1 класс УРОК №32 БУКВА Г1

Нохчийн метан интернет-урок.

Урок №32

Урокан цIе:Мукъаза аз а, элпа ГI гI довзийтар, яздар

Де дика хуьлдашун, хьомебераш! Юха а дIахьур ювай — вешан рогIера урок. Луур дар-кхадешар тIехь шун хаарш алсам хуьлийла!

— Бераш, аса дIайоьшур ю кегийра байташ. Аша сосецча, тIетоха оьшудош.

Слайд: (анимацицасуьрташ хIиттаде хIора байтаца догIуш)

Берийнтуьйрадийши ас, —

Хьекъалан и хиллакххас.

ТIекхечи дIавуьжу хан, —

Гурдусуна хаза… (ГIан)

Соьгаловза гIала

Вола ахьма ала.

Йоьшушву со абат

Цадолуьйтуш — (ГIалат)

ДоттагIа сайнюьртана

Вевзашву со тахана.

Со ву гIиллакх долуш кIант:

Хьешана ас дуьллу — (ГIант)

Тхомагlepтa, мостагI, кхеро:

Юкъахьйолушдацтхохеро.

Цхьанненицкъ бац дан тхо хIаллак,

Лелошдутхооьзда… (ГIиллакх)

— Муьлха дешнаш туьйхи аша тIе?

Слайд I.

ГIиллакх, гIалат, гIант, гIан.

ДIаяханчу урокехь шуна девзира элп «Г», ткъа тахана вай дуьйцур ду «ГI» элпах лаьцна.

Слайд 2.

Муха кхоллало «ГI» элп?

Г+I=ГI

Г хьаьркана тIе I хьаьрк тоьхча кхоллало элп ГI. ГI элп шина хьаьрках лаьтташ ду.

Хаттар: Бераш, ГI шина хьаьрках кхолладелла хилча и муьлха элп хуьлу?

Слайд 3.

ГI шалха элп ду.

Хаттар: ГI элп мукъа элп ду я мукъаза элп ду?

Яккха цуьнан цIе.

Муха алало цуьнан аз паргIат я хала?

Дуста: Ала аз [ГI], хIинца аз [А].

Слайд 4.

[А] аз вайга паргIат алало, цундела и мукъаду. Ткъааз [ГI] олучухенахьбагахь хIаваана новкъарло хуьлу, цундела [ГI] мукъаза азду.

ГI мукъаза шалха элп ду.

Мукъачу элпашца дIадоьшур вай гI элп.

— Зорбанан элп ГIд овзуьйтур ду вай хIинца.

Слайд:

ГI — хIара зорбанан доккха ГI ду;

гI — хIара жима зорбанан гI ду.

—-

ГI элп юкъахь долуш, дешдакъош доьшур ду вай:

Слайд:

ГIа     гIу     гIо    гIи    гIе

агI      угI     огI    игI    егI        

Бераш, шуна девзий ГI элп юкъахь долу дешнаш? Даладе уьш.

Слайд 6.

ГIа, гIала, гIант, дегI, гIуркх, гIалгIа, гIайба, гIовтал, гIумки, гIаргIули, гIаз.

— ХIинца вай Iамор дудоккха а, могIанан а ГIгI яздан.

Слайд: (Йозанан элпаш гайтар)

ГI хIара йозанан доккха элп ду;

гI могIанан элп ду.

— Муьлха могIан чу яздоваййоза?

Вай йоза яздо жимачу могIан чу

Слайд: (йозанан элп дилларан схема гайтар)

МогIанан элп гI яздо йозанан белхан могIан чохь.

Слайд:

(г) – хьалхара хьаьрк ду,

I — шолгIа хьаьрк ду. И ши хьаьрк вовшах тесча кхоллало шалха элп гI.

— ХIинца и элп яздан Iемар ду вай.

Слайд: (анимацица гойту)

— Элп муха дуьллу а хьовсуш, тIаьххье хIаваэхь язде элп гI.

— Юха кепе хьовсуш, тетрадаш тIе яздийр ду вай могIанан элп гI. 

ГI элп доккха а, жима а хуьлу.

— Маца яздо вай доккха элп?

Доккха элп вай яздо предложени йолош, долахь цIерашкахь а

Слайд:

Гойту доккха а, могIанан а ГIгI.

—-

— Хьовсал, хIун башхалла ю хIокху шина элпана юкъахь?

(и ши элп вовшех къаьста барамца: доккха а, жима а хиларца)

— ХIинца вай яздийр ду доккха элп ГI.

— Кепе а хьовсуш вай яздийр ду йозанан доккха элп ГI.

Слайд:(анимацица гайтар):

-Э лп муха дуьллу а хьовсуш, тIаьххье хIаваэхь язде элп ГI.

— Юха кепе хьовсуш, тетрадаш тIе дIаязде йозанан доккха элп ГI.

ГI ГIГIГIГIГIГI ГI…. 

ДIаяздийр ду гI юкъахь долуш дешдакъош.

Слайд:

гIа     гIу     гIо    гIи    гIе      гIа  гIу гIо  гIи  гIе

агI      угI     огI    игI    егI     агI  угI   огI  игI   егI

— Бераш, шуна девзий гI элп юкъахь долу дешнаш? Далор ду вай уьш.                          

Слайд:

ГIа, гIайба, дегI, гIуркх, гIовтал, гIала, гIант,  гIалгIа, гIаргIули гIаз, гIумки.

ДIадоьшур ду вай ваьш далийна дешнаш.

Схьаяздийр ду цхьана дешдекъах лаьтташ долу дешнаш:

Слайд:

ГIа, дегI, гIуркх, гIант, гIаз.

Шина дешдекъах лаьтташ долу дешнаш схьаяздийр ду вай:

Слайд:

ГIайба, гIовтал, гIала, гIалгIа, гIумки.

Кхаа дешдекъах лаьтташ долу дош схьаязде.

Слайд:

ГIаргIули.

Шина-кхаа дешдекъах лаьтташ долу дешнаш дакъошка декъа вай хIинца?

Слайд 8.

  1. ГIа-ла, гIал-гIа, гIай-ба, гIов-тал, гIум-ки.
  2. ГIар-гIу-ли

Бераш, Iамийнарг тIечIагIдеш, вай лакхахь яздина дешнаш юкъахь а долуш 3 предложени язйийр ю вай.

 Слайд 9.

  1. Тхо гIала дахара.
  2. Адаман доттагI гIалгIа ву.
  3. ГIаргIулеш бовхачу махка дIаяхара.

ГI элп долу дешнаш билгал дахий вай?

Слайд 10.

  1. Тхо гIала дахара.
  2. Адаман доттагI гIалгIа ву.
  3. ГIаргIулеш бовхачу махка дIаяхара.

— Бераш, тахана вайна девзи мукъаза аз а, элп аГIгI, иштта иэлпя здан а Iеми вайна.

— Цу тIехь вайтаханлера урок ерзор ю.

— Шун Iодика йойла. Марша Iойла.

Хумакиева Зара Хасмагомедовна

Гимназия №4 г.Грозный

Close
Яндекс.Метрика