2 класс урок№1 Карладаккхар

Урок № 1  нохчийн меттан интернет урок  2 класс.

-Маршалла ду шуьга,  хьоме дешархой!

Делан лаамца, вай юха а д1айолайо нохчийн  меттан  рог1ера урок.

-Вай тахана урокехь карладоккхур ду хьалхарчу классехь 1амийнарг.

«Дош а, предложени а.»

-Хьалхарчу классехь вайна еша а, язъян а 1емина. Ткъа х1инца 1амийнарг карла а доккхуш, вайн хаарш кхид1а а шордийр ду вай.

  -Нохчийн алфавит 49 элпах лаьтташ ю. Царех шалха элп 15 ду.

Уьш шина хьаьрках кхоллало. Уьш ду:

Слайд;

АЬ,Г1, КХ,КЪ,К1, ОЬ, П1, Т1, УЬ, ХЬ, Х1, Ц1, Ч1, ЮЬ, ЯЬ.

-Нохчийн маттахь 15 мукъа элп ду, 19 аз а ду.

— Х1окху элпаша ши аз билгалдо:

Слайд:

е-йэ, ё-йо, ю-йу, юь-йуь, я-йа, яь-йаь.

— Нохчийн маттахь т1еэцначу дешнашкахь бен ца лела элпаш х1орш ду:

Слайд:

ё, ф, щ, ы.

 — Аьзнаш мукъа а, мукъаза а хуьлу. Мукъачу озо дешдакъа кхуллу.

Слайд:

 Масала: а-га, на-на, да-хар, лам.

  — Кхид1а вай дуьйцур ду дашах а, предложенех а лаьцна.

  —  Къамел дечу хенахь вай предложенеш олу. Предложенеш дешнех лаьтта. Дешнийн г1оьнца вай ц1ерш тохку адамашна, дийнаташна, гонахарчу массо а х1уманашна.

Слайд;

Масала: книга, ручка, г1ант,  дитт, урам.

 — Далийначу цхьадолчу дешнех предложенеш х1иттор ю вай.

Слайд:

Нанас хаза книга ийцира Салманна.

Школан кертахь лекха дитташ ду.

Хьалхарчу предложенехь диъ дош ду:

1-ра дош- Нанас;

2-г1а дош-хаза;

3-г1а дош-книга;

4-г1а дош- ийцира;

5-г1а дош- Салманна.

-Карладаккхий вай  стенах олу предложени:

 Слайд:

Предложени-иза кхочушхилла яьлла ойла  гойту дош я масех дош ду.

-Дешнаш предложенехь маь1ница дозаделла хуьлу.

Слайд:  

Бераша школехь доьшу.

 Стиглахь къегина кхетта малх.

 Хьуьнахь дуккха а стоьмаш хуьлу.

 — Ткъа х1инца, язйинарг  д1а а еший, предложени лаха.

Слайд:

  1. Даймохк, гуьйре, дикалла, дахар.
  2. Х1ора стеган а шен
  3. Х1ора стеган а шен Даймохк бу.

— Хьалхарчу  мог1анна т1ехь яздинчух лаьцна х1ун эр дара вай?

Уьш дешнаш ду, юккъе ц1оьмалг а юьллуш, д1аяздина, маь1ница вовшашца дог1уш дац уьш.

 -Шолг1ачу мог1анна т1ехь ерг а предложени яц, х1унда аьлча кхочуш хилла яьлла ойла ца гойту цара.

 -Кхоалг1ачу мог1анна т1ехь ерг предложени ю. Предложенехь дешнийн вовшашца уьйр ю, маь1ница дог1уш ду уьш, кхочуш хилла яьлла ойла гойту цара, цуьнан чаккхенгахь т1адам бу.

   -1амийнарг т1еч1аг1деш , цхьа т1едиллар кхочушдийр ду  вай.

Лахахь  ялийначу  дешнийн тобанех предложенеш х1иттор  ю  вай.

Слайд:

  1. Мох, дитташ, гуьйренан, т1ера, лестадора, г1аш.
  2. Дог1а, урам, ваха, цициг, тхуна.

-Т1едиллар нийса  кхочушдеш,  хьалхарчу мог1анна т1ехь долчу дешнех иштта предложени х1оттор ю вай.

Слайд:

 Гуьйренан махо лестадора дитташ т1ера г1аш.

  -Предложени х1оттош, цхьадолчу дешнийн кеп хийцаяла а тарло .

   Ткъа шолг1ачу мог1анна т1ехь долчу дешнех предложени х1отто йиш яц, уьш маь1ница вовшашца дог1уш дац.

— Т1адамийн метта маь1ница дог1у дешнаш язде.

Слайд:

Т1екхечи дашо … .     Уггар а токхе хан ю … .  … чудерзадо ялташ, стоьмаш, хасстоьмаш.

 Нийса иштта хир ду:

Слайд:

Т1екхечи дашо гуьйре.     Уггар а токхе хан ю гуьйре.  Гурахь чудерзадо ялташ, стоьмаш, хасстоьмаш.

-Вай тахана урокехь карладаьккхи  хьалхарчу классехь 1амийнарг.

Шорди  дешнех  а, предложенех а долу хаарш.

Цу т1ехь вай таханлера урок ерзор ю. 1одика йойла шун!

Марша 1ойла!

Close
Яндекс.Метрика