3 класс. Урок №23 «Дешхьалхе орамца цхьаьна язъяр»

22-гIа урок

Урокан цIе: Дешхьалхе орамца цхьаьна язъяр.

Iалашо: берашна дешхьалхе йовзийтар, Iамор. Церан нийсаязъяран бакъонаш йовзийтар.

Урок дIаяхьар.

Маршалла ду шуьга, хьоме бераш! Тахана Делан пурбанца юха а вовшахкхийти вай. Шайн мехкан а, меттан а сий дан, оьзда мехкарий а, гIиллакхе кIентий а кхиадойла шух АллахIа!

ХIинца вай дIайолайо рогIера нохчийн меттан урок.

Слайд:

Орамна со хьалха лаьтта,

Дашна керла маьIна ло,

Цуьнца даим цхьаьна язйо,

ХIун дешдакъа хир ду со?

                                                           (Дешхьалхе)

——-

— ХIун ю дешхьалхе? Цо хIун гIуллакх до?

Слайд:

Орамна хьалха а лаьтташ, дашна керла маьIна луш долчу дешдекъах дешхьалхе олу. Дешхьалхенаш дешнашца хоьттина а, къаьстина а язйо.

Дешхьалхе хандашах къаьстина язйо, нагахь санна дешхьалхенний, орамний юккъе ЦА, МА, А дагIахь.

Масала:

Чу ца яхара, дIа ца дийцира, дIа ма кхосса, ара ма вала, хьала а гIаьттина.

—-

Слайд:

Дешархой дIабахара. Дешархой дIа ца бахара.

Iуьйранна хьала а гIаьттина, школе ван кечлуш вара Iусман. Iуьйранна хьалагIаьттира Муса.

-ДIаеша хьалхара ши предложени. Буха сизаш хьакха хандешнашна.

-Муха яздина хьалхарчу предложенехь дешхьалхе дIа — хандашца? (Хоьттина).

-Муха яздина шолгIачу предложенехь дешхьалхе дIа- хандашца? (Къаьстина).

ДIаеша кхоалгIа а, йоьалгIа а предложенеш. Муха яздина шина предложенехь хандешнашца дешхьалхе? (Хоьттина, къаьстина).

-ДIаеша тIаьххьара предложенеш? Маца яздина хандош дешхьалхенца къаьстина?

-Муха язйо дешхьалхе хандашца? (Къаьстина а, хоьттина а).

-Маца язйо дешхьалхе хьандашца къаьстина? (Дешхьалхе хандашца къаьстина язйо, нагахь санна дешхьалхений, орамний юккъе а, ца, ма дагIахь.

-Муьлхачу дешнашца язйо дешхьалхенаш? (Хандешнашца).

-ДIадеша дешнаш.                                                        Схьа ца яздо                                      

дIа ца вахара                                                             дIа ма ала

тIе ца кхечира

чу а веана.        

ХIунда язйина дешхьалхенаш къаьстина? (жоп )

Iамийнарг тIечIагIдар.

— -ХIун ю дешхьалхе? Муха язйо и хандешнашца? Маца язйо и хандашца къаьстина? Керла дешнаш кхолла дешхьалхенийн гIоьнца.

ЖамI дар.

Дешнашца болх.(слайд)

Боьлак –жима нилха хьун-роща.

Бурам –хикеман тайпа-паром.

Баппа – можа зезаг-одуванчик.

-ХIун ю дешхьалхе? Муха язйо иза хандашца?

ЦIахь бан болх .

Дешхьалхенийн гIоьнца I0 дош кхолла.    

Хьоме дешархой,хIокху урокехь шуна девзира дешхьалхенийн нийсаязъяр.

АллахIа тIаьхье беркате йойла вайн ! Iодика йойла, маьрша Iойла!

Тест (хаттарш)

I.стенах олу дешхьалхе:

А)къамелан декъах;

Б)дешан декъах;+

В)хуттургах.

2.Караде гIалат:

А)схьамадийца;+

Б)тIе ма кховда;

В)схьа ца яздо.

3.Дешхьалхенан гIоьнца кхолладелла дош караде:

А)кхечира;

Б)кхочур ву;

в)тIекхечира.+

4.къастаде совнаха долу дош;

А) охьавеара;

Б)дехьавала;

В)къолам.+

5)схьадаьлла дош билгалдаккха:

А) лам;

Б)шовданца;

В)дIаала.+

Пайдаэцна литература:

 I.Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика» Грозный.Издательство « Арфа-Пресс»,20I0г.

2.Мациев А. «Нохчийн-оьрсийн дошам».

3.Солтаханов Э.Х.,Солтаханов И.Э. «Нохчийн мотт» 4-гIа класс.Издательство «Глобус»,20IIг.

Close