Урок
№39
3-гIа
класс. Къамелан дакъош.
— Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой!
— Вай юха а дIахьур ю, вешан рогIера
нохчийн меттан урок!
— Вайн къамел дешнех лаьтта. Ткъа дешнаш декъало яккхийчу
тобанашка-къамелан дакъошка. Дош муьлха къамелан дакъа ду хаархьама, хаттар а хIоттош,
цо хIун билгалдо хаа деза: хIума, хIуманан билгало я хIуманан дар я хилар.
Слайд:
ХIуманаш
билгал а еш, мила? муьлш? хIун? бохучу хаттаршна жоп лучу дешнех цIердешнаш
олу.
Масала.
Мила?
|
Муьлш?
|
ХIун?
|
да
|
дай
|
кехат
|
нана
|
наной
|
олхазар
|
ваша
|
вежарий
|
стигал
|
доттагI
|
доттагIий
|
зезаг
|
— Нохчийн маттахь мила? муьлш?
боху хаттарш адамашний бен хIотто ца мега, ткъа, адам доцчу, кхечу хIуманашна
(уьш садолуш, доцуш хиларе хьаьжна доцуш) хIун? боху хаттар хIоттадо.
Слайд:
ХIуманийн билгало
а гойтуш, муха? бохучу хаттарна жоп лучу дешнех билгалдешнаш
олу.
Масала.
(муха?) (муха?) (муха?) (муха?) (муха?) (муха?)
+ + + + + +
Да — лераме, нана — хьоме, стаг
— оьзда, доттагI — тешаме,
ваша — дика, зезаг — цIен.
⤵
— ХIуманийн дар я хилар гойтуш, хIун до? хIун дина? хIун
дийр ду? Бохучу хаттаршна жоп лучу дешнех хандешнаш олу.
Слайд:
Масала.
ХIун до?
|
ХIун дина?
|
ХIун дийрду?
|
вогIу
|
веъна
|
вогIур ву
|
йоьшу
|
ешна
|
йоьшур ю
|
дуьйцу
|
дийцина
|
дуьйцурду
|
тоьгу
|
тегна
|
тоьгурбу
|
-ЦIердешнаш а, цхьадолу билгалдешнаш а, хандешнаш а
терахьашца хийцало.
-Цхьаллин терахьехь цIердашо цхьа хIума билгалйо.
-Цхьаллин терахьехь билгалдашо цхьана хIуманан билгало гойту.
-Цхьадолу хандешнаш, шайца уьйр йолчу цIердешнашка
хьаьжжина терахьашца хийцало.
Слайд:
Масала.
цIердешнаш
|
билгалдешнаш
|
хандешнаш
|
бер — бераш
|
жима — кегий
|
доду — довду
|
сара — серий
|
стомма — стаммий
|
Iуьллу — Iохку
|
хи — хиш
|
доккха — даккхий
|
соцу — совцу
|
— Вай Iамийнарг тIечIагIдеш, тIедахкарш кхочушдан
хьовсур ду вай:
I-ра тIедиллар. Хаттаршна жоьпаш ло.
Слайд:
хIун
ю? муха ю? хIун до?
→
Слайд: Нийса
жоп.
хIун ю? муха ю? хIун до?
пхьагал сира йоьлу
лергъяхар стешха эшаршлоькху
вотанча самукъане вотаетта
хелхарча жима хелхайолу
2-гIа тIедиллар.
ХIара дешнаш хIокху рогIаллехь схьаязде:
Слайд:
Слайд:
Нийса иштта
хир ду.
-3-гIа тIедиллар. Лакхахь далийначу дешнех
предложенеш хIитто хьовсий вай:
Слайд:
( нийса иштта хир ду)
—
Цу тIехь вай таханлера урок ерзор ю.
Iодика
йойла шун! Марша Iойла!
Урок
кечйинарг: Бектамирова Асет Нохаевна.