Урокан ц1е: Ц1ердешнийн дожарш, легарш.
Маршалла ду шуьга. Х1окху урокехь вай карладоккхур ду ц1ердешнийн дожарех а, легарех а лаьцна 1амийнарг.
Дагадаийтий вай, маса дожар ду нохчийн маттахь. Стенах олу легар.
Слайд:
Нохчийн маттахь барх1 дожар ду, х1ораннан догг1у хаттар а долуш. Ц1ерниг доцург, диснарш лач дожарш ду.
Ц1ерниг Мила? Муьлш? Х1ун?
Доланиг Хьенан? Стенан?
Лург Хьанна? Стенна?
Дийриг Хьан? Стен?
Коьчалниг Хьаьнца? Стенца?
Хотталург Хьанах? Стенах?
Меттигниг Хьаьнга? Стенга?
Дустург Хьанал? Стенал?
——
Слайд:
Ц1ердешнийн дожаршца хийцадаларх легар олу.
И легарш билгалдоху цхьаллин терахьехь долчу ц1ердешнийн коьчалниг дожаран чаккхенашца. Ц1ердешнийн диъ легар ду.
1-ра легар — ца, — аца;
2-г1а легар – нца, — рца;
3-г1а легар — ица;
4-г1а легар – чуьнца.
Ц1. мангал йоза ваша йохкархо
Дл. мангалан йозанан вешин йохкархочун
Л. мангална йозанна вешина йохкархочунна
Др. мангало йозано вашас йохкархочо
К. мангалца йозанца вешица йохкархочуьнца
Х. мангалх йозанах вешех йохкархочух
М. мангале йозане вешига йохкархочуьнга
Д. мангалал йозанал вешел йохкархочул
—-
1амийнарг т1еч1аг1деш, иштта т1едиллар кхочушдийр ду вай.
Т1адамийн метта оьшу элпаш а дохкуш, билгалдаьхначу дешнийн дожар а, легар а билгалдеш д1аязъе.
Слайд:
Баба… д1акховдадо
Шен совг1ат – трактор.
И к1ант… схьаоьцу
Хиларца там.
Цкъачунна и ловзорг
Ю к1ент… карахь.
Ткъа кхана
Лоцур бу трактор… т1ам.
(Ахмадова Т.)
—Т1едиллар нийса кхочушдинехь иштта хир ду.
Слайд:
Бабас д1акховдадо
Шен совг1ат – трактор.
И к1анта схьаоьцу
Хиларца там.
Цкъачунна и ловзорг
Ю к1ентан карахь.
Ткъа кхана
Лоцур бу тракторан т1ам.
(Ахмадова Т.)
Бабас (Др.д. цхьаллин терахь, кхоалг1а легар).
К1анта (Др.д. цхьаллин терахь,хьалхара легар).
К1ентан ( Дл. д. цхьаллин терахь, хьалхара легар).
Тракторан (Дл.д. цхьаллин терахь, хьалхара легар)
—-
Кхин цхьа т1едиллар иштта хир ду:
Слайд:
Ойла а еш, д1аеша текст.Билгалдина ц1ердешнаш ц1ерниг, доланиг, лург, дийриг дожаршкахь хийца.
Цхьана юьртахь жа дажош 1у хилла. И 1у харцлен 1емина хилла. Цхьана дийнахь: «Борз еана!» -бохуш мохь бетташ, нахе орца даьккхина цо. Бахана нах д1ахьаьвсича, и бакъ ца карийна. Цхьа хан яьллачу хенахь кхин цкъа а орца даьккхина, борз еана бохуш. Баккъал а орца доьхуш мохь беттарх, нах ца тешаш, ца бахана, х1унда аьлча цо ша харцлуьйш хилар цкъа нахана довзийтина дела. Барзаца лара ца велла, барзо вийна и 1у. Амма бехке 1у ша хилла, харцлуьйш хиларна.
Бусалба дино ца магадо харцлер. Харцлуьйчу стагах нехан безам бов. Вай бакълуьйш хила деза. Нах вайх тешаш мел бу, вайн нахана юккъехь сий хир ду. Вай бакъдерг мел олу, вайна Дела реза хир ву.
———
Т1едиллар иштта кхочушдина хила деза.
Слайд:
Ц1. борз хан нах дин
Дл .берзан хенан нехан динан
Лр. барзана ханна нахана динна
Др. барзо хено наха дино
—-
Х1окху урокехь вай карладаьккхи ц1ердешнийн дожарех а, легарех а лаьцна 1амийнарг.
Урок цу т1ехь ерзор ю вай 1одикайойла.