— Де дика дойла шун, бераш.
— Кийча дуй шу цадевзарг довза, цахуург Iамо, дицделларг карладаккха?
— Шу кечам бина девлехь, вай дIайолор ю рогIера нохчийн меттан урок.
— Тахана урокехь вай карладоккхур къамелах лаьцна Iамийнарг.
— Стенах олу къамел?
Слайд:
Адамаша вовшашца мел дуьйцуш дерг – иза къамел ду.
— Къамел стенах лаьтта?
Слайд:
Къамел лаьтта дешнех, предложенех, текстах.
— Бераш, хIоттае къамел бохучу дашна кластер.
— Нийса хIоттийна кластер кху кепара хир ю.
Слайд:
Къамел |
дешнаш |
текст |
предложенеш |
— Бераш, кхечу садолчу хIуманаша, акхароша, олхазарша, муха до-те вовшашца къамел?
Слайд:
Акхароша, олхазарша вовшашца къамел аьзнашца до. ХIора дийнатан шен-шен аз ду. Шайн аьзнашца цара вовшашна оьшу хаам бо.
-ХIокху лахахь язйинчух къамел муьлхарг ду билгалдаккха: хьалхарниг я шолгIаниг.
Слайд:
1. Малх, бутт, шовда, хи, Iалам, дитт, олхазар, зезаг.
2. -Хьан цIе хIун ю?
— Сан цIе Санет ю. Хьан цIе муха ю?
— Сан цIе Шовда ю.
— Нийса жоп.
Слайд:
I. Малх, бутт, шовда, хи, Iалам, дитт, олхазар, зезаг.
2. -Хьан цIе хIун ю?
— Сан цIе Санет ю. Хьан цIе муха ю?
— Сан цIе Шовда ю.
— Билгалдаьккхина дакъа къамел ду. ХIунда аьлча, иза адамаша вовшашца дуьйцург ду. Ткъа хьалхарниг дешнаш ду, къамел дац.
— ДIаеша текст. Нийса хетий шуна и? Предложенийн рогIалла нис а еш, дIаязъе предложенеш.
Слайд:
Сайна тIаьхьара пхьегIаш дIайоху. ТIаккха мотт дIанисбо. Юьхь-куьг дуьлий, ламаз а оьций, ас ламаз до. Со Iуьйранна хьалагIотту. Юха хIума юу. Цул тIаьхьа со школе йоьду.
— Нийса жоп иштта хила деза.
Слайд:
Со Iуьйранна хьалагIотту. Юьхь-куьг дуьлий, ламаз а оьций, ас ламаз до. ТIаккха мотт дIанисбо. Юха хIума юу. Сайна тIаьхьара пхьегIаш дIайоху. Цул тIаьхьа со школе йоьду.
— Бераш, хIокху суьрте а хьовсуш, текст хIоттае. ЦIе тилла цунна.(5-6 предложени)
— Текст хила тарло кху кепара.
Слайд:
Бешахь.
Воккхастаг а, ши кIант а бешахь болх беш ву. Жима ши кIант воккхачу стеган кIентан ши кIант ву. Уьш синтарийн гонаш а охкуш, царна хи тухуш бу. Деда царна дуьйцуш ву муха бан беза болх. Ткъа шина кIанта, лерина ла а дугIуш, дедас бохург до. Цара иштта дика лелаяхь церан бешахь дика стом кхуьур бу.
— Шаьш язйина текст цхьанна йийца. ТIаккха цунах къамел хир ду.
— Бераш, вай тахана къамелах лаьцна дийцира.
— Дагадоуьйтур вай стенах олу къамел?
— И стенах лаьтта?
Слайд: — Нийса жоп.
Адамаша вовшашца мел дуьйцуш дерг – къамел ду.
Вайн къамел лаьтта дешнех, предложенех, текстах.
Слайд:
Хьайн йишица я вешица (хьаьнцца а) къамел де олхазарех лаций.
Юха и шайн къамел дIаязде.
— Кху тIехь вай урок ерзор ю!
— Iодика йойла! Марша Iойла!
Пайдаэцна литература:
«Нохчийн мотт» Солтаханов Э.Х., Солтаханов И.Э., Эдилов С.Э.