3 класс. № 2 Нохчийн меттан интернетан урокан хIоттам.
Предложени. (Карладакккхар)
— Де дика дойла шун, бераш.
— Юха а цхьаьнакхийти вай рогIерачу урокехь.
— Яханчу урокехь вай дийцира къамелах лаьцна.
— Дагадоуьйтур вай къамел стенах олу а, и стенах лаьтта а.
Слайд:
Адамаша вовшашца мел дуьйцург – иза къамел ду.
Къамел лаьтта дешнех, предложенех, текстах.
— Бераш, тахана урокехь вай карладоккхур предложенех лаьцна Iамийнарг. Дагадаийта, стенах олу предложени.
Слайд:
Адамийн кхочушхилла ойла гойтуш маьIница дозаделлачу дешнех я шакъаьстинчу дашах предложени олу.
Масала: Ас нанна гIо до.
— Бераш, хIокху дешнех предложенеш хIитто хуур дарий шуна?
Слайд:
1. Ло, арахь, хIинца, гуш, дац.
2. Дитташ, ду, тIехь, тайп-тайпана, заза.
3. Хеза, зевне, олхазарийн, эшарш, бешахь.
4. Хаза, зезагаш, махо, эсала, техкадо.
5. Нанна, хазачу, ас, курс, зезагийн, гулйо.
Слайд: — Нийса язйина предложенеш иштта хир ю.
1. ХIинца арахь гуш ло дац.
2. Дитташ тIехь тайп-тайпана заза ду.
3. Бешахь олхазарийн зевне эшарш хеза.
4. Махо эсала техкадо хаза зезагаш.
5. Ас нанна хазачу зезагийн курс гулйо.
-Бераш, предложенийн чаккхенга муьлха хьаьрк дуьллу?
Слайд: -Нийса жоп.
Предложени чекхъяьлча я тIадам (.), я хаттаран хьаьрк (?), я айдаран хьаьрк (!) дуьллу.
-Кластер хIоттае предложенинийн тайпанех лаций.
Предложенийн тайпанаш |
Слайд: (Нийса бина болх кху кепара хила беза).
айдаран |
хаттаран |
дийцаран |
-Вай лакхахь язйинарш муьлха предложенеш ю? Церан чаккхенга муьлха хьаьрк диллина?
Слайд: (Нийса жоп).
Вай язйинарш дийцаран предложенеш ю. Церан чаккхенга тIадамаш хIиттийна.
— Бераш, догIуш долу хьаьрк хIоттаде хIокху предложенийн чаккхенга.
Слайд:
- Хьо кхана библиотеке йогIур юй
- Сан доттагI дика доьшуш ю
- Ма хаза ду и зезагаш
- Суна туьйранаш хазахета
-Нийса кхочушбина болх иштта хир бу.
Слайд:
- Хьо кхана библиотеке йогIур юй?
- Сан доттагI дика доьшуш ю.
- Ма хаза ду и зезагаш!
- Суна туьйранаш хазахета.
-Бераш, вай тахана карладаьккхира предложенех лаьцна Iамийнарг.
-Дагадоуьйтур вай урокехь дийцинарг.
Слайд:
Адамийн кхочушхилла ойла гойтуш маьIница дозаделлачу дешнех я шакъаьстинчу дашах предложени олу.
— Предложенеш хуьлу дийцаран, хаттаран, айдаран.
— Iамийнарг тIечIагIдеш, нийсаниг хоржур ду вай.
Слайд:
1. Дийцаран предложенин чаккхенга …
а) хаттаран хьаьрк дуьллу
б) тIадам буьллу
в) запятой юьллу
г) айдаран хьаьрк дуьллу
Слайд:
1. Дийцаран предложенин чаккхенга …
а) хаттаран хьаьрк дуьллу
б) тIадам буьллу
в) запятой юьллу
г) айдаран хьаьрк дуьллу
Слайд:
Дийцаран предложенин чаккхенга тIадам буьллу.
— Кху тIехь ерзор ю вай вешан урок!
— Iодика йойла ! Марша Iойла!
Тренажор
2. Адамийн кхочушхилла ойла гойтуш маьIница цхьаьнакхеттачу дешнех я шакъаьстинчу дашах олу…
а) текст
б) дешнийн цхьаьнакхетар
в) къамел
г) предложени
3. «Iалелай, и дукха олхазарш» Оцу предложенин чаккхенга …
а) запятой йилла еза
б) айдаран хьаьрк дилла деза
в) хаттаран хьаьрк дилла деза
г) тIадам била беза
4. Предложени лаьтта…
а) элпех
б) аьзнех
в) дешнех
г) къамелах
5. Къамел лаьтта…
а) элпех, аьзнех, дешнех
б) дешнех, предложенех, текстах
в) дийцарех, дешнех, аьзнех
г) текстах, элпех, хьаьркех
Пайдаэцна литература:
«Нохчийн мотт» Солтаханов Э.Х., Солтаханов И.Э., Эдилов С.Э.