4 класс. Урок №6 «Дешхьалхе а, дештIаьхье а, церан нийсаязъяр а».

-Дештlаьхьенашна а, царна хьалхарчу дешнашна а буха сизаш хьокхуш дlаязъе.

Слайд:

Стоьла …lуьллу сахьт. Адам хи… велира нека ца хуушшехь. Дитта … бара хьозанан бен. Мархашна… лела кема. Хи…лела водолазаш.

Нийса кеп:

Слайд:

Стоьла тlехь 1уьллу сахьт. Адам хи чувелира нека ца хуушшехь. Дитта тIехь бара хьозанан бен. Мархашна тIехула лела кема. Хи кIелхула лела водолазаш.

-Тидам бича вайна го дештIаьхьенаш цIердешнашца язйина хилар.

-ДештIаьхье къамелан дакъа ду. Иза цIердешнех къаьстина язйо. ДештIаьхьено а, цIердашо а цхьана хаттарна жоп ло.

-Масала: стоьла тIехь дешнийн цхьаьнакхетарехь хаттар  хIотто тарло стенна тIехь?

-Хьовсий вай хIун башхалла ю дешхьалхенан, дештIаьхенан юкъахь.

-Дешхьалхе орамна хьалха лаьтташ долу дешан дакъа ду, ткъа дештIаьхье ша дош ду, къамелан дакъа ду и.

-Дешхьалхе хандашах дIакъасто тарло, дешхьалхений, орамний юккъе ца, ма, а диллича.

Слайд:

Масала: хьалакхосса — хьала ма кхосса; тIевахара – тIе ца вхара;

схьаваьлла – схьа а ваьлла.

-ХIокхеран тидам бича, вайна го дешхьалхе хандашца  цхьаьна а, къаьстина а язъеш хилар.

Слайд:

Вай Iамийнарг тIечIагIдеш кхин а цхьа тIедиллар кхочушдийр ду вай:

Схьаязде цкъа хьалха дештIаьхьенаш шайца долу дешнаш;

Юха дешхьалхенаш йолу дешнаш.

Слайд:

Iожан дитта кIел Iаж бужу. Нанас ведар чохь шура еара.

ДIадийнарг тIедалаза дуьсур дац. Ша динарг дIаяздар – тIаьхьенна куьзга ду.

Слайд нийса жоп иштта хир ду:

Дитта кIел, ведар чохь; — кIел, чохь— дештIаьхьенаш ю.

ДIадийнарг, дIаяздар;-  дIа, дIа-дешхьалхенаш ю.

Кху тIехь вайн урок чекхйолу.

Iодика йойла шун, марша Iойла.

Close
Яндекс.Метрика