1 класс УРОК №8 «БУКВА М»

Нохчийн мотт

1 класс

Урок №8

Тема: Мукъаза аза, элп М м довзийтар, яздар.

— Де дика дойла шу, хьоме дешархой!

— Дахаран массо а дийнах пайда а оьцуш, вайн нагахь саyна дешар тIехь кхиамаш хуьлуш схьадагIахь, сийдолуш дехар ду кху лаьтта тIехь.

-Вай дIайолайо рогIера нохчийн меттан урок.

Слайд: (етт-сурт гойту)

— Етт муха Iоху? («Мму-у-у»)

Нийса боху, Мму-у-у олуш хьалха вайна хеза аз [м]

— Сурташ тIехь йолчу хIуманийн цIерш йохур ю вай:

Слайд:

(маьждиг, молха, маймал, москал, малх, лами, лам, котам)

-Цхьатера аз караде дешнашкахь. (Мммм)

Нийса боху, вайна хеза аз [м].

— Бераш, тахана вайна девзар ду керла аз а, элп а Мм.

Аз [м] олуш, балдаш тIеттIа доьлху, багахула арадолучу хIаваана новкъарло хуьлу. Аз [м] мукъаза ду.

Слайд:

М — хIара доккха зорбанан элп  ду;

м — хIара зорбанан жима элп ду.

-Суьрташ тIехь йолчу хIуманийн хьалхара аьзнаш вовшахтесча хIун дош хир ду хьовсур ду вай:

Слайд: (суьрташ гойту)

Сурт:МалхСурт: агаСурт: шадаСурт: ахкаргСурт: рама
машар

Слайд:

Нийса иштта хир ду:

Машар — нийса боху.

— Стенах тера ду хьовсур ду вай элп м.

Вовшийн юххехь

Ши стаг лаьтта.

Куьйгаш леци,

Пе хили,

М – элпах тера хили.

ХIинца дешдакъош деша хьовсур ду вай:

Слайд:

мамомуми
амомумим

— ХIинца яздан Iамор ду вай йозанан доккха а, могIанан а элпаш м, М.

— Вай Iамош долу аз [м] билгалдо хIокху элпаца.

Слайд:

— ХIара могIанан  элп м ду;

— ХIара йозанан доккха элп М ду.

— Хьовсу вай могIанан элп муьлхачу дакъойх лаьтта?

Слайд:

Йозанан жима элп м яздар.

— ТIадам буьллу, могIанна юккъе, охьавогIу лахарчу могIанна тIе кхаччалц. Кхузахь хьаьвзаш хьалавоьду лакхарчу белхан могIанна тIе кхаччалц. Лечкъарг а юьллуш охьавогIу юха лахарчу могIанна тIе кхаччалц, хьаьвзаш хьалавогIу. Юха а лечкъарг а юьллуш охьавогIу лахарчу белхан могIанна тIе  кхаччалц. Хьаьвзаш могIанна юккъе кхаччалц сиз яздо.

 Слайд: (анимацица гайта могIанан –м- яздаран кеп)

ммммммм

Йозанан доккха элп М яздар.

— МогIанна юккъе тIадам буьллу. Лахарчу могIанна тIе кхаччалц охьавогIу, кхузахь хьаьвзаш хьалавоьду лакхарчу белхан могIанна, гIоьнан могIанна тIе кхаччалц. Лечкъарг юьллуш охьавогIу лахарчу могIанна тIе кхаччалц. Кхузахь хьаьвзаш хьалавоьду. Юха лечкъарг а юьллуш охьавогIу лахарчу белхан могIанна тIе кхаччалц. Хьаьвзаш могIанна юккъе кхаччалц сиз хьакха.

   -ДIаязбийр бу вайн тетрадаш тIера могIанаш.

Слайд: (анимацица гайта йозанан доккха элп -М — яздаран кеп)  

МММММ

— ХIинца хIара хIун ю хуур дарий шуна?

Слайд: (облако сурт гойту)

ХIетал-метал хаийла шуна:

Стигалхула уьш дIайоьлху:

Латта тIадош цкъацкъа йоьлху.

Малх бу царна оьгIаз бахна,

Ган йиш йоцуш бераш тахна.  

(Мархаш) — нийса боху.

— Мичахь хеза те вайна тахана Iамийна аз, элп М?

— Дашна юьххьехь хеза нийса боху.

— ХIинца м элп юкъахь дешдакъош яздийр ду вай:

Слайд:

Ма, мо, му, ми;

Ам, ом, ум, им.

ХIинца дешнаш схьаяздийр ду вай:

Слайд:

Ама, мама, Ама, мала, лами, лом.

— Муьлха дош яздина доккхачу элпаца? (Ама).

— ХIунда яздина Ама дош доккхачу элпаца?

— Ама адаман цIе ю. Адамийн цIераш даккхийчу элпашца язйо.

Дайна элп схьакаро хьовсур ду вай:

Слайд: (суьрташ: малх, мара, маха, мача)

…алх, …ара, …аха, …ача.

Слайд:

Нийса боху:

малх, маха, мача, маара.

Вай тахана дийцира м элпах лаьцна. Дагахь латтае м элп яздаран бакъонаш!

Кху тIехь вайн таханлера урок чекхйолу.

Шун Iодика йойла,

Марша Iойла!

Close
Яндекс.Метрика