3-гIа класс, 21-г1а урок
Урокан цIе: Дешхьалхе
— Де дика хуьлда шун, хьоме дешархой!
— Ницкъ болчу Дала кхоьллина вайн дуьне а, цу тIехь мел долу хIума а. Лекха лаьмнаш, луьста хьаннаш, шера аренаш, сирла шовданаш, бай тIехь зезагаш, олхазарийн эшарш…Оцу ерриге а исбаьхьаллех лаьцна дийца оьшу вайна мотт. Цундела мотт дика Iамо а, хаа а беза.
— Вай Iамийна дешан хIоттаман дакъош — чаккхе а, орам а.
— Стенах олу чаккхе?
Слайд:
Чаккхе дешан хийцалуш долу дакъа ду
Масала: кехат – кехатан, кехатна, кехато, кехатца, кехатах, кехате, кехатал
— Стенах олу орам?
Слайд:
Гергарчудешнийн юкъарчу декъах орам олу
Масала: пондар – пондарча
— Муьлхачу дешнех олу гергара дешнаш?
(юкъара орам болчу дешнех олу гергара дешнаш)
— ДIаеша, цхьа орам болу дешнаш схьаязде. Гайта церан орам. Орамна хьалха лаьтта дакъа билгалдаккха:
Слайд:
Iийсагахь буьрка яра. Цо иза соьга схьакхоьссира. ТIаккха ас иза дIакхоьссира. Iийсас буьрка хьалакхоьссира. Иза тхов тIе юьйжира. Ас иза охьакхоьссира. Буьрка зилал чоьхьа юьйжира. Салмана иза аракхоьссира.
Слайд: Нийса иштта хир ду:
Схьакхоьссира, дIакхоьссира, хьалакхоьссира, охьакхоьссира, аракхоьссира ¬
— Дешан дакъош схьа-, дIа-, ара-, чу-, хьала-, охьа-, тIе— дешхьалхенаш ю.
Слайд:
Дешхьалхе орамна хьалха лаьтташ долу дешан дакъа ду. Дешхьалхенан гIоьнца керла маьIна долу дош кхоллало:
Воду — схьаводу
вогIу — чувогIу
кхуссу — хьалакхуссу
-Муха лаха еза дашехь дешхьалхе?
Слайд:
Дашехь дешхьалхе лахархьама, шеца дешхьалхе йолу а, йоцу а цхьанаораман дош дало деза
Масала: дIаэца, эца, эцар, схьаэца.
— Дешхьалхе дешан дакъа ду, йозанехь иза орамах дIа ца къастайо.
— Iамийнарг тIечIагIдеш, цхьа тIедиллар кхочушде.
— ТIадамийн метта оьшуш йолу дешхьалхенаш яхка.
Слайд:
Рамзан, ког а шершина, …кхийтира. Клубан серло корах …кхийтира. Тхов тIехь цхьа хIума гира …хьаьжначу Ризванна. Дешархой, урокаш чекхъевлча, школера …бахара. Iийса хIинца …вогIур ву.
-ТIедиллар нийса кхочушдинехь иштта хир ду.
Слайд:
Рамзан, ког а шершина, охьакхийтира. Клубан серло корах чукхийтира. Тхов тIехь цхьа хIума гира хьалахьаьжначу Ризванна. Дешархой, урокаш чекхъевлча, школера дIабахара. Iийса хIинца схьавогIур ву.
— ХIинца орам а, дешхьалхе а гайта дешнашкахь
Слайд:
ДIакхийтира, юхавогIу, схьакхечи, охьакхийтира, тIетоьхна, араволу, дIадийна, чудерзийна.
Слайд: (
ДIакхийтира, юхавогIу, схьакхечи, охьакхийтира, тIетоьхна, араволу, дIадийна, чудерзийна.
— Iамийнарг тIечIагIдеш, иштта кхин цхьа тIедиллар а кхочушдан хьовса.
Ведирадашах ( дIа-, охьа-, схьа-, тIе-, чу-, ара-, юха-, хьала-, дехьа)-дешхьалхенийн гIоьнца керла дешнаш кхолла
Слайд: нийса иштта хир ду:
Ведира — дIаведира, охьаведира, схьаведира, тIеведира, чуведира, араведира, юхаведира, хьалаведира, дехьаведира
-ХIокху урокехь вайна хии, дешхьалхе орамна хьалха лаьтташ,дашана керла маьIна луш долудешан дакъа хилар. Дешхьалхенан гIоьнца дошкхолла а Iеми. Дашехь дешхьалхе лахархьама, шецадешхьалхе йолу а, йоцу а цхьанаораман дош дало дезар хии. -Карладехи орамах долу хаарш а.
-Цу тIехь вай урок ерзайо.
-Iодика йойла шун. Марша Iойла!