НОХЧИЙН МЕТТАН А, ЛИТЕРАТУРИН А ХЬЕХАРХОЙ: Висаитова Макка Булановна- Соьлжа-г1алин №33 йолчу юккъерчу юкъарадешаран школан нохчийн меттан а, литературин а хьехархо.
Иза йина хьалхарчу июлехь 1950-чу шарахь Темиртау г1алахь, Карагандински областехь. Цо чекхъяьккхина Грознера хьехархойн училище. 1971-чу шарахь Маккас шен болх д1аболийра, Надтеречни районерчу Братски юккъерачу школехь. 1994-чу шарахь дуьйна, Старопромысловски районерачу №33 йолчу юккъерчу юкъарадешаран школехь болх беш схьайог1уш ю иза. Маккин болх билгалбаьккхина Нохчийн Республикин дешаран а, 1илманан а Министерствас, Нохчийн Республикин Парламентас а сийлаллин грамоташ яларца.

Close