3 класс. Урок 6
Урокан цIе: Мукъа аьзнаш а, элпаш а
— Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой! Кийча дуй шу цадевзарг довза, цахуург Iамо? Шу кечам бина девллехь, вай дIайолор ю рогIера нохчийн меттан урок.
— ХIетал-метал хаийла хьуна.
КIайн шаршу тIехь, Iаьржа хIуш? Жоп: (Элпаш)
— Вайна тахана девзар ду мукъа аьзнаш а, церан элпийн билгалонаш а, иштта хуур ду дашехь мукъа элп схьалаха а, мукъачу элпо дешдакъа кхуллуш хилар.
Слайд:
Нохчийн маттахь исс мукъа аз а:
а, аь, и, о, оь, у, уь, э, ы .
пхийтта мукъа элп а ду:
а, аь, о, оь, у, уь, и, е, ё, ю, юь, я, яь, э, ы.
Слайд:
Е, ё, ю, юь, я, яь элпаша дешан юьххьехь ши аз билгалдо: дашна юьххьехь а, мукъачуй ъ, ь элпашна тIехьа а:
яьшка — [йаь]шка, юьхк — [йуь]хк, тоян — то[йа]н.
Нохчийн меттан дешнашкахь ё, ю, юь, я, яь мукъазчу элпашна тIехьа ца яздо.
— ДIайоьшур ю вай байт, ши аз билгалден дешнаш схьа яздийр ду.
Слайд:
Сох, нана, теша,
Ер ю со хIинца беша,
Со гIуллакх дала
ХIинца ма хилла.
Охкур ду латта,
Ахьчул а атта.
Хьо паргIат ъяьлла,
Сан-м бай хьан бала. (Демеев I.)
Нийса иштта хир ду.
Ер ю, паргIатъяьлла
-Мукъа аз мукъазчух муха къаьста хьовсур ду вай.
Слайд:
Мукъа аьзнаш олучу хенахь багахула хIаваъ паргIат арадолу.
Мукъачу озо дешдакъа кхуллу.
Дешдакъа долччул мукъа аз а хуьлу дашехь: ке-хат, ор-ца, а-хар-хо.
— Iамийнарг тIечIагIдеш тIедахкарш кхочушдийр ду вай.
— Бераш, шина бIогIамалге дIаязде тобане декъа деза хIара дешнаш. Аьрру бIогIамалге — мукъачу оза тIера дуьйлалуш дерш, аьтту бIогIамалге — мукъазчу озаца дIадолалуш дерш.
Слайд:
БIара, оьпа, кхор, аьшкал, хьайба, Iаж, акхтарг, гуьйре, уче, эмкал.
Нийса жоп иштта хир ду.
Слад:
Хьалхара бIогIамалг шолгIа бIогIамалг
Оьпа бIара
Аьшкал кхор
Акхтарг хьайба
Уче Iаж
Эмкал гуьйре
— Абатан рогIехь дIаязъе яздархойн цIерш:
Слайд:
Бадуев С., Мамакаев М., Гайсултанов I., Айдамиров А., Арсанукаев Ш., Сатуев Хь., Ахматова Р., Сулейманов А.
Нийса иштта хир ду:
Слайд:
Айдамиров А., Арсанукаев Ш., Ахматова Р., Бадуев С., Гайсултанов I., Сатуев Хь., Сулейманов А.
— Вайна тахана девзи мукъа аьзнаш а, церан элпийн билгалонаш а, иштта хии дашехь мукъа элп схьалаха а, мукъачу элпо дешдакъа кхуллуш хилар.
— Кху тIехь вайн урок чекхйолу.
— Дала хаарш тIехь сов дохийла шу. Iодика йойла. Марша Iойла!
Пайдаэцна литература:
1. Э.Х. Солтаханов. И.Э. Солтаханов. С.Э. Эдилов. Нохчийн мотт 2 класс. Грозный: АО
2. «Издательско-полиграфический комплекс Грозненский рабочий,2016». С.Э. Эдилов. «Ловзуш Iема» (Юьхьанцарчу классийн хьехархошна методически пособи)
3. З.Д. Джамалханов, У.Х. Эжаев, Э.Х. Солтаханов. Грозный ГУП «Книжное издательство».