Абдулаева Марьям

НОХЧИЙН МЕТТАН А, ЛИТЕРАТУРИН А ХЬЕХАРХОЙ:
Абдулаева Марьям Несирсултановна – Соьлжа-ГIалин №56 йолчу юккъерчу юкъардешаран школин нохчийн меттан а, литературин а хьехархо.
1976-1981-чу шерашкахь дешна Л.Н. Толстойн ц1арах йолчу Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан университетехь филологин факультетехь. 1976-чу шарахь болх бина Шелан к1оштан Эг1иштерчу юккъерчу школехь.
2006-чу шарахь дуьйна №56 йолчу юккъерчу юкъардешаран школехь нохчийн меттан а, литературин а хьехархочун болх беш ю Марьям.
43 шо ду пайдечу а, лерамечу а гIуллакхехь цо къахьоьгу. Ша къахьоьгучу 43 шарчохь шен белхан накъосташна хьалха а, дешархошна хьалха а ледарло ца йолуьйтуш хьанал къахьегна цо.

Close