2 класс урок№19 Зевне а, къора а мукъаза аьзнаш довзар а, уьш йозанехь билгалдахар а

2 класс.  Урок № 19             

— Маршалла ду шуьга ,  хьоме дешархой.

-Х1окху урокехь шун таро хир ю зевне а, къора а мукъаза аьзнаш довза а, уьш йозанехь  билгалдаха а.

Нохчийн маттахь мукъаза аьзнаш къора а, зевне а хуьлу:

Слайд:

Зевненаш: б, в, г, д, ж, з, 1.

Къоранаш: п, к, т, ш, с, хь.

-Зевне мукъаза аьзнаш олучу хенахь, аз а, г1овг1а а хуьлу, ткъа къоранаш олуш г1овг1а бен ца хуьлу.

Масала:

Беш — пеш,  дой — той,  газа — кара,  гомаш — куьйра,  жа —  ша,   зурма — седа, зама —  саба,  1ахар — хьайба.

-Цхьадолчу мукъазчу аьзнашна т1аьхьа 1 яздо, ткъа къора мукъаза аз билгалдечу элпана т1аьхьа хь яздо.

Слайд:

н1аьвла, пхьид, ж1аьла, пхьагал, б1аьрг, пхьарс, з1окх, м1ара, пхьар.

-Х1инца ас шуна цхьа х1етал-метал лур ду, ялх элпах лаьтташ долу:

Слайд:

Х1етал-метал хаийла хьуна:

Ж1аьла гича, йог1уш хорша

Бен чу дулу 1ожа пхьош      

ц     

            Жоп: Нийса ду –иза цхьогал ду.                   

цхьогал

—1амийнарг т1еч1аг1деш, иштта цхьа т1едиллар кхочушдийр ду вай.

Шеран муьлха хан ю х1ара? Дийца

 Слайд:

Арахь шийла ю. Лаьттахь ло ду. Чохь ц1е ягайо. Бераша  салазаш хоьхку, лайн мижаргех ловзу.

-Текстехь юьйцуш ерг 1аьнан хан ю.

-Салазаш бохучу дашехь билгалдаьхна аьзнаш муьлханаш ду (къора я зевне)

-Салазаш бохучу дашехь билгалдаьхна аьзнаш – [с] – къора мукъаза аз ду,

                                                                                —  ] – зевне мукъаза аз ду.

Х1окху урокехь вайн таро хили зевне а, къора а мукъаза аьзнаш довза а, уьш йозанехь  билгалдаха а.

 Цу т1ехь урок ерзор ю вай.

1одикайойла. Марша 1ойла.

Пайдаэцна литература:

Нохчийн мотт. Солтаханов Э.Х. Солтаханов И.Э. Эдилов С.Э.  Соьлжа- Г1ала. АО « ИПК «Грозненский рабочий» -2016

Урок кечйина: Хьехархо СОШ № 36.

 Батаева Альбика Асхабовна.

Close
Яндекс.Метрика