Урок № 2. Доларчу ц1ерашкахь доккха элп яздар.
-маршалла ду шуьга , хьоме бераш!
-Вайн таханлерчу урокехь дуьйцур ду, Доларчу ц1ерашкахь доккха элп яздарх лаьцна.
-Цкъа хьалха 1амийнарг карладоккхуш, болх бийр бу вай. Яханчу урокехь вай 1амийра «Предложени а, дош а».
-Дешнийн г1оьнца ц1ерш тохку адамашна, дийнаташна, гонахарчу массо а х1уманашна.
-Ткъа дешнех предложенеш х1иттайо.
Слайд:
Кхочуш хилла яьлла ойла гойтучу цхьана я масех дашах предложени олу. Предложенехь дешнаш маь1ница вовшашца дог1уш а, вовшашца уьйр йолуш а хила деза.
-1амийнарг карладоккхуш, ялийначу дешнийн тобанех предложенеш х1иттор ю вай:
Слайд:
- Вахара, юрта, со.
- Олхазарш, тосу, яах1ума, бераш.
- З1аьнарш, хазйинера, маьлхан, хьун.
Слайд: ( нийса иштта хир ду)
- Со юьрта вахара.
- Бераша яах1ума тосу олхазаршна.
- Маьлхан з1аьнарша хазйинера хьун.
-Х1окху предложенешкахь дешнаш маь1ница дог1уш а, вовшашца уьйр йолуш а ду. Цхьадолчу дешнаша , вовшех тасалуш, шайн кеп хийца йиш ю.
-Кхин д1а урокан теми т1ехь болх д1ахьур бу вай.
— Урокан юьххьехь вай билгалдаьккхира, дешнаша массо х1уманна ц1ерш тохкуш хилар.
— Царна юкъахь ц1ерш, кхечу х1уманех схьакъастош, шайнна, къаьсттина техкина ц1ерш ю . Царех долахь ц1ерш олу.
Слайд:
Адамийн ц1ерш, фамилеш, ден ц1ерш – долахь ц1ерш ю.
Долахь ц1ерш доккхачу элпаца язйо.
Масала: Тамара, Эльдар, Атаев Муса, Таймин Бийболат.
-Иштта вай дагахь латто деза:
Слайд:
Доккхачу элпаца язйо дийнаташна техкина ц1ерш а, г1аланийн, яртийн, урамийн, хин ц1ерш а.
Масала: цициг Пису, ж1аьла Гуржи, говр Бокъша
Соьлжа-г1ала , Ведана, А.Авторхановн ц1арах урам, Терк.
—Вай 1амийнарг т1еч1аг1деш цхьа т1едиллар кхочушдийр ду вай:
-Дийцинарг тидаме а оьцуш, х1окху предложенешкара г1алаташ караде.
Слайд:
Со школехь доьшуш ю.
Тхан классерчу йо1ана лидина хаза сурт дилла хаьа.
Тхан хьехархочун ц1е марьям алиевна ю.
Слайд: ( нийса иштта хир ду)
Со школехь доьшуш ю .
Тхан классерчу йо1ана Лидина хаза сурт дилла хаьа.
Тхан хьехархочун ц1е Марьям Алиевна ю.
—Юха а карлайоккху вай долахь ц1ерш язъяран бакъо:
Слайд:
-Лида, Марьям Алиевна – долахь ц1ерш ю .
Уьш доккхачу элпаца язйо.
-1амийнарг т1еч1аг1деш, кхин а цхьа т1едиллар кхочушдийр ду вай.
Доларчу ц1ерашна буха сиз а хьокхуш, д1аязъе предложенеш.
Слайд:
Аьхка со баба йолчу Шуьйта яхара. Юьртана юххехь охьадог1уш Орга хи ду. Бабас кхобуш етт Ч1ама а, эса Мимша а ду.
Слайд:
-Т1едиллар нийса иштта кхочушдина хила деза:
Аьхка со баба йолчу Шуьйта яхара. Юьртана юххехь охьадог1уш Орга хи ду. Бабас кхобуш етт Ч1ама а, эса Мимша а ду.
Кху т1ехь вайн урок чекхйолу. 1одика йойла шун, марша 1ойла.