Урок №38; 3-гIа класс. /урок кхетор/
Урок. Дешан хIоттам.
— Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой!
— Нохчийн мотт Дала вайна совгIатана белла бу. И исбаьхьа, оьзда мотт дешнех лаьтта. ХIора дош шен-шен маьIна долуш а, ша-тайпа кхоллалуш а, къамелехь шен меттиг дIалоцуш а ду. Цул сов, Iаламат чIогIа ницкъ болуш хIума ю дош.
— ХIокху урокехь вай дуьйцур ду дешан хIоттамах лаьцна.
— Шуна дагадогIий, муьлхачу дешнех олу гергара дешнаш?
Слайд:
Юкъара цхьатерра дакъа а, маьIница вовшашна гергара а долчу дешнех гергара дешнаш олу. Гергарчу дешнийн юкъара дакъа хуьлу. Цунах орам олу. Орам дешан коьрта дакъа ду. Юкъара орам болчу дешнех цхьанаораман дешнаш олу.
— Нийса ду.
Слайд:
Масала: пондар пондарча (
— Дешнаш пондар-пондарча цхьаорам болуш ду. Цхьа маьIна а ду церан: пондарча пондар локхучух олу. Цундела пондар а, пондарча а цхьанаораман дешнаш ду.
— Кхин а масалш далор ду вай:
Слайд:
ДоттагI — доттагIалла
Дешар — дешархо
Ха — хехо
Юрт — юьртахь
—Цхьадолчу гергарчу дешнийн орамера мукъа аз хийцалуш хуьлу:
Слайд:
Талла – толлу – теллина; топ – тоьпан; болх – белхало; бад – бедан; балл –
баьллаш.
— Дешан хийцалуш цхьа дакъа ду. Дош хуьйцучу хенахь оцу дешан кепаш кхоллало, амма маьIна ша ма-дарра дуьсу. Цунах чаккхе олу. Чаккхе оьшу предложенерчу дешнашна юккъехь уьйр латто.
Слайд:
Масала. Нана дуьненан серло ю. Ненан йовхоно хьо вохво. Нанас аьлларг дан деза. Ненаца оьзда хила веза. Нене ладогIа деза. Ненал хьоме хIума хила ца деза.
а, ан, ас, аца, е, ал – чаккхенаш ю.
— Цхьадолу дешдакъош тIекхетаро дашна керла маьIна ло.
— Уьш декъало дешхьалхенашка а, суффиксашка а.
Слайд:
Дешхьалхе орамна
хьалха лаьтташ долу дешан дакъа ду.
Масала. ВогIу — схьавогIу, кхуссу — дIакхуссу, ели — араели, кхетта — чукхетта, доьжна — охьадоьжна.
Схьа, дIа, ара, чу, охьа-уьш дешхьалхенаш ю.
— Суффикс орамна тIехьа лаьтташ долу дешан дакъа ду.
Слайд:
Масала
мангал мангал-хо
^
вота вотанча
— Болх-белхало, деша-дешар, теша-тешам, гIан-гIенах, буц-бацалахь, хаза-хазалла.
— Цхьадолу дешнийн шиъ суффикс хуьлу.
Слайд:
^ ^ ^ ^ ^ ^
Масала. Хьеха-р-хо, язда-р-хо, талла-р-хо.
— Лард олу дешан чаккхе дIаяьккхича бухахь дуьсучу декъах.
Масала:
ДIакхачарца, дешархой, юьртахочо.
Слайд:
Лардан дакъош ду: орам, дешхьалхе, суффикс.
Лард беккъа цхьана орамах лаьтташ хила а тарло.
Масала: мохк, накъост, дитт.
— Вайн хаарш зуьйш, кхочушдан хьовсур ду иштта тIедахкарш.
1-ра тIедиллар.
Хьехна бохучу дешан орам билгалбе. Цхьана ораман дешнаш лаха.
Слайд:
(нийса иштта хир ду)
Хьехна – хьехар – хьехархо.
2-гIа тIедиллар. Суффиксан гIоьнца кегий хIуманаш билгалъен дешнаш кхолла.
Слайд:
ЦIа, ча, хал, сара, чIеш, гIорза.
Слайд:
(Нийса иштта хир ду)
ЦIа — цIелиг, ча — чамхалг, хал — хелиг, сара — сараг, чIеш — чIешалг, гIорза — гIорзалг.
3-гIа тIедиллар. Охьа бохучу дешхьалхенан гIоьнца керла дешнаш кхолла.
Слайд: (нийса иштта хир ду)
кхетта
йиллина
тесна
вижна
охьа веана
тоьхна
шершира
йоьссира
— ХIокху урокехь вай дийци дешан хIоттамах лаьцна. Девзи, дешан муьлхха а цхьа маьIна луш долу дакъош. Уьш ду:
Слайд:
Дешан хIоттам Дешан х1оттам Дешан х1оттам |
^
чаккхе |
дешхьалхе |
суффикс |
орам |
лард |
Цу тIехь вай таханлера урок ерзор ю вай.
Iодика йойла! Марша Iойла!