Пираева Нуржан Шамиловна

НОХЧИЙН МЕТТАН А, ЛИТЕРАТУРИН А ХЬЕХАРХОЙ: Пираева Нуржан Шамиловна – Шелара №1 йолчу юккъерчу школан нохчийн меттан а, литературин а хьехархо. Иза йина 1969-чу шарахь ноябран беттан 29-чу дийнахь. 1987-чу шарахь школа чекхъяьккхина, ЧИГУ деша яхана, ша хаьржинчу филологически факультете. 1994-чу шарахь дуьйна Шелара №1 йолчу юккъерчу школехь болх беш схьайог1уш ю Нуржан. Вайн къоман меттан хазалла йовзийтар, берийн дегнашкахь цуьнга безам кхоллар шен декхар хета цунна.
Нуржанин болх билгалбаьккхина Нохчийн Республикан Дешаран а, 1илманан а министерствос Сийлаллин грамоташ яларца.

Close