4 класс. Урок №31 «Хандешан карарчу хенан нийса яздар»

Маршалла ду шуьга, хьоме бераш! 

-Вайн  юха а рог1ера  цхьаьнакхетар  хили. 

-Тахана  вай  дуьйцур  ду  хандешан  карарчу  хенан дешнийн  нийсаяздарх лаьцна.

-Шуна евзар ю хандешан карарчу хенахь долчу дешнийн билгалонаш.   Девзар ду хандешан карарчу хенан маь1на а, хаттарш а. 1емар ду царех йозанехь пайдаэца а.

-Бераш,  карладаккхий  вай  хандашах  1амийнарг?

-Стенах олу  хандош?

Слайд:

Х1уманан  дар  я  хилар гойтучу  къамелан  декъах  хандош  олу. Цо  жоп  ло: х1ун  до?  х1ун  дина? х1ун  дийр  ду?  х1ун  дора?   х1ун  хуьлу?  бохучу  хаттаршна

Масала: олу, эли, эр  ду, олура, дуьйцу, дийцира, дийцинера, дуьйцур  ду.

-Иштта яханчу урокашкахь вайна хиира    маса  хан  ю хандешан, предложенин  муьлха меже  хуьлий  лела иза.

-Хандош  хенашца  хийцало. Цуьнан  коьрта  кхо  хан  ю: карара хан, йог1у  хан, яхана  хан.

Слайд:

Карара  хан: х1ун  до? х1ун  хуьлу?- воьду, вог1у, йоьшу.

Яхана  хан: х1ун  дин?  х1ун  дира? х1ун дина? х1ун динера?  х1ун дора? — хьаьжи, хьаьжира, хьаьжна, хьаьжнера, хьожура.

Йог1у  хан: х1ун  дийр  ду? — доьшур  ду  ду, хьожур ву ,эр  ду,вог1ур ву.

-Вай хьалха ма- аллара, хандош  предложенехь  сказуеми хуьлий  лела.

Слайд:

Карарчу  хенан хандашо дар я  хилар   карарчу  хенахь хуьлуш хилар гойту.

Цо  х1ун до?  х1ун  хуьлу?  бохучу  хаттаршна   жоьпаш  ло.

Масала: доьшу, яздо, 1аржло. 

К1анта  книга   (х1ун до?) йоьшу.

Адам  балха (х1ун до?)  воьду.

1ай хьалххе (х1ун хуьлу?) 1аржло.

Нанас берашна хаза  туьйранаш (х1ун до?)   дуьйцу.

Кхочушдийр ду вай цхьа т1едиллар.

-Х1ара хандешнаш карарчу хене даха:

Слайд

Левзина-…

Тиллина-…

Яздина-…

Ведда-…

-Нийса жоп иштта хир ду:

Слайд

Левзина – (х1ун до?) ловзу

Тиллина – (х1ун до?) туьллу

Яздина — (х1ун до?)  яздо

Ведда – (х1ун до?)  воду.

-Х1инца хьовсур ду вай маца яздо хандешан карарчу хенахь чаккхенгахь -у,-а.

Слайд

Нагахь санна карарчу хенан хандешнийн орамехь балдийн мукъа аьзнаш о, оь, у, уь, ю, юь хилахь, цуьнан чаккхенга- у- яздо, ца хилахь -а- яздо:

Масала: лоькху, теша, доьшу, ловзу, леха.

-Ткъа х1инца хьовсу вай маца яздо хандешан карарчу хенахь чаккхенгахь -о.

Слайд

Карарчу хенан хандешан чаккхенга -о-яздо, нагахь санна цуьнан чаккхенгахь –во, -йо,-до, -бо, -ло хилахь:

Масала: мацво, ларйо, дицдо, хьагло.

-1амийнарг т1еч1аг1деш т1едиллар кхочушдийр ду вай:

-Д1аязде х1етал-метал.

-Карарчу хенан хандешан орамерчу мукъачу элпана к1ел сиз хьакха, цуьнан чаккхе билгал а яккха.

Слайд

Х1етал-метал хаийла хьуна:

1аьн т1ехь школе уьду иза,

Аьхка хуьлу иза ц1ахь,

Амма еача дашо гуьйре,

Карабо и хьан карахь.    (Т1…р…иг)

— Т1едиллар нийса кхочушдинехь иштта хила деза:

Слайд

Х1етал-метал хаийла хьуна:

1аьнт1ехь школе уьду иза,

Аьхка хуьлу иза ц1ахь,

Амма еача дашо гуьйре,

Карабо и хьан карахь.    (Т1оьрмиг)

-1амийнарг т1еч1аг1деш кхин а цхьа т1едиллар кхочушдийр ду вай:

-Т1адамийн метта оьшуш йолу чаккхенаш а йохкуш, т1ера схьаязъе предложенеш. Карарчу хенан хандешан орамерчу мукъачу элпана к1ел сиз а хьакха, цуьнан чаккхе  билгал а яккха.

Слайд

1аж 1ожана гена ца буж… . Доттаг1чо беллачу динна бага ца хьож… . Етт бигначул т1аьхьа зайл ца тух… . Коьртехь хьекъал ца хилча, когаша къахьоьг… . Хи гуттар цхьана хорша ца лел… . Хиндолу хьоза бенахь дек… . Дикачу к1анта ден дог делад… .

— Т1едиллар нийса кхочушдинехь иштта хила деза:

Слайд

1аж 1ожана гена ца бужу . Доттаг1чо беллачу динна бага ца хьожу . Етт бигначул т1аьхьа зайл ца туху . Коьртехь хьекъал ца хилча, когаша къахьоьгу . Хи гуттар цхьана хорша ца лела . Хиндолу хьоза бенахь дека . Дикачу к1анта ден дог деладо .

-Тахана  вай  дийцира  хандешан  карарчу  хенан дешнийн  нийсаяздарх лаьцна.

-Иштта девзира  хандешан карарчу хенахь долчу дешнийн хаттарш а, маь1на а.  

— Цу т1ехь таханлера урок ерзор ю вай.

— Маттах  долу  хаарш  1аморехь, пайдаэцарехь  Дала  аьтто бойла  шун!

-1одика йойла шун! Марша 1ойла!

Close
Яндекс.Метрика