Улучшение качества преподавания чеченского языка в оо республики

Дешаран а, 1илманан а министерствехь «Республикански дешаран urok95.ru интернет-порталан » декъашхойн цхьаьнакхетар хилира нохчийн меттан а, литературин а хьехархошца.
Дийцаре дира ишколашкахь нохчийн мотт кхиаран хьелаш, иштта цуьнан хьал тодарах, лакхадаккхарах лаьцна а.
Шайн балхахь зеделлачух лаьцна къамел дира цу порталан эксперташа: Пайтаева Хадишта а, Ильясова Зинас а, Нухаева Заргана а, Джамиева Сахабата а, Абулханова Азас а, Хасаров Рамзана а. Цара шайн докладашкахь дийцира: «Нохчийн меттан урокашкахь хаамийн г1ирсийн технологех пайдаэцар», «Х1инцалера урок а, х1инцалера урокан лехамаш а», «Нохчийн мотт 1аморехь хьехархочун говзалла лаккаяккхаран мехала хьелаш», «Нохчийн меттан урокийн белхан программа х1отторан хьелаш», «Нохчийн меттан а, литературин а урокашкахь дозуш долу къамел кхиор».
Нохчийн меттан урокан керла стандарташ йовзуьйтуш вистхилира «Нохчийн халкъан хьехархо» Абдурзаков Шертбек а, Нохчийн меттан хьехархойн ассоциацин куьйгалхо Бергоева Аза а.
Цхьаьнакхетар дерзош довхачу дешнашца йистхилира «Республикански дешаран urok95.ru  интернет-порталан » куьйгалхо Магамшарипова Фатима а.
Ч1ог1а мехала а, к1орггера чулацам болуш дара цара шайна балха т1ехь зеделларг довзийтар.
Иштта цхьаьнакхетарш сих-сиха хилахь, меттан хьелаш лаккхарчу т1ег1ан т1е девр ду.

Close