Хуциева Зина

НОХЧИЙН МЕТТАН А, ЛИТЕРАТУРИН А ХЬЕХАРХОЙ: Хуциева Зина Арбиевна — Соьлжа-г1алин №29 йолчу школан нохчийн меттан а, литературин а хьехархо. Иза йина 1957-чу шарахь Казахстанехь. Бух1ан-юьртара №39 йолу школ чекхяьккхина 1974-чу шарахь иза деша йоьду (ЧИГУ) филологически факультетан къоман отделене. Школехь доьшуш йолуш дуьйна яра иза нохчийн мотт к1оргера бовза лууш, цуьнца уьйр йолуш.

1979-чу шарахь университет чекъяьккхича Зина Арбиевна хьажайо Хьалха-Мартант1ера №3 йолчу школе балха. Шо-шаре мел дели, балхо говзалла сов а йокхуш, дешархошна а, церан дайшна – наношна дукхаезаш, итт шарахь болх беш схьайог1у Зина.
1989-чу шарахь ша кхиинчу Бух1ан-юьрта ц1а йоьрзу Зина Арбиевна. Иза балха х1утту Соьлжа-г1алин №29 йолчу школе.
Вайн дахарца з1е тосуш, вайн г1иллакхашна т1е а тевжаш, говза болх беш иза схьайог1а шовзткъа шо хан ю. Зинина дика хаьа дешархошна нохчийн меттан хазалла йовзийта а, цуьнца шовкъ хийлита а церан дог-ойла цунна т1еерзо. Цуьнан х1ора дешархо ву нохчийн мотт дика хууш а, безаш а. Цундела дешархошна езаш а, коллективехь лоруш а ю Зина Арбиевна.

Зинин болх билгалбаьккхина Нохчийн Республикан Дешаран а, 1илманан а министерствос Сийлаллин грамоташ яларца.

2017-чу шарахь «Россин Федерацин юкъарадешаран Сийлахь белхало» аьлла ц1е тиллина цунна

Close
Яндекс.Метрика