Несирханова Падам

НОХЧИЙН МЕТТАН А, ЛИТЕРАТУРИН А ХЬЕХАРХОЙ:
Несирханова Падам Хусаиновна — Соьлжа-г1алин №37 йолчу юккъерчу юкъарадешаран школан нохчийн меттан а, литературин а хьехархо.
1984-чу шарахь Падама чекхъяьккхина Грозненски культпросвет училищан библиотечни отделени. 1984-чу шарахь дуьйна цо белхаш бина школан библиотекан заведующин, хьехархочун. Хьехархочун болх беш чекхъяьккхина Нохчийн пачхьалкхан университетан русско-вайнахски отделени. 2001- чу шарахь дуьйна кхиамца хьеха болийна 37-чу школехь нохчийн мотт. Дешархойн нохчийн матте болу безам к1аргбарехь къахьоьгуш схьайог1у хьехархо. Падам автор ю 10-чу классехь хьехархошна лерина нохчийн литература хьехаран методически куьйгалаллин.
Газетан, журналан аг1онаш т1ехь зорбане дийлина цуьнан хьехархошна а, берашна лерина дийцарш.
Падаман белхаш билгалбина Дешаран — 1илманан Министерствон, Дешаран Департаментан, к1оштан куьйгалхойн, к1оштан берийн корматалаллин ц1ийнан сийлаллин совг1аташца.

Close