3 класс Урок – 25-гIа
Къамелан дакъош. (Урок кхетор)
— Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой! ДIахьур ю вай-вешан рогIера урок.
— Тахана вай довзуьйтур ду шуна къамелан дакъош.
— Вайна хууш ма-хиллара, вайн къамел дешнех лаьтта. Ткъа дешнаш декъало яккхийчу тобанашка – къамелан дакъошка: цIердешнашка, билгалдешнашка, хандешнашка, дештIаьхьенашка, иштта дIа кхин а. Нохчийн маттахь коьртачу къамелан дакъойх ду цIердош, билгалдош, хандош.
Слайд:
ХIуманаш билгал а еш, мила? муьлш? хIун? бохучу хаттаршна жоп лучу дешнех цIердешнаш олу. Масала: нана, нах, къолам, малх.
ХIуманийн билгало а гойтуш, муха? бохучу хаттарна жоп лучу дешнех билгалдешнаш олу. Масала: хаза, лекха, шийла.
ХIуманийн дар я хилар гойтучу дешнех хандешнаш олу. Цара хIун до?хIун дина?хIун дийр ду? иштта дIа кхечу а хаттаршна жоп ло: догIу, олу, яздийр ду, аьлла.
— ХIинца дIайоьшур ю вай предложенеш.
Слайд:
Дашо гуьйре чекхъели.
Шийла денош тIекхечи.
Кегийра догIанаш дуьйладели.
— ТIедиллар. ЦIердешнашна кIел цхьа сиз хьакха, хандешнашна – шиъ, билгалдешнашна тулгIе сиз хьакха.
Нийса жоп. (
Слайд:
Дашо гуьйре чекхъели.
Шийла денош тIекхечи.
Кегийра догIанаш дуьйладели.
Слайд:
Дош муьлха къамелан дакъа ду хаархьама, хаттар а хIоттош, цо хIун билгалдо хаа деза: хIума, хIуманан билгало, хIуманан дар я хилар.
— ДIаязде къолам, стаг, кIелахь, хаза, доьшу, тIехь, гIутакха чохь, лекха боху дешнаш.
— Къамелан дакъошца къастаде уьш.
Слайд:
Къолам, стаг, кIелахь, хаза, доьшу, тIехь, гIутакха чохь, лекха.
— Муьлха дешнаш диси вайн кIел сиз хьакхаза
Слайд:
КIелахь, тIехь, чохь – бохучу дешнашна кIел сиз ца хьаькхна.
И дешнаш цIердош, билгалдош, хандош санна къамелан дакъа дештIаьхье ду.
Слайд:
ДештIаьхье предложенин меже ца хуьлу. Цо предложенерчу дешнашна юккъехь уьйр латтайо.
Масала: Дитташ тIехь ло Iуьллу.
— Муха хийцало дешнаш?
Слайд:
ЦIердешнаш а, цхьадолу билгалдешнаш а, хандешнаш а терахьашца хийцало.
Слайд:
Цхьаллин терахь Дукхаллин терахь
нана наной
йоккха баккхий
вогIу богIу
— Муха хуур ду дош муьлхачу терахьехь ду?
Слайд:
Цхьаллин терахьехь цIердашо цхьа хIума билгалйо.
Масала: туьрк – туьркаш, зезаг – зезагаш, бер – бераш.
Цхьаллин терахьехь билгалдашо цхьана хIуманан билгало гойту.
Масала: йоккха гIала – яккхий гIаланаш, жима дитт – кегий дитташ.
Цхьадолу хандешнаш, шайца уьйр йолчу цIердешнашка хьожжий, классашца а, терахьашца а хийцало.
Масала: кIант воьду – йоI йоьду, кIант воду — кIентий бовду.
— ХIинца вайн хаарш тIечIагIдеш, кхин цхьа тIедиллар а кхочушдийр ду вай.
— ХIокху дешнех кхо предложени хIоттае, къамелан дакъош билгалдаха.
Слайд:
Кечлуш, тхан, олхазарийн, бераш, денна, школан, ду.
ЦIаьлгаш, до, аьхна, бераша.
Кеста, дитташ, гур, цIаьлгаш, тIехь, ду.
Нийса жоп.
Слайд:
Тхан школан бераш олхазарийн денна кечлуш ду.
Бераша аьхна цIаьлгаш до.
Кеста дитташ тIехь цIаьлгаш гур ду.
— Хьоме дешархой, хIокху урокехь вайна девзи къамелан дакъош. Евзи церан цхьайолу билгалонаш.
— Царах кIорггера болчу кхетамех рогIерчу урокашкахь дуьйцур ду вай.
— Кху тIехь вайн таханлера урок чекхйолу.
— Шун Iодика йойла. Марша Iойла.
Юсаева Зарина сош №I8