Нохчийн мотт
3 класс, 22-гIа урок
Урокан ц1е: Дешхьалхе а, дешт1аьхье а.
— Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой! Х1окху урокехь вай дуьйцур ду дешхьалхенах а, дешт1аьхьенах а лаьцна. Иштта 1амор ду церан башхаллех а, нийсаязъярх а лаьцна.
Слайд:
Орамна со хьалха лаьтта,
Дашна керла маь1на ло,
Цуьнца даим цхьаьна язйо,
Х1ун дешдакъа хир ду со? (дешхьалхе)
Гергарчу дешнийн юкъара дакъа
Хуьлий со лела, хаалаш даим.
Ойлаяй, жоп ло, бе ахьа сан лерам
Хуур ду хьуна буьйцург буй … (орам)
— Орам, дешхьалхе а дешан дакъош ду?
-Дош чохь са а долуш, х1ума ю.
-Цо дегабаам бо, оьг1аз а доьду, самукъадолий а хьийза и, адам санна. Оьшуш меттиг еъча, шен амал, юьхь-сибат хуьйцу дашо. -Цуьнан дог а ду – орам.
-Дешан корта – иза дешхьалхе ю. Гуттар а ойла еш ю иза, дешан маь1на дика довзийтарехь г1о муха дийр дара те ша, бохуш.
-Хала ду орамна дешхьалхе йоцуш.
Слайд:
Хилча х1ун ду дашна т1ехьа? Дац и хьуна х1умма эхье
Дешнаш хуттуш болх цо бо, Церан уьйраш латтайо.
Дешнаш хуьттуш, уьйраш латтош Болх беш лела даим со. Хьалха йоцуш,т1ехьа лаьтташ, Декхарш ас сайн кхочушдо.
— Х1ун ю байташкахь юьйцург?
(дешт1аьхье ю) нийса боху.
— Х1унда олу цунах дешт1аьхье?
— Д1аеша предложенеш. Муха язйо дешхьалхенаш а, дешт1аьхьенаш а?
Слайд:
Шинна т1е цхьаъ тоьхча, маса хуьлу? Шинна т1етохацхьаъ. Сайд-Эмис стоьла т1е мел биллира. Шийла 1а т1екхечи. Дешархо музей чу вахара.
Дешхьалхе дешан дакъа ду. Иза дешнашца цхьаьна язйо.
Дешт1аьхье ша дош ду. Иза дешнашца къаьстина язйо
Масала:
ц1а чу, парти т1ехь, кора к1ел.
-Дешт1аьхье дешхьалхенах къасто хаа деза.
— Д1адеша кицанаш. Дийца, царах муха кхета шу. Дешт1аьхьенашна к1ел сиз хьакха, ткъа дешхьалхе шен билгалонца гайта.
Слайд:
Г1овталан т1ам хьалабе хи чу валале.
Кирчинчу чхар т1е буц ца яьлла.
Охана деш болчу старана т1ехь 1ачу мозано гота охуш бу ша, аьлла.
Т1ехь стом боцчу диттана т1е г1орзолгаш ца кхуьйсу.
Тидам боцуш дитта т1е ваьлларг, га а дойна, чувоьжна
Слайд:
-Цкъацкъа дешхьалхе орамах къастийна язйо:
Слайд:
Дешархой д1абахара. Дешархой д1а ца бахара. Ваха чувахара. Ваха чу ца вахара.
-Дешхьалхе орамах къастийна язйо, нагахь санна дешхьалхенний, орамний юккъе ца, ма, а даг1ахь:
Слайд:
Чувола — чу ма вола, хьалаг1еттина – хьала а г1еттина, схьаеара — схьа ца еара.
-Х1окху урокехь вай дийци дешхьалхенах а, дешт1аьхьенах а лаьцна. Иштта 1амий церан башхаллех а, нийсаязъярх а лаьцна.
Цу т1ехь вайн урок чекхйолу. 1одика йойла, марша 1ойла!