-Бераш, де дика хуьлда шун!
-Вай д1айолор ю вешан рог1ера урок
-Х1етал-метал хаьийла шуна:
Слайд:
Х1уманаш, адам билгалдо,
Мила? Х1ун ю? хаттарш до.
Ойлаей хьо дийций вала,
Къамелан вай муьлха дакьа
Ду со, чехка алий вала?
-Муьлха къамелан дакъа ду и? (Ц1ердош).
-Ц1ердешан х1ун билгалонаш ю цу байта т1ехь ялийнарш?
Слайд:
(Х1уманаш, адам билгалдо, мила? х1ун? хаттарш ду).
-Вай тахана девзар ду ц1ердешнаш.
-Дуьйцур ц1едешан билгалонех лаьцна.
Слайд:
Тукар, т1арий, маха, тай,
Басам, кисий, дари к1айн
Ша, дол, аьрша я 1аддий,
Уьйриг, мижарг, цхьа мисхал,
Нехча, берам я сискал,
Шар я морза, муьста бод,
Хьо д1аяла, нанийн дог.
-Муьлха х1уманаш ю байта т1ехь юьйцурш?
Слайд:
Тукар, т1ара, маха, басам, киса, дари, ша, дол.
-Уьш х1ун ю? (Дешнаш).
-Х1ун билгалйо цара? (Х1уманаш).
-Муьлха къамелан дакъош ду уьш? (Ц1ердешнаш).
Слай:
Х1ума билгал а еш, мила? муьлш? х1ун? бохучу хаттаршна жоп лучу кьамелан декъах ц1ердош олу.
Масала: мила? (стаг), муьлш? (бераш), х1ун? (буц, кехат)
—Ц1ердешнаш дожаршкахь а, терахьашкахь а хийцало:
Слайд:
адам-адамаш, кор-кораш, дешархо-дешархой, доттаг1-доттаг1ий;
адам-адаман-адамна-адамо-адамца-адамах-адаме-адамал.
-Ц1ердашнаш билгалчу цхьана классехь хуьлу:
Слайд:
ваша ву-вежарий бу-1-ра класс,
нана ю-наной бу-2-г1а класс,
къолам бу-къоламаш бу-кхийолу классаш.
—Ц1ердешнаш тобанашка декъало.
-Х1инца вай дуьйцур уьш муьлха тобанаш ю а, ц1ердешнаш муьлхачу тобанашка декъало а.
Слайд:
Дешархо, лор, стаг, адам , белхало, мукх, борц, бамба, хьаьжк1а, наьрсаш, дарц, стелахаьштиг, дог1а, мох, йис, 1ахар, борз, говр, гомаш, маймал тетрадь, не1, къолам, сурт.
-Х1ара дешнаш тобанашка доькъур ду вай.
Слайд: (Нийса иштта хир ду)
Адамаш аьллачу тобане-дешархо, лор, стаг, адам , белхало.
Ораматаш аьллачу тобане-мукх, борц, бамба, хьаьжк1а, наьрсаш.
1аламан хиламаш аьллачу тобане-дарц, стелахаьштиг, дог1а, мох, йис.
Дийнаташ аьллачу тобане-1ахар, борз, говр, гомаш, маймал.
Х1уманаш аьллачу тобане-тетрадь, не1, къолам, сурт.
-Х1инца вай билгалдоккхур ду, кхин муьлхачу тобанашка декъало ц1ердешнаш.
Слайд:
Мила? -хаттар х1оттадо адамашна.
Масала: дешархо, лор, стаг, адам , белхало.
Х1ун?-хаттар х1оттадо кхийолчу моссо а х1уманна.
Масала: лам, дитт, стом, дог1а, 1алам, борз, сурт, наьрс, хьаьжк1а.
-1амийнарг т1еч1аг1деш, цхьа т1едиллар кхочушдийр ду вай.
Слайд:
Малх чубуьзна. Бераша аьхка садо1у. Дитташ т1ера г1аш охьаоьгу. Сан деда хьуьнан белхало ву. Меллаша дог1у ло.
— Билгалйохур ю вай предложенин меженаш.
Слайд: (предложенин меженашна к1ел сиз хьакха)
Малх чубуьзна. Бераша аьхка садо1у. Дитташ т1ера г1аш охьаоьгу. . Меллаша дог1у ло. Сан деда хьуьнан белхало ву.
-Цу т1ехь вай ерзор ю вешан рог1ера урок.
-1одикайойла, марша 1ойла!