4 класс. Урок №2 «Аьзнаш, элпаш, дешдакъа».

Урокан цlе: Аьзнаш, элпаш, дешдакъа.

— Де дика хуьлда шун,сан лераме дешархой! Тахана юха а рогlера цхьаьнакхетар хили вайн. Воккха ве со, ненан мотт безаш а, цуьнца шун  йолу марзо, де — дийне мел дели алсам йолуш хиларна.

Тахана вай дуьйцур ду аьзнех а, элпех а, дешдакъойх а лаьцна.

— Вай хlинца хьовсур ду шуна лахарчу классашкахь lамийнарг дагадогlий.

— Аьзнаш муха кхоллало, элпаш стенах олу, дешдакъа муха хуьлу?

— Карладахий вай?

Слайд:

Аьзнаш lамочу lилманах фонетика олу.

Аз стенах олу, маса тайпана хуьлу аьзнаш?

— Кийрара схьадолуш долу хlаваъ озе дерзарх, аз кхоллало. Аьзнаш шина тайпана хуьлу: мукъа а, мукъаза а.

Кийрара схьадолу хlаваъ паргlат озе дерзарх мукъа аз кхоллало.

Слайд:

Мукъа аьзнаш исс ду: а, аь, о, оь, у, уь, и, э, ы.

Масала: алу, аз, аьрзу, аьлха, оьпа, доьша, уьстагI, эмкал, апари.

Мукъа элп ялх ду: е, ё, я, яь ю, юь.

Масала: етт, ялта, яьшка, ялгlу, юрт, юьртахо, ярташ.

Кийрара схьадолу хlаваъ цхьацца дуьхьалонашца озе дерзарх мукъаза аз кхоллало.

Слайд:

Мукъаза аьзнаш ткъе кхойтта ду: б, в, г, гl д, ж, з ,й, к, кх, къ, кl, л, м, н, п, пl, р, с, т, тl, ф, х, хь, хl, ц, цl, ч, чl, ш, щ, ъ, l.

Масала: бедар, верта, кхокха, дахар, зурма, жа, кlа, къиг, лекъ, леча, тай, тlай, маьждиг, майда, ринжа, цlелиг.

Аз йозане даьккхича элп олу. Цхьадолчу дешнашкахь аьзнаш элпел сов хуьлу, элпаш аьзнел сов хила а тарло.

Слайд;

Масала: итт бохучу дашехь кхо элп ду, ши аз ду (т-цкъа бен ца хеза).

Дешар бохучу дашехь пхи элп ду, ялх аз ду, хlунда аьлча Д-тlехьа и, э ши аз хеза.

Нохчийн алфавитехь 49 элп ду. Рогlехь дlахlиттийначу элпех абат олу.

Дешнаш аьзнех лаьтта.

— Аьзнаш йозанехь элпашца билгалдо. Дешнаш дакъошка декъало.

Слайд:

Масала: вор-да, чор-па, лаьм-наш, кхо-кха, та-ча, буьй-са, сов-гlат, чlа-ра. Хlора дешдекъехь мукъа аз доллучул дешдакъа хуьлу. Масала: lа-хар, го-маш, кlор-ни, бу-гlа, ла-ма-ро, во-тан-ча, зур-ман-ча, пон-дар-ча.

lамийнарг тlечlагlдеш тlедиллар кхочушдийр ду вай.

— Дешнашкара мукъа аьзнаш билгалдаха.

Слайд:

lа-хар, го-маш, кlор-ни, бу-гlа, ла-ма-ро, во-тан-ча, зур-ман-ча, пон-дар-ча.

Нийса кеп:

lа-хар, го-маш, кlор-ни, бу-гlа, ла-ма-ро, во-тан-ча, зур-ман-ча, пон-дар-ча.

               Дешнийн дошам:

Аьрзу — орел,               леча — сокол,               ринжа — жима ков,

гомаш — буйвол,         lахар — ягненок,          лекъ — перепелка.

Къиг — ворона,            маьждиг — мечеть,      верта — бурка.

— Вайна девзи аьзнаш а, элпаш а, дешдакъош а.

Бераш,ненан маттаца йолу марзо цкъа а дlа ма йолийла шун. Дешар тlехь баккхий кхиамаш бохийла аш!

lодика йойла, марша lолда шу!

Пайдаэцна литература: Солтаханов Э.Х, Солтаханов И.Э., Эдилов С.Э. «Нохчийн мотт — 4 класс» Соьлжа-ГIала АО «ИПК» «Грозненский рабочий» — 2016ш.         Абдурзаков Ш.И.           «Iаламан совгIаташ» Дошам.Соьлжа-ГIала 2016 ш.

Автор: Хасаров Рамзан Шараниевич МБОУ «СОШ №54 имени Хасана Кааева» г. Грозный.

Тесты

Шалха элп юккъехь долу дош къастаде

бIов

зIе

+ гIала

дIора

Close
Яндекс.Метрика