3 класс. Урок №21 «Дешхьалхе»

3-гIа класс, 21-г1а урок

Урокан цIе: Дешхьалхе 

Де дика хуьлда шун, хьоме дешархой!

— Ницкъ болчу Дала кхоьллина вайн дуьне а, цу тIехь мел долу хIума а. Лекха лаьмнаш, луьста хьаннаш, шера аренаш, сирла шовданаш, бай тIехь зезагаш, олхазарийн эшарш…Оцу ерриге а исбаьхьаллех лаьцна дийца оьшу вайна мотт. Цундела мотт дика Iамо а, хаа а беза.

— Вай Iамийна дешан хIоттаман дакъош — чаккхе а, орам а.

— Стенах олу чаккхе?

Слайд:

Чаккхе дешан хийцалуш долу дакъа ду

Масала: кехат – кехатан, кехатна, кехато, кехатца, кехатах, кехате, кехатал

— Стенах олу орам?

Слайд:

Гергарчудешнийн юкъарчу декъах орам олу

Масала: пондарпондарча

— Муьлхачу дешнех олу гергара дешнаш?

 (юкъара орам болчу дешнех олу гергара дешнаш)

— ДIаеша, цхьа орам болу дешнаш схьаязде. Гайта церан орам. Орамна хьалха лаьтта дакъа билгалдаккха:

Слайд:

Iийсагахь буьрка яра. Цо иза соьга схьакхоьссира. ТIаккха ас иза дIакхоьссира. Iийсас буьрка хьалакхоьссира. Иза тхов тIе юьйжира. Ас иза охьакхоьссира. Буьрка зилал чоьхьа юьйжира. Салмана иза аракхоьссира.

Слайд: Нийса иштта хир ду:

Схьакхоьссира, дIакхоьссира, хьалакхоьссира, охьакхоьссира, аракхоьссира  ¬

— Дешан дакъош схьа-, дIа-, ара-, чу-, хьала-, охьа-, тIе— дешхьалхенаш ю.

Слайд:

Дешхьалхе орамна хьалха лаьтташ долу дешан дакъа ду. Дешхьалхенан гIоьнца керла маьIна долу дош кхоллало:

Воду — схьаводу

вогIу — чувогIу

кхуссу — хьалакхуссу

-Муха лаха еза дашехь дешхьалхе?

Слайд:

Дашехь дешхьалхе лахархьама, шеца дешхьалхе йолу а, йоцу а  цхьанаораман дош дало деза

Масала: дIаэца, эца, эцар, схьаэца.

— Дешхьалхе дешан дакъа ду, йозанехь иза орамах дIа ца къастайо.

— Iамийнарг тIечIагIдеш, цхьа тIедиллар кхочушде.

— ТIадамийн метта оьшуш йолу дешхьалхенаш яхка.

Слайд:

Рамзан, ког а шершина, …кхийтира. Клубан серло корах …кхийтира. Тхов тIехь цхьа хIума гира …хьаьжначу Ризванна. Дешархой, урокаш чекхъевлча, школера …бахара. Iийса хIинца …вогIур ву.

-ТIедиллар нийса кхочушдинехь иштта хир ду.

Слайд:

Рамзан, ког а шершина, охьакхийтира. Клубан серло корах чукхийтира. Тхов тIехь цхьа хIума гира хьалахьаьжначу Ризванна. Дешархой, урокаш чекхъевлча, школера дIабахара. Iийса хIинца схьавогIур ву.

— ХIинца орам а, дешхьалхе а гайта дешнашкахь

Слайд:

ДIакхийтира, юхавогIу, схьакхечи, охьакхийтира, тIетоьхна, араволу, дIадийна, чудерзийна.

Слайд: (

ДIакхийтира, юхавогIу, схьакхечи, охьакхийтира, тIетоьхна, араволу, дIадийна, чудерзийна.

— Iамийнарг тIечIагIдеш, иштта кхин цхьа тIедиллар а кхочушдан хьовса.

  Ведирадашах ( дIа-, охьа-, схьа-, тIе-, чу-, ара-, юха-, хьала-, дехьа)-дешхьалхенийн гIоьнца керла дешнаш кхолла

Слайд: нийса иштта хир ду:

Ведира — дIаведира, охьаведира, схьаведира, тIеведира, чуведира, араведира, юхаведира, хьалаведира, дехьаведира

-ХIокху урокехь вайна хии, дешхьалхе  орамна хьалха лаьтташ,дашана керла маьIна луш долудешан дакъа хилар. Дешхьалхенан гIоьнца дошкхолла а Iеми. Дашехь дешхьалхе лахархьама, шецадешхьалхе йолу а, йоцу а  цхьанаораман дош дало дезар хии.                 -Карладехи орамах долу хаарш а.

-Цу тIехь вай урок ерзайо.

-Iодика йойла шун. Марша Iойла!

Close