Урокан ц1е: «Хандешан йог1у хан».
— Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой!
—Дахар беркате деш, ийманехь ч1аг1деш, шайн мехкан хакъболу дай хилла маьрша дуьтуш, леладойла шу Дала!
— Х1окху урокехь вай дуьйцур ду хандешан йог1учу хенах.
-Евзар ю хандешан йог1учу хенан башхаллаш .
-Йог1учу хенан хандешнех къамелехь пайдаэца 1емар ду.
Слайд:
Хандош къамелан дакъа ду. Цуьнан кхо хан ю: карара , яхана, йог1у.
Хандешан йог1учу хено г1уллакх къамел динчул т1аьхьа кхочуш хилар гойту. Цуьнан ши кеп ю.
Слайд:
Хила мега хан: х1ун дер? х1ун хир? -аьр, соцур, хьожур, гур.
Хин йолу хан: х1ун дийр ду ? х1ун хир ду? — эр ду, соцур ву, гур ду,
туьйр ву, летар ву, иштта. д1а кхин а.
— Цхьа т1едиллар кхочушдийр ду вай.
-Къовларш юккъера дешнаш йог1учу хене даха.
Слайд:
Тхо кхана экскурсе (дахара). Оха кхана 1аламан тидам (бира). Оха кхана экскурсехь ц1азамаш (лахьийра, диттийн г1аш гулдира).
Хаза (дара )кхана экскурсехь.
— Т1едиллар нийса кхочушдинехь иштта хила деза.
Слайд:
Тхо кхана экскурсе г1ур ду. Оха кхана 1аламан тидам бийр бу. Оха кхана экскурсехь ц1азамаш лахьор ду , диттийн г1аш гулдийр дуа.
Хаза хир ду кхана экскурсехь.
— Х1ара дешнаш шина б1ог1амалге д1анисдийр ду вай. Хьалхарчу б1ог1амалге карарчу хенехь дерш, шолг1ачу – йог1учу хенехь дерш.
Слайд:
Вог1у , вог1ур ву , йоду , йодур ю, го, гур бу, уьду , уьдур ду, хохку , хохкур ю, лаха , лохур ву, лепа , лепар бу.
— Т1едиллар нийса кхочушдинехь иштта хила деза.
Слайд:
Вог1у вог1ур ву
йоду йодур ю
го гур бу
уьду уьдур ду
хохку хохкур ю
лаха лохур ву
лепа лепар бу
Слайд:
Дагахь латтаде!!!
Йог1учу хенан хандош карарчу хенахь долчу хандашна т1е -р –кхетарца а, ву, бу, ю, ду г1оьналлин хандешнаш кхетарца акхоллало.
— Карарчу хенара хандешнаш йог1учу хене а дерзош ,предложенеш х1иттае.
Слайд:
Ежа, дека, доьшу, дуьйцу, воьду, ловзу,.
-Гергарчу хьесапехь нийса жоп иштта хир ду.
Слайд:
Кхана а бешахь ежар ю буьхьиг. Б1аьста декар ду олхазарш. Бераша каникулаш чекхъевлча школехь доьшур ду. Бабас кхана туьйранаш дуьйцур ду суна. Со кхана цирке г1ур ву. Б1аьста 1абдулг1еран командехь ловзур ву со.
— Х1окху урокехь вайна хии хандешан йог1учу хенан х1ун маь1на ду а ,
цо муьлхачу хаттаршна жоьпаш ло а, муха кхоллало йог1учу хенан хандешнаша.
-Вай урок кху т1ехь чекхйолу .
-Хийрачу махкахь церан мотт 1амош, вайниг биц ца беш, чекхдовла доьналла а, хьекъала а лойла вайна Дала!
-1одика йойла, маьрша 1ойла!
Тесташ (хаттарш)
- Маса хан ю хандешан?
а)2
б)4
в)3
2.Билгалъяккха хандешанкарара хан
а )кхоьссина;
б )кхуссу;
в)кхуссурву.
3. Муьлха меже хуьлийлелахандошпредложенехь
а)къастам;
б)латтам;
в)сказуеми.
4.Хандашо … гойту.
а)х1ума;
б)дар я хилар;
в)масалла.
5.Билгалъяккха шеначохь йог1учу хенанхандош долу предложени
а)Хаза зезагашкхуьуломахь.
б)Баккхийчараоьзда г1иллакх леладора.
в)Дала мукъалахьбертахьдехардувай.
Пайдаэцна литература:
1.Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика» Грозный.Издательство « Арфа-Пресс»,2010г.
2.Мациев А. «Нохчийн-оьрсийндошам».
3.Солтаханов Э.Х.,Солтаханов И.Э. «Нохчийнмотт» 4-г1а класс.Издательство «Глобус»,2011г.