Урок № 20
1 класс
Урокан цIе: «Мукъаза къора аз [К], элп Кк» довзийтар а, яздар а.
— Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой!
— Дахаран массо а дийнах пайда а оьцуш, вайн нагахь санна дешар тIехь кхиамаш хуьлуш схьадагIахь, вай сийдолуш дехар ду кху лаьтта тIехь.
— Вай дIайолайо рогIера нохчийн меттан урок.
Слайд:
— Котам муха ека? (« Ка-ка-ка»)
Нийса боху, ка-ка-ка олуш хьалха вайна хеза аз [к]
— Сурташ тIехь йолчу хIуманийн цIерш йохур ю вай:
Слайд:
Кор кара каьмсаш коч корта
копаста буьрка ков тукар кад
— Цхьатера аз караде дешнашкахь. (к-к-к-к)
Нийса боху, вайна хеза аз [к].
— Бераш, тахана вайна девзар ду керла аз а, элп а Кк.
Аз [к] олуш, багахула арадолучу хIаваана новкъарло хуьлу.
Аз [к] мукъаза къора ду, хIунда аьлчи аз [к] олуш гIовгIа бен ца хеза.
Слайд:
К — хIара доккха зорбанан элп ду;
к — хIара зорбанан жима элп ду.
— Стенах тера ду хьовсур ду вай элп к:
Слайд:
Кад буи за, бухахь – хедар.
Пурх дерзадей лаца уьш.
Хала дац цу суьртах кхета
К — элп ду и вайна гург.
— ХIинца дешдакъош деша хьовсур ду вай:
— к элпана, тIехутту элп а, хили (ка), нийса боху;
— к элпана, тIехутту элп о, хили (ко);
— к элпана, тIехутту элп у, хили (ку);
— к элпана, тIехутту элп и, хили (ки);
Слайд:
ка | ко | ку | ки |
ак | ок | ук | ик |
— ХIинца дешдакъош, дешнаш доьшур ду вай –к- элп долуш:
Слайд:
Ка Ка-ра Кар-та Кор-та | ки-са ста-ка куй ко-мар | Мак-ка ко-там кий-ра кор-та-ли | кад кор ков керт |
— ХIинца яздан Iамор ду вай йозанан доккха а, могIанан а элпаш к, К.
— Вай Iамош долу аз [к] билгалдо хIокху элпаца.
Слайд:
— ХIара могIанан элп— к- ду;
— ХIара йозанан доккха элп –К- ду.
— Хьовсу вай могIанан элп муьлхачу дакъойх лаьтта?
Слайд: (анимацица гойту)
Слайд: (анимацица гайта могIанан –к— яздаран кеп)
Йозанан жима элп к яздар.
ТIадам буьллу лакхарчу белхан могIанна тIе. Билгалонна беллачу могIане терра охьавогIу лахарчу белхан могIанна тIе кхаччалц. Хьалавоьду хьаькхначу сиза тIехула юккъе кхаччалц. Кхузахь аьтту агIор воьрзуш хьалавоьду, хьалакхочуш гу буьллу. Ручка юьллу юккъе, цу тIера охьа гIант дуьллу, техкарг, цу тIера дIа тасалуриг.
Слайд: (анимацица гайта йозанан доккха элп —К — яздаран кеп)
Йозанан доккха элп К яздар.
— Лакхарчу белхан могIанна, гIоьнан могIанна юккъе тIадам буьллу. Кхузахь юьллу ира тасалург. Билгалонна беллачу могIане терра охьавогIу лахарчу белхан могIане кхаччалц. ДIавоьрзу аьрру агIор, шад беш могIанна юккъех дехьаволу, хьалавоьду лакхарчу белхан могIанна, гIоьнан могIанна юккъе кхаччалц. Кхузахь охьахьаьвза кIеззиг. Ручка элпан юккъе юьллу, цу тера охьа гIант дуьллу, техкарг, цу тIера дIатасалург.
— ХIинца хIара хIун ю хуур дарий шуна?
Слайд:
ХIетал-метал хаийла шуна:
Хьалаерзийча –яьсса, охьаерзийча,
юьзна хуьлуш йолу хIума? ( куй)
Слайд:
— Мичахь хеза те вайна тахана Iамийна аз, элп к?
— Дашна юьххьехь хеза нийса боху.
— ХIинца к элп юкъахь дешдакъош яздийр ду вай:
Слайд: (анимацица гайта)
ка, ко, ку, ки;
ак, ок, ук, ик.
— ХIинца дешнаш схьаяздийр ду вай:
Слайд:
ка-ра
ки-са
кор-та
Мак-ка
Ке-рим
кор
ков
керт
— Муьлха дешнаш яздина доккхачу элпаца?
Мак-ка, Ке-рим нийса боху.
— ХIунда яздина и ши дош доккхачу элпаца?
— Уьш адаман цIераш ю. Адамийн цIераш даккхийчу элпашца язйо.
—Дайна элп схьакаро хьовсур ду вай:
Слайд:
ту…ар
…ирхьа.
Туь…а
ех…
буьр…а
Слайд:
Нийса боху:
Тукар
кирхьа
туька
ехк
буьрка
— Вай тахана дийцира к элпах лаьцна.
Кху тIехь вайн таханлера урок чекхйолу.
Шун Iодика йойла,
Марша Iойла!
Алабаева Тамара Висадиевна
Соьлжа-гIаларчу № I4 йолчу школан
Нохчийн меттан, литературин хьехархо.