3 класс. Урок №19 «Чаккхе»

3 класс. Нохчийн меттан интернет — урок.

Урок №19.

Тема «Чаккхе»

— Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой!

— Юха а дIахьур ю вай-вешан рогIера урок. Луур дар-кхадешар тIехь шун хаарш алсам хуьлийла! Вай тахана дуьйцур ду дешан чаккхенах лаьцна.

— Иштта вай дешан хIоттамах долу хаарш шордийр ду, дашехь чаккхе каро и билгалъяккха Iамор ду.

— Бераш, дага догIий шуна, орамах лаьцна вай Iамийнарг?

— Дешан мичахь лаьтта и? Муьлха дакъа ду орам дешан?

— Муьлха дакъош дара дешан? Муьлханиг Iамор ду вай тахана?

ХIинца а ладогIа жимачу дийцаре

Слайд 1.  ( □

Мархин жима кIант ву. КIентан цIе Абу ю. Дас кIантана абат ийцира. КIантана чIогIа хазахийтира. КIанта абатах пайда бора.

— Лохур вай гергара дешнаш (кIант, кIентан, кIантана, кIанта)

Слайд

кIант, кIентан, кIантана, кIанта

— Церан юкъара дакъа муьлханиг ду? (Орам)

— Хьовсур вай орам муьлха бу оцу гергарчу дешнашкахь

Слайд:

Орам-кIант бу

ан, -ана, -а – чаккхенаш ю.

— И дакъа дIадаьккхича хIун хуьлу хьовсий вай?

— ЛадогIа кхин а цхьана дийцаре.

Слайд

Мархин жима кIант ву. (КIант) цIе Абу ю. Дас (кIант) абат ийцира. (КIант) чIогIа хазахийтира. (КIант) абатах пайда бора.

-И дакъа дIадаьккхича вайна цаго дешнашна юккъера уьйр.

Слайд.

Оцу бухахь дисинчу декъо гойту дешнашна юккъера уьйр. Вайна ма-гарра хIора дашехь иза хийцало. Ишттачу декъахолу чаккхе.

Слайд Хьовсур вай таблице

Лард                              Чаккхе
  Дешархо       -чун                             -чух -чунна                       -чуьнга -чо                               -чул -чуьнца  
маршо -нан                             -нах -нна                               -не -но                               -нал -нца
догдикалла -ин                                 -х -ина                                -е -о                                   -л -ица

Чекхъяха предложенеш.

  • Гергарчу дешнийн юкъарчу декъах … олу.
  • Дешан орам каро … дешнаш лаха деза
  • Дешан хийцалуш долу декъах … олу.

Чаккхено предложенер чу дешнашна юкъа … тосу

Слайд: (Нийса иштта хир ду)

  • Гергарчу дешнийн юкъарчу декъах орам олу.
  • Дешан орам каро гергара дешнаш лаха деза
  • Дешан хийцалуш долу декъах чаккхе олу.

Чаккхено предложенерчу дешнашна юкъа уьйр тосу.

— Таханлерчу урокехь вайна хии чаккхе хIун ю, Iеми дешнашкахь чаккхе каро, билгалъяккха.

— Дала вешан меттан сий-лерам бан а, иза кхио а кхетам лойла вайна!

— Iодика йойла шун! Марша Iойла!

Пайдаэцна литература:

Солтаханов Э.Х., Солтаханов И.Э., Эдилов С.Э. «Нохчийн мотт — 3 класс» Соьлжа-ГIала АО «ИПК» «Грозненский рабочий» — 2016ш. «СтелаIад» журнал. ЭдиловС.Э.«Самукъанеабат». «Ловзуш, Iема» Эдилов С.Э. Методически пособи. Юкъара дешаран ишколийн юьхьанцарчу классийн хьехархошна.

Кечйинарг: МБОУ «Гимназия №4»

Нохчийн меттан, литературин хьехархо

Хумакиева Зара Хасмагомедовна.

Close
Яндекс.Метрика