4 класс. Урок №10 «Къамелан дакъош».

Урок №10 Тема: Къамелан дакъош

Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой!

ХIокху урокехь вай дуьйцур ду къамелан дакъойх лаьцна.

Дерриге вайн къамел дешнех лаьтташ ду. Цхьадолчу дешнаша хIуманийн цIераш йоху, вукхара хIуманийн тайп- тайпана билгалонаш гойту, ткъа кхечара хIуманийн дар я хилар гойту. И хIора дош шен – шен хаттарна жоп луш ду. Мила? ХIун? Муьлш? Муха? Хьенан? Стенан? ХIун дан? ХIун хила? Маца? Мичахь? иштта кхин дIа а.

Дешнаш тобанашка декъало, шаьш хаттарна лучу жоьпе а, билгалъечу хIумане а, хийцадаларе а хьаьжжина.

Цу тобанех вай къамелан дакъош олу.

Къамелан дакъош коьрта а, гIуллакхан а хуьлу.

Слайд:

Коьрта къамелан ду:

ЦIердош

Билгалдош

Терахьдош

ЦIерметдош

Хандош

Куцдош

Ткъа гIуллакхан къамелан дакъош:

ДештIаьхье

Хуттург

Дакъалг

Айдардош.

——

Царех цхьадерш вайна хIокху урокехь девзар ду.

ДIайоьшур ю вай хIара байт:

СЛАЙД

Олхазарийн зевне эшарш

Арахь хеза, тамехь екаш.

Класса чохь ду – шабарш, шабарш,

Берийн аьзнаш хеза декаш.

… Луьрчу Iаьно гIелдина,

Кху дийне сатийсина,

ЦIенчу дагца хьасене

Дерриг кхийда бIаьстене.

                                    (С. Эдилов)

———————————————

Хьовсур ду вай муьлхачу хаттаршна жоьпаш ло хIокху стихотворени юкъарчу дешнаша, цара хIун гойту а.

СЛАЙД:

Олхазарш, эшарш, класс, шабарш, Iа, де, дог, бIаьсте. (текст юккъехь анимацица сиз хьокхуш гойту)

————————————————

Олхазарш (байт юкъахь -олхазарийн), эшарш, класс, шабарш, Iа(Iаьно),

де(дийне), дог(дагца), бIаьсте (бIаьстене) -хIокху дешнаша хIума билгалйо, хIуманан цIе йоккху, ХIун? бохучу хаттарна жоп ло.

СЛАЙД:

Бераш (анимаци текст юккъехь)

————————-

Бераш (байт юкъахь- берийн) бохучу дашо адамаш билгалдо, Муьлш? бохучу хаттарна жоп а ло.

СЛАЙД:

ХIума, я адам билгалдеш, ХIун? Мила? Муьлш? бохучу хаттаршна жоп лучу къамелан декъах ЦIердош олу. ЦIердешнаш дожаршца а, терахьашца а хийцало. Предложенехь коьрта а, коьртаза а меже хуьлий лела.

————————————————————-

Зевне, тамехь, луьра (луьрачу), цIена (цIеначу). (анимацица гойту) бохучу дешнаша хIуманийн билгалонаш гойту. Муха? бохучу хаттарна жоп а ло.

СЛАЙД:

ХIуманан билгало а гойтуш, муха? муьлха? хьенан? стенан? бохучу хаттаршна жоп лучу къамелан декъах билгалдош олу. Предложенехь билгалдешан цIердашца уьйр хуьлу. Коьртаза меже къастам хуьлий лела.

——————————————————————

Хеза, гIелдина, сатийсина, кхийда — дешнаш хIун до? хIун дина? бохучу хаттаршна жоьпаш луш ду. Цара дар, я хилар гойту.

СЛАЙД:

Дар, я хилар гойтуш, хIун до? хIун дина? хIун дийр ду? бохучу хаттаршна жоьпаш лучу къамелан декъах хандош олу. Иза хенашца а, терахьашца а хийцало. Предложенехь дукхахьолахь сказуеми хуьлий лела.

—ХIинца вай дийцинарг тIечIагIдеш, цхьа тIедиллар кхочушдан хьовсур ду вай.

ХIара дешнаш кхаа бIогIамалге дIанисде: хIума, я адам билгалдеш дерш, хIуманийн билгалонаш гойтуш дерш, хIуманан дар, я хилар гойтуш дерш.

СЛАЙД:

Туьйра, аннийн, ирсе, самукъане, зезагаш, хезира, яздо, Iуьйре, шелъелла, кIоршаме, волавелла, йогIур ю, дешархо, кIентий,

————————————————

ТIедиллар нийса кхочушдинехь жоп иштта хир ду

СЛАЙД:

Туьйра             аннийн                  хезира

Дешархо         ирсе                       яздо

КIентий          самукъане            шелъелла

Зезагаш           селханлера          волавелла

Iуьйре             кIоршаме            йогIур ю

———————————————

Хьалхарчу бIогIамалгера дешнаш мила? хIун? муьлш? хаттаршна жоьпаш луш ду. Уьш цIердешнаш ду.

ШолгIачу бIогIамалгера дешнаш муха? муьлха? стенан? хаттаршна жоьпаш луш ду. Уьш билгалдешнаш ду.

Ткъа кхоалгIачу бIогIамалгера дешнаш хIун до? хIун дина? хIун дийр ду? Хаттаршна жоьпаш луш ду.Уьш хандешнаш ду.

Предложенехь церан хьал гойтуш кхин цхьа масала далор вай.

СЛАЙД:

ЙоIа хаза суьрташ дехкира.

Муьлхачу къамелан дакъойх лаьтта хIара предложенеш?

ХIун дира? — дехкира, хандош — сказуеми.  ͠

Дехкира хьан?йоIа, цIердош – подлежащи.

 Дехкира хIун?суьрташ – цIердош, кхачам.

муха суьрташ? хаза – билгалдош, къастам.

Малх дIабуьзнера. (анимацица)

ХIун динера?дIабуьзнера –хандош ду, сказуеми ду. ДIабуьзнера хIун? — малх – цIердош, подлежащи.

Тахана вайна девзи коьртачарех долу кхоъ къамелан дакъа. ЦIердош, билгалдош, хандош. Дийци цара хIун гойту, муьлхачу хаттаршна жоьпаш ло, муха хийцало, предложенехь муьлха меженаш хуьлу.

Кху тIехь вай урок ерзор ю. Iодика йойла шун! Марша Iойла!

Close
Яндекс.Метрика