НОХЧИЙН МЕТТАН А,
ЛИТЕРАТУРИН А ХЬЕХАРХОЙ:
Несирханова Падам Хусаиновна — Соьлжа-г1алин №37
йолчу юккъерчу юкъарадешаран школан нохчийн меттан а, литературин а хьехархо.
1984-чу шарахь Падама чекхъяьккхина Грозненски
культпросвет училищан библиотечни отделени. 1984-чу шарахь дуьйна цо белхаш
бина школан библиотекан заведующин, хьехархочун. Хьехархочун болх беш
чекхъяьккхина Нохчийн пачхьалкхан университетан русско-вайнахски отделени.
2001- чу шарахь дуьйна кхиамца хьеха болийна 37-чу школехь нохчийн мотт.
Дешархойн нохчийн матте болу безам к1аргбарехь къахьоьгуш схьайог1у хьехархо.
Падам автор ю 10-чу классехь хьехархошна лерина нохчийн литература хьехаран
методически куьйгалаллин.
Газетан, журналан аг1онаш т1ехь зорбане дийлина
цуьнан хьехархошна а, берашна лерина дийцарш.
Падаман белхаш билгалбина Дешаран — 1илманан
Министерствон, Дешаран Департаментан, к1оштан куьйгалхойн, к1оштан берийн
корматалаллин ц1ийнан сийлаллин совг1аташца.