Урокан ц1е: Ц1ерметдош. Юкъара кхетам.
Маршалла ду шуьга.
Х1окху урокехь шуна девзар ду ц1ерметдош. 1емар ду оьшучу меттехь ц1ердешнийн, билгалдешнийн , терахьдешнийн метана уьш яздан.
Слайд:
Шийтта, кхоъ, доьалг1а, уьссалг1а, оццул.
Йо1, к1ант, Адам, Хьава, нана, доттаг1, иза.
Можа, ц1ен, сийна, 1аьржа, иштта.
Муьлха ду х1ора мог1анехь совнаха дош?
Хьалхарчу мог1анехь- оццул
(важадерш терахьдешнаш ду ).
Шолг1ачу мог1анехь — (иза)
важадерш ц1ердешнаш ду
кхоалг1ачу мог1анехь -(иштта)
Дисина дешнаш билгалдешнаш ду ,
Иза , иштта , оццул –уьш ц1ерметдешнаш ду.
Слайд:
Дешнаш со, хьо, и, иза, тхо, шу, уьш ц1ерметдешнаш ду. Ц1е а ца йоккхуш я цуьнан мухалла, масалла билгал а ца еш, гойту ц1ерметдашо х1ума. Ц1ерметдош къамелан дакъа ду.
Ц1ерметдешнийн г1уллакхан тидам бийр бу вай
—Хьовса шина б1ог1амалгехь д1аязйинчу предложенешка
Слайд:
Хьасан йоьалг1ачу классехь Цо дика доьшу
доьшуш ву.
Сан можа цициг ду. Иштта цициг ду Сацитин.
Мохьмадан кхоъ ручка ю. Оццул ручканаш ю Хьамидан.
——
Хьалхарчу б1ог1амалгерчу предложенешкахь билгалдина дешнаш муьлха къамелан дакъош ду?
Слайд:
Хьасан – ц1ердош
можа – билгалдош
кхоъ – терахьдош
——-
Шолг1ачу б1ог1амалгехь вай билгалдина дешнаш:
цо, иштта, оццул — Хьасан, можа, кхоъ бохучу дешнийн меттана яздина ц1ерметдешнаш ду.
Слайд:
Хьасан — иза.
Можа — иштта.
Кхоъ — оццул
-Муьлхачу къамелан дакъойн метта лела шолг1ачу б1ог1амалгера дешнаш?
Далийнчу масалшка хьаьжча вайна билгалдолу ц1ерметдош ц1ердешан, билгалдешан, терахьдешан меттана лелаш хилар а, къамелехь иза оьшуш хилар а.
1амийнарг т1еч1аг1деш, иштта т1едиллар кхочушдийр ду вай.
Д1аеша текст:
Слайд:
Хьо хиллий мокха хьоза тергалдеш? Каде хьийза иза. Со цо тергал а ца вора. Уьш даим а вовшашца девне хуьлу. Цо деш дерг доккха зен дац, бечу пайдане хьаьжча. Тхо хьаьвсира цо к1орнеш кхобучу хенахь. Стоьмаш т1ера зуламе н1аьний даадо цо царна. Цундела 1алашдан деза и олхазар. Иза адамашца ч1ог1а гергарло долуш ду.
—Билгалдаьхначу дешнийн метта хьоза дош маь1ница дог1учу дожаре а х1оттош, юха д1аеша и текст.
Слайд:
Хьо хиллий мокха хьоза тергалдеш? Каде хьийза хьоза. Со хьозано тергал а ца вора. Хьозий (хьозарчий) даим а вовшашца девне хуьлу. Хьозаша деш дерг доккха зен дац, бечу пайдане хьаьжча. Тхо хьаьвсира хьозано к1орнеш кхобучу хенахь. Стоьмаш т1ера зуламе н1аьний даадо хьозано царна. Цундела 1алашдан деза и олхазар. Хьоза адамашца ч1ог1а гергарло долуш ду.
Хьоза, хьозано, хьозий(хьозарчий), хьозано, хьозано, хьоза.
Бераш , вайна тахана девзи ц1ерметдешнаш а, иштта церан маь1на а. 1еми йозанехь царах пайда эца а.
Цу т1ехь вайн урок ерзайо.
1одикайойла. Марша 1ойла.