3 класс. Урок №27 «ЦIердешнийн терахьашца хийцадалар»

Урок №27

3-гIа класс

Урокан цIе: ЦIердешнийн терахьашца хийцадалар.

— Де дика хуьлда шун, хьоме дешархой!

— Мотт — иза Дала вайна делла деза совгIат ду. Мотт ца хилча, вайга вешан дагара дийцалур дацара, дагахь дерг хаийталур дацара цхьаьнгге а. -Маттехула ю адамаша вовшашца лелош йолу юкъаметтигаш, гергарлонаш, вайнехан гIиллакхаш а. Цундела, Далла хастам а беш, вешан мотт дика Iамо а, хаа а беза вайна.

— Хьовсур ду вай, хIун башхалла ю цхьаллин терахьерчу а, дукхаллин терахьерчу а цIердешнашна юккъехь:

Слайд:

Пепнаш гIа долу дитташ ду.

И наьрташ кхуьу лаьмнийн хьаннашкахь.

— ХIинца хуьйцур ду вай и пепнаш, дитташ, наьрташ лаьмнаш, хьаннаш боху дешнаш цхьана хIуманах лаьцна дуьйцуш санна.

Нийса иштта хир ду.

Слайд:

Поп гIа долу дитт ду.

И наьрт кхуьу ламанан хьуьнхахь.

— Бакъон тIехь болх бийр бу вай хIинца.

— Тахана вай Iемар ду цхьаллин а, дукхаллина, а цIердешнаш вовшех къасто.

Слайд:

ЦIердешнаш терахьашца хийцало.

Цхьаллин терахьехь долчу цIердашо цхьа хIума,

Дукхаллин терахьехь долчо шиъ а, цул сов а хIуманаш билгалйо.

Масала: поп — пепнаш; дитт — дитташ; наьрт — наьрташ;

лам — лаьмнаш; хьун — хьаннаш.

Слайд:

Дукхаллин терахьерачу цIердешнийн –й, -ш, -аш чаккхенаш хуьлу.

Масала: дешархо-й, олхазар-ш, мехк-аш.

— Iамийнарг тIечIагIдеш тIедахкарш кхочушдийр ду вай:

— Схьаязде цIердешнаш шина бIогIамалге: (хьалхарчу бIогIамалге цхьаллин терахьехь дерш; шолгIачу бIогIамалге дукхаллин терахьехь дерш)

Слайд:

Майданаш, дийцарш, кхораш, некъаш, шичой, наной, мархаш, тIам, хьоза, къам, нохчи, кетар, аренаш, седа, школа, дешархо.

— Нийса иштта хир ду.

Слайд:           

тIам                    майданаш,

хьоза                            дийцарш,

къам                   кхораш,

кетар                  некъаш,

седа                     шичой,

школа                 наной,

дешархо              мархаш

— ХIара дешнаш дукхаллин терахье даха.

— Маса хIума билгалйо хIокху дешнаша? (Цхьа хIума)

Слайд:

Борз — …

Зингат — …

Цхьогал — …

Сурт -…

Хи -…

Седа — …

— Нийса иштта хир ду.

Слайд:                       

Борз — берзалой

Зингат — зингатий

Цхьогал — цхьогалш

Сурт — суьрташ

Хи — хиш

Седа – седарчий.

Слайд: (суьрташка а хьаже дIадеша)

куьзганаш                            куьзганаш

шекар                                    шекар

кхор                                       кхораш

шура                                                шура

Дешнашка а, суьрташка а хьажий, шайна хетарг ала .

Массо а цIердош хийцалой терахьашца?

Слайд:

Дагахь латтаде: цхьадолу цIердешнийн дукхаллин терахь ца хуьлу, цхьадолчу цIердешнийн цхьаллин терахь ца хуьлу.

— Кхин а цхьа тIедиллар кхочушдийр ду вай:

— ДIадеша цIердешнаш.

Слайд: 

Моз, кхораш, йоькаш, хIаваъ, чай, шекар, тIо, таьлсаш, ирс, шура, кIалд.

— ХIокху рогIаллехь схьаязде цIердешнаш:

а) терахьашца хийцалуш долу цIердешнаш;

б) цхьаллин терахьехь бен ца хуьлу цIердешнаш;

в) дукхаллин терахьехь бен ца хуьлу цIердешнаш.

Нийса иштта хир ду.

Слайд:

а) кхораш;

б) моз, хIаваъ, чай, шекар,тIо, ирс, шура, кIалд;

б) йоькаш, таьлсаш.

— ХIокху урокехь вайна хии хIун башхалла ю цхьаллин терахьерчу дукхаллин терахьерчу а цIердешнашна юккъехь. Девзи цхьаллин терахьехь бен ца хуьлу цIердешнаш а, дукхаллин терахьехь бен ца хуьлу цIердешнаш а.

— КхидIа а нохчийн мотт Iаморехь кхиамаш хуьлда шун.

— Iодика йойла. Марша Iойла.

Close
Яндекс.Метрика