуьра боккха ч1ара лецира.

Олхазар дитта т1ехула д1адахара. Дитта к1елахь олхазар дара.

-Дагахь латтаде: Дешт1аьхьенаш дешнашца къаьстина язйо.

-Х1окху урокехь вайна хии:

Слайд:

дешт1аьхье-къамелан дакъа ду;

дешт1аьхьенаша  предложенехь дешнашца уьйр тосу;

дешт1аьхьенаш кхечу дешнех къаьстина язйо.

-Хьоме бераш!  

-Кху т1ехь чекхйолу вайн рог1ера урок.            

-1одика йойла шун!         Марша 1ойла!

 

Пайдаэцна литература:

1. Солтханов Э.Х.,Солтханов И.Э. ,Эдилов С.Э. «Нохчийн мотт» 2 класс.

— Соьлжа-г1ала : АО «ИПК « Грозненский рабочий» -2016

2..Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала  , 2005  шо

3.Эдилов С. Э. «Ловзуш ,1ема»  Соьлжа-г1ала,  2012  шо.

4.Карасаев А.Т., Мациев А.Г. «Русско-чеченский словарь» Москва Издательство «Русский язык»  , 2000 шо

5.З.Д.Джамалханов, У.Х.Эжаев ,Э,Х.Солтаханов. Юьхьанцарчу классашкахь нохчийн мотт хьехаран некъаш.-Грозный :ГУП «Книжное издательство»

Кечйинарг:   Грозни-г1алин № 56  йолчу юккъерчу школан  нохчийн меттан,  литературин  хьехархо  Абуева Товман Ильмадиевна.

Close
Яндекс.Метрика