Дешаран а, 1илманан а министерствехь цхьанакхетар хилира «Urok95» дешаран проектан экспертийн декъашхойн. Жам1 дира 2019 шарахь бинчу белхан. Иштта дийцаре дира т1едог1учу 2020 шарахь дан дезарг а. Билгалдаьккхира «Urok95» проектан болх 2019 шарахь алсамбаьккхина хилар. 2014 шарахь дуьйна проектан декъашхоша а, эксперташа а, иштта белхалоша а д1абаьхьна болх, коьртачу декъана, нохчийн меттан, литературин интернет-урокаш вовшахтухуш, уьш д1аязъеш, сайт т1е йохуш бара. Цуьнца цхьана 2019 шарахь проектан белхалоша д1адолийна шаьш бечу белхан хьокъехь совещанеш яр, иштта семинараш д1аяхьар а. Мехала дара проектан белхалоша республикин школашкарчу 9-11-чуй классашкарчу дешархошна юкъахь нохчийн маттахь авторски стихотворенин «Со – поэт» ц1е йолу конкурс д1аяхьар. Экспертни комиссин декъашхоша кху шарахь юьхьанцарчу классашна лерина методически пособеш кечйина. Саццаза д1ахьош бу литературин урокашна т1ехь беш болу болх. Уьш кестта сайт т1ехь хир ю, шайх пайда эца йиш йолуш.
Д1аболийна болх кхин а шина проектаца – «Йиллина урокаш», «Нохчийн меттан кабинет». Х1окху т1едог1учу Керлачу шарца декъалбан луур дара экспертни комиссин декъашхой, иштта проектехь дакъа мел лаьцна хьехархой а. Дала аьтто бойла, балха т1ехь баккхий кхиамаш хуьлда шун!

Close