3 класс. Урок №2 «Текст»

3 класс. № 1-2 Нохчийн меттан интернетан урокан х1оттам.

Къамел. Предложени. (Карладакккхар)

— Де дика дойла шун, бераш.

 -Юха а вай цхьаьнакхийти рог1ерчу нохчийн меттан урокехь.

-Бераш,  тахана урокехь вай карладоккхур ду къамелах, предложенех лаьцна 1амийнарг.

-Дагадоуьйтур вай къамел стенах олу а, и стенах лаьтта а.

Слайд:

Адамаша вовшашца мел дуьйцург – иза къамел ду.

Къамел лаьтта дешнех, предложенех, текстах.

— Дагадаийта, стенах олу предложени.

Слайд:

Адамийн кхочушхилла ойла гойтуш маь1ница дозаделлачу дешнех я шакъаьстинчу дашах предложени олу.

Масала: Ас нанна г1о до.

-Бераш, х1окху дешнех предложенеш х1итто хуур дарий шуна?

 Слайд:

1. Ло, арахь, х1инца, гуш, дац.

2. Дитташ, ду, т1ехь, тайп-тайпана, заза.

3. Хеза, зевне, олхазарийн, эшарш, бешахь.

4. Хаза, зезагаш, махо, эсала, техкадо.

5. Нанна, хазачу, ас, курс, зезагийн, гулйо.

— Нийса язйина предложенеш иштта хир ю.

Слайд: (нийса иштта хир ду)

1. Х1инца арахь гуш ло дац.

2. Дитташ т1ехь тайп-тайпана заза ду.

3. Бешахь олхазарийн зевне эшарш хеза.

4. Махо эсала техкадо хаза зезагаш.

5. Ас нанна хазачу зезагийн курс гулйо.

-Бераш, предложенийн чаккхенга муьлха хьаьрк дуьллу?

Слайд: ( Нийса жоп)

Предложени чекхъяьлча я т1адам (.), я хаттаран хьаьрк (?), я айдаран хьаьрк (!) дуьллу.

-Кластер х1оттае предложенинийн тайпанех лаций.

Предложенийн тайпанаш

Слайд: (Нийса бина болх кху кепара хила беза).

айдаран
хаттаран
дийцаран

 

-Вай лакхахь язйинарш муьлха предложенеш ю? Церан чаккхенга муьлха хьаьрк диллина?

Слайд: (Нийса жоп).

Вай язйинарш дийцаран предложенеш ю. Церан чаккхенга т1адамаш х1иттийна.

-Бераш, дог1уш долу хьаьрк х1оттаде х1окху предложенийн чаккхенга.

Слайд:

  • Хьо кхана библиотеке йог1ур юй
  • Сан доттаг1 дика доьшуш ю
  • Ма хаза ду и зезагаш
  • Суна туьйранаш хазахета

-Нийса кхочушбина болх иштта хир бу.

Слайд:

  • Хьо кхана библиотеке йог1ур юй?
  • Сан доттаг1 дика доьшуш ю.
  • Ма хаза ду и зезагаш!
  • Суна туьйранаш хазахета.

-Бераш, вай тахана карладаьккхира предложенех лаьцна 1амийнарг.

-Дагадоуьйтур вай урокехь дийцинарг.

Слайд:

Адамийн кхочушхилла ойла гойтуш маь1ница дозаделлачу дешнех я шакъаьстинчу дашах предложени олу.

Предложенеш хуьлу дийцаран, хаттаран, айдаран.

-1амийнарг  т1еч1аг1деш, нийсаниг хоржур ду  вай.

Слайд:

1.  Дийцаран предложенин чаккхенга …

а) хаттаран хьаьрк дуьллу

б) т1адам буьллу

в) запятой юьллу

г) айдаран хьаьрк дуьллу

Слайд:

-Дийцаран предложенин чаккхенга т1адам буьллу.

— Кху т1ехь ерзор ю вай вешан урок!

-1одика йойла ! Марша 1ойла!

Тренажор

2. Адамийн кхочушхилла ойла гойтуш маь1ница  цхьаьнакхеттачу дешнех я шакъаьстинчу дашах олу

а) текст

б) дешнийн цхьаьнакхетар

в) къамел

г) предложени

3.  «1алелай, и дукха олхазарш» Оцу предложенин чаккхенга …

а) запятой йилла еза

б) айдаран хьаьрк дилла деза

в) хаттаран хьаьрк дилла деза

г) т1адам била беза

4. Предложени лаьтта…

а) элпех

б) аьзнех

в) дешнех

г) къамелах

5. Къамел лаьтта…

а) элпех, аьзнех, дешнех

б) дешнех, предложенех, текстах

в) дийцарех, дешнех, аьзнех

г) текстах, элпех, хьаьркех

Пайдаэцна литература:

«Нохчийн мотт» Солтаханов Э.Х., Солтаханов И.Э., Эдилов С.Э.

Урок х1оттийнарг: Хамзатханова Милана Ханибовна

Close
Яндекс.Метрика