21-гIа урок
Урокан цIе: «Мукъаза къора аз [П], элп «Пп».
Iалашо: Мукъаза къора аз [П] довзийтар, доккха а, жима а элп Пп довзийтар. Элп Пп дешан юьххьехь, чаккхенгахь, юккъехь деша а, яздан а Iамор.
— Де дика хуьлда шун, бераш! Делан пурбанца вай дIахьур ю рогIера нохчийн меттан урок.
— Тахана урокехь вайн йиш хир ю керла элп довза а, и элп юкъахь долуш дешнаш, предложенеш еша а.
— ХIинца аса стихотворени йоьшур ю, аш дика ладогIа, тIаккха хуур ду шуна вай муьлха элп Iамор ду.
Слайд:
Элпех Хьуьстиг
Кхозавелла,
Турник ю и моттаделла.
— Муьлха элп тарделла Хьуьстигна турниках?
П — элп тарделла.
— Вай тахана Iамор ду аз а, элп а Пп.
ХIетал—метал хаийла шуна:
Слайд:
Ахь дIахадий доккха дитт,
Екачуьра сеци… (пхьид) (суьртаца гайта)
Соьга ахь ма баха «су»,
Дац со жIаьла, ду… (пису) (суьртаца гойту)
Доккхуш хьуьнхахь доккха «доп»,
Херхо божий боккха … (поп)
— Пхьид, пису, поп бохучу дешнашкахь юкъара элп билгалдоккхур ду вай.
— ХIокху дешнашкахь юкъара элп —П ду.
- Дешан юьххьехь, юккъехь аз [П] довза Iамор ду вай
–ХIара хIун ю? (пхьагал).
Муьлха аз хеза пхьагал дешан юьххьехь?
(аз [П] хеза).
— Аз [П] мукъаза ду, —п — олучу хенахь балдаш вовшашна тIеттIа таьIий, арадолучу хIаваана новкъарло йо.
— ХIунда аьлча [П] озехь гIовгIа ю, йиш яц).
— Маса дешдакъа ду ПХЬА-ГАЛ дешан хьовсий вай. (Ши дешдакъа ду)
Хьалхара дешдакъа ду— пхьа; шолгIа дешдакъа ду— гал.
— ХIара хIун ю? (Поп).
Поп дешан цхьа дешдакъа ду
— ХIара хIун ю? (Пису)
— Маса дешдакъа ду Пи-су дешан? (Ши дешдакъа ду)
Пи-хьалхара дешдакъа ду, -су шолгIа дешдакъа ду.
4. ХIинца Iамийнарг тIечIагIдеш жимма болх бийр бу вай.
— Дешнаш кхолла хьовсий вай —Па дешдекъа тIера дIадуьйлалуш долу а, иштта —Па дешдакъа шолгIа хуьлуьйтуш а.
Нийса жоп иштта хила тарло:
Слайд:
(па-тар, па-зат, пас-та).
(Ли-па, оь-па, чо-па, чоьл-па, Iус-па).
— ТIеюзур ю вай хIара предложенеш.
Слайд: (суьрташ гайта)
Бешахь кхиъна цIен… (помидораш).
КIант вахара кехат дIатаса… (почте).
Мамас суна ийцира… (пальто).
— Бераш, хIинца вай Iамор ду доккха а, могIанан а П п элп яздан.
Слайд: (Йозанан элпаш гайтар)
П – хIара йозанан доккха элп ду;
п — могIанан элп ду.
П — хIара зорбанан доккха элп ду
п — хIара зорбанан жима элп ду
— Муьлха могIан чу яздо вай йоза?
— Вай йоза яздо белхан могIан чу.
Слайд: (йозанан элп дилларан схема гайтар)
Йозанан жима элп п яздар.
ТIадам буьллу лакхарчу белхан могIане. Билгалонна деллачу сизах пайда а оьцуш охьавогIу лахарчу белхан могIане кхаччалц. Хьалавоьду хьаькхначу сиха тIехула. Хьалакхачале гу а буьллуш, лакхарчу белхан могIанах хьакхалуш охьавогIу. Лахарчу белхан могIанна тIе кхочуш техкарг юьллу, цу тIера дIа тасалуриг юьллу
МогIанан элп п яздо йозанан белхан могIан чохь.
— ХIинца и элп яздан Iемар ду вай.
Слайд: (анимацица гойту)
— Элп муха дуьллу а хьовсуш, тIаьххье хIаваэхь язде элп п.
— Юха кепе хьовсуш, тетрадаш тIе яздийр ду вай могIанан элп п.
п п п п п п п п п п…
П — элп доккха а, жима а хуьлу.
— Маца яздо вай доккха элп?
Доккха элп вай яздо предложени йолош, долахь цIерашкахь а.
Слайд:
гойту доккха а, могIанан а П п.
—-
— Хьовсал, хIун башхалла ю хIокху шина элпана юкъахь?
(и ши элп вовшех къаьста барамца: доккха а, жима а хиларца)
— ХIинца вай яздийр ду доккха элп П.
— Кепе а хьовсуш, вай яздийр ду йозанан доккха элп П.
Слайд: (анимацица гайтар):
Йозанан доккха элп П яздар.
ТIадам буьллу лакхарчу белхан могIанна, гIоьнан могIанна юккъе. Билгалонна деллачу сизе терра охьавогIу, лахарчу белхан моганна тIе кхачале аьрру агIор хьаьвзаш техкарг юьллу, цу тIера дIа тасалург.
ТIадам буьллу лакхарчу белхан могIанна, гIоьнан могIанна юккъе. ОхьавогIу билгалонна деллачу сизе терра раз. Лахарчу белхан могIанна тIе кхочуш аьтту агIор техкарг юьллу, цу тIера дIа тасалург.
Белхан могIанна, гIоьнан могIанна юккъехула маьIиг йолу сиз яздо деха.
— Элп муха дуьллу а хьовсуш, тIаьххье хIаваэхь язде доккха элп П.
— Юха кепе хьовсуш, тетрадаш тIе дIаязде йозанан доккха элп П.
П П П П П П П П П П П… (Гайта йозанан элп)
ДIаяздийр ду п юкъахь долуш дешдакъош.
Слайд: (анимацица гайта дешдакъош йозанехь яздар).
па пу по пи пе па пу по пи пе
ап уп оп ип еп ап уп оп ип еп
— Бераш, шуна девзий п элп юкъахь долу дешнаш? Далор ду вай уьш.
Слайд:
Поп, паста, полла, палс, парта, пен, пазат, пондар, пес, пису
ДIадоьшур ду вай ваьш далийна дешнаш.
Схьаяздийр ду вай, царна юкъара, цхьана дешдекъах лаьтташ долу дешнаш:
Слайд:
Поп, палс, пен, пес
— ХIинца шина дешдекъах лаьтташ долу дешнаш схьаяздийр ду вай:
Слайд:
пас-та
пол-ла
пар-та
па-зат
пон-дар
пи-су
— Бераш, Iамийнарг тIечIагIдеш, вай лакхахь яздина дешнаш юкъахь а долуш ши предложени язйийр ю вай.
Слайд:
Пи-су-на дах-ка ха-а-ло.
На-нас поп-пар би-ра.
П элп юкъахь долу дешнаш билгалдахий вай?
Пи-су-на дах-ка ха-а-ло.
На-нас поп-пар би-ра.
— ХIокху урокех вайна девзи мукъаза аз а, элп а Пп, иштта Iеми могIанан доккха а, жима а элп Пп яздан а. Иштта П элп юкъахь долу дешнаш, предложенеш еша а, язъян а Iамий вай.
Цу тIехь вайн урок чекхйолу. Аша хIокху уроках пайдаэцна хир бу аьлла хета суна.
Дала тIаьхье беркате йойла! Iодикайойла шун!
Пайдаэцна литература:
СолтахановЭ.Х, Солтаханов И.Э. Эдилов С.Э. «Нохчийн мотт — класс» Соьлжа-ГIала АО«ИПК» «Грозненский рабочий»-2016ш.
Эдилов С.Э. «Ловзуш, Iема» ГУП «Книжное издательство» 2007ш.