IV дакъа. Нохчийн оьздангаллехь Iаламца а, къинхьегамца а йолу юкъаметтигаш

Нохчийн къоман оьздангаллехь мехала ю стеган Iаламца йолу юкъаметтиг. Iаламца, адамашца санна, лераме а, кхоаме а, къинхетаме а хилар тIедужу стагана. Цундела цуьнан акхарошца, цIахь лелочу хьайбанашца, олхазаршца, лаьттаца, хьаннашца, хишца, цанашца хила йогIу юкъаметтигаш билгалъяьхна гIиллакхашкахь.
Уггар а хьалха шен цIахь долчу хьайбанийн доладар: уьш меца ца дитар, экханах лардар, царна чохь латта меттиг кечъяр, цомгаш хилча, дарба лахар тIедужу стагана. ХIунда аьлча, цкъа делахь, Дала стаге шен дегIах а, доьзалх а санна, жоп доьхур долуш ду цуьнан дохнех а; шолгIа делахь, цо лелочу даьхница цуьнан йолчу юкъаметтиге хьаьжжина билгалдаккха тарло хIора стеган оьздангаллин сурт-сибат.
Оцу хьокъехь ду хIара халкъан дийцар а.
 
«Нахалахь дика цIе яхна эла волчу боьлхуш хилла и санна болу элий. Шаьш хьошалгIа доьлхург вуьйцуш хазар бен, кхин гина вевзаш а ца хилла царна.
Цуьнан махка дIакхаьчча, цхьана жаIуьнна тIеIиттабелла хIорш. И жаIу хIинцца бехкина жий дIаIалашбеш, Iахар ненах бакхийта гIерташ воллуш хилла. Салам делла, тIехIиттинчу хьешаша хаьттина, эла цIахь вуй аьлла. «Ву, дIа чу гIо, хIинцца чувогIур ву шуна», — аьлла, жаIуьно хIусаме чубахийтина хьеший.
Кхано шен жий Iалашбина а ваьлла, чувахна эла. Хьешашна жаIу ву моьттинарг ша эла хилла. Цунах кхеттачу хьешаша, и тайпа болх а, кхуьнан духар а элица догIуш шайна ца хетар цабашарца къадийна. Дукха ца Iаш, хьеший, шайн хIусамдена реза а ца хилла, дIабаха новкъабевлла.
Новкъахь цхьа къуй тIе а летта, цаьргара говраш а, герзаш а дIадаьхна. Баьхкина, буьйсанна юккъехь гIаш юхакхаьчна хьеший, гIел а белла, мац а белла. Дийцина цара шайна хилларг. Хьеший паргIат а бовлийтина, араваьллачу элас, оцу къуйшна тIаьхьа а кхиъна, схьаяьхна юхаерзийна церан говраш а, герзаш а. Цунах баккхийбеш, баркаллаш бохуш хьаьвзина хьеший. Ткъа хIусамдас цаьрга аьлла:
— Со сайн даьхнийн лай ву шуна, шу санна болчу нехан эла а ву шуна».
ХIокху дийцаран масех маьIна билгалдаккха йиш ю вайн. Уггар хьалха, адаман хьайбанца къинхетаме юкъаметтиг хила езар гойту кхузахь. «Мотт бийца ца хуучу хьайбанна тIе муха кхевдар ву?» — бехк боккхуш хезна вайна, цхьамма шен керта гIоьртинчу хьайбанна чIогIа тоьхча. Ткъа хIокху дийцарехь хьешийн гIуллакхе хьажарал а мехала хетта хьайбанан гIуллакх. ХIунда аьлча, хьайба гIийла ду адамал, ткъа гIелалла, гIорасизалла ларар, иштта волчунна орцах вахар кхечу хIумнел хьалхадаккхар деза лийрина нохчийн оьздангалло. (Бусалба динехь, хьайбанийн хьаште а хьаьжна — масала, мацделла Iоьхуш делахь, цунна хIума а елла, — дича могуьйтуш ду парз ламаз а.)
ШолгIа делахь, нохчийн кхетамехь муьлххачу стага (и эла велахь а, паччахь велахь а) шен даьхнин доладар а, белхан духар лелор а, къахьегар а иэхье дац, мелхо а сийлахь ду.
 
КхозлагIа делахь, сица эла хилар — иза кура лелар, Iаьржачу балхах къехкар дац, оьшучохь стагана орцах валар а, цунна гIо-накъосталла дан къонахалла хилар а ду. И маьIна ду хIусамдас шен хьешашка аьллачу тIаьххьарчу дешнийн.
ЦIахь лелочу хьайбанашлахь къонахчо уггаре а чIогIа гергарло говраца лелош хилла. Иза шен нийса накъост санна хеташ а хилла, де эшначу дийнахь шена орцахъяла иза кийча юйла хууш. И тайпа масалш дукха ду нохчийн барта кхоллараллехь. Иштта, «Жерочун кIантах а, эла Манцех а долчу илли» тIехь Жерочун кIентан дин цкъа дIааьллачух кхеташ бу, шен да тешнабехко хьовзийча цунна орцахболу иза, цуьнан доттагIа Хаси волчу а боьдий, иза а валаво цо шен дена гIоьнна. Говрах, цуьнан дика амалш билгалйохуш, «са цIена гила» олу халкъан иллешкахь.
Дин балар доккха вуон хетта нохчочунна, иза адам кхалхарца (тешаме доттагIа дIаваларца) дуьстина. Иштта вуон деъначу стеган дог-ойла гойтуш бу халкъан мукъам – «Дин беллачу кIентан йиш». Хьеннан а дог дуткъдан а, бIаьрг белхо а ницкъ болуш йиш ю иза.
Бадуев СаIидан цхьана повестан турпалхочунна шена тIекхаьчна кхо вуон — нана а, езар а, дин а кхалхар — цхьатерра халонга долу, хьалхарчу шинна и кхоалгIаниг тIекхетча, хьекъална а оьшу иза.
Говро нохчочун дахарехь доккха маьIна лелоран билгало ю вайн маттахь цунах йоккхуш масех цIе хилар а: говр — юкъара цIе; бекъа — жима говр; айгIар — Iамоза говр; дин — тIехуу, хохку говр; гила — оццу маьIнехь; алаша — южу говр; Iаспар — къена говр…
Говр, къаьсттина хохкуш ерг, чIогIа лерина лелош хилла, ша-тайпа кхача а (масала, кхерзина хьаьжкIаш, кхехкийна кIа, сула) латтош, малдой хи а малош, шен рожехь лийча а еш.
Говр иштта лераме хиллехь а, халкъан кхетамо кхоьллина кхин цхьа кица а ду: «Говрах а, зудчух а ма теша». Цаьрга болчу безаме хьуо бIарз ма вайта бохург ду иза, тIех болчу безамо (тешамо) артдо лерса а, бIаьрса а; цундела говрах болу тешам шен доза долуш хила беза.
Нагахь говран иштта сий-ларам бахь а, бахамехь и санна оьшучу (къаьсттина — ламчохь) хьайбане — вире болу хьежам бегаше-беламе бу вайнехан. Новкъа волуш цуьнан цIе яккхар а магош ца хилла. Тайп-тайпанчу кицанаша а гойту иза: «Виро вир аьлча, вир бердах дахна», «Вирца лаьттина етт Iоьхуш хилла», «Вир баьIаш юккъехь бен Iийр дац»… И тIаьххьара кица Сулейманов Ахьмада иштта далийна шен «Ламанан хьостанаш» стихотворенехь:
Дин тIе хиъна аравалахь,
Кхочур тIамтIе я тойне.
Вир тIе хиъна аравалахь,
Вир дежачу баьIаш тIе.
 
Ша-тайпа хилла нохчийн бежнашка болу хьежам. Стеган хьал-бахаман я цхьана диканна, вуонна лучу томан барам хилла етт. Масала, стеган меха 63 я 70 етт хилла; зуда шен майрачух ца ешаш, цIа еъча, оцу зудчун наха «цаяшар» токхуш хилла — 8 етт, и. дI. кх. а. Хьаша-да веъча, цуьнан сийнна уьстагI буьйш хилла, я хьеший дуккха а хилча — сту.
Лараме хилла вайнехан хIусамехь цициг а, жIаьла а. Къаьсттина — цициг. Тахана а нохчийн кхетамехь ду цициг самадаккха мегар дац, иза къилахь ду бохург. Иштта, шен кIорга маьIна долуш дийцар а ду вайн барта кхоллараллехь.
Цхьана доьзалехь дехаш цициг хилла. Ткъа оцу доьзалан да цициган мотт хууш хилла боху. Цхьана дийнахь цунна хезна цициго шен кIорнешка олуш: «Кестта уьстагI бу вайн хIусамден лийр болуш, жижиг дуур ду вай». Вахана, хIусамдас, и зен шена ца хилийта, уьстагI дIабоьхкина. Кхин цхьа ши де даьлча, юха а хезна хIусамдена цициго шен кIорнешка олуш: «Кестта етт бу лийр болуш, тIаккха жижиг дуур ду вай». Вахана, хIусамдас и етт а дIабоьхкина, базара а бигна. ТIаккха кхозлагIа а хезна цунна цициган къамел: «Кестта говр ю лийр йолуш…». Говрах а изза дина хIусамдас.
Цул тIаьхьа хезна цунна цициган къамел: «Кестта хIусамда ву лийр волуш, тIаккха цунна тIера сагIа доккхуш жижиг дуур ду вай». Шена тIехIоьттинчу Делан кхиэлана дан хIума а ца хилла, велла, эхарта дIавирзина и хIусамда.
Кху дийцаран коьрта маьIнаш билгалдохур вай: цкъа делахь, кхузахь гуш бу Iожалла а, бохам а сагIано дIатотту, цIен тIера хьайба далар а сагIа ду, цхьаьннан хан яхъеш дIадоьду и боху къоман философин кхетам; шолгIа делахь, цициг а, ткъа иштта кхин а шен цIен тIехь долу хьайба, шен хеннахь кхача а луш, Iалашдеш ца хилча, цара сатаса тарло иштта бохам цIен тIе баре; кхозлагIа делахь, цхьана а тайпана шен бахамна эшам боцуш, дерригенах а пайда баккха гIерташ, бIаьрмециг хиларо дика болх бийр бац стагана.
Цхьана агIор, вай билгал ма-даккхара, цициге лерам белахь а, вукху агIор зудчух хуьлу гIам цициган суьртехь го нохчашна. Кхузахь оцу хьайбане шина кепара хьежам бу, нийсса вовшашна бIостане. Оцу тайпана шен чулацамехь галморзахалла йолу хьежамаш кIезиг ца нисло нохчийн къоман философехь.
Тайп-тайпана тидамаш, тешамаш бузу нохчаша хьайбанийн, олхазарийн леларшца. Шайна тIебан тарлучу бохамах, я диканах болу хаамаш санна туьду цара уьш. Иштта, юьртахь бухIа екча, я жIаьла уьгIча, цхьаъ кхелха олу.
 
Пхьаьрчий, иэраш адамийн накъостий санна гойту нохчийн фольклорехь а. Дукха хьолахь, шайн дена тIекхаьчначу бохамах хаам беш, орца доккху цара. Масала, «Бокин Цухушан илли» тIехь, лам тIера цIа даьхкина жIаьлеш уьгIча, хIусамдас уьш дузаде олу. Амма пхьаьрчаша
Шура а ца молу, –
Ломехьа угIу.
Дума а ца буу, –
Ломехьа угIу…
 
Ша-тайпа хьулдина маьIна го вайнахана зIакардохнан леларехь: нIаьна чу а йирзина, кхайкхича, хьаша вогIу олу; ткъа котам нIаьнех кхайкхича, иза ен а йийна, кхузза цIийнан тхов тIехула дIасакхосса еза, и ца дахь, цхьа бохам хиларна кхерам бу олу.
Къаьсттина юкъаметтигаш хилла нохчийн акхарошца а. Уггар хьалха хьахор вай борз. Цхьана хенахь, хетарехь — Iеса дин лелочу заманахь, и экха деза а, сийлахь а лоруш хиллачух тера ду вайнаха. Цундела ду нохчийн маттахь стеган дика амалш гойтуш далош хIара тайпа дустарш: «борз санна майра», «борз санна каде», «барзал дера», и. дI. кх. а. Цхьа стаг хасто лиъча, олу: «Цхьа борз ю и кIант», «Горалера борз яI!».
Барзаца боьзна дуккха а тешамаш а бу вайнехан. Масала, барзана лен чов а йина, и ялале цунна тIера даьккхина цIога цхьамма шен безам лаьттинчунна тоьхча, и стаг ца везавала йиш яц; иштта схьадаьккхина берзан гIулг юккъехула даьккхича, шина стеган барт иэгIа; ткъа цуьнан пха багийча, хьан хIума лачкъийна стаг, и пха санна, хеба…
Цул сов, барзах «Делан туркх» олуш а ду вайн. Иза даьхнина я акхарошна тIекховдар цхьана Лекхачу Нийсонан терза нисдеш ду бохучу маьIнехь кхето деза и дешнаш.
Iесачу заманахь къоман синкхетамехь барзо ша-тайпа а, йоккха а меттиг дIалаьцна хилар билгалдолу вайна лаьтта тIерачу садолчу массо а хIуманан тIаьххьара де — къематде тIехIоттар а нохчаша оцу экханах доьзна хиларехь а.
 
«Дуьне дохо кечдеш, шовзткъа дийнахь, шовзткъа бусий догIа оьхур ду. Цул тIаьхьа дерриг а латта а, лаьмнаш а, гунаш а догIано самсадаьхча, шовзткъа дийнахь, шовзткъа бусий мох хьоькхур бу, дуьне куьйган кераюкъ санна дIашардан.
Оцу мохо и дерриге а ламанаш, хьаннаш, гунаш тIекIелдетташ, дIашардинчу хенахь, гила борз ялаза дийна хир ю боху. Оццул чIогIа хьоькхучу мохана дуьхьал йоьрзур ю боху и борз. Кхин и борз йожа ца туьгуш, мохо меран дукъа тIехула хьала хье тIе кхаччалц долу чкъор эккхийтина, берзан ерриг а цIока озийна, цIогана тIехула эцна чекхйоккхур ю боху. ТIаккха а мохе йожа ца луш, шек дIа а ца йолуш лаьтташ йолчу барзо Деле эр ду боху: «ХIай, веза хилла волу Дела, иштта са чIогIа, турпала ахь ша кхоьллинийла хиънехь, хIокху дуьненчохь са долу хIума ца дита дуй буур бара-кх ша хьуна», — аьлла.
Цул тIаьхьа Дала дIаоьцур ду боху цуьнан са». («Пхьармат» журнал, 1991, № 1).
Борз — коьрта экха а, вайн къоман коьрта маьIне хьаьрк а хилар доьзна ду цуьнан амалшца: гуттар а, юхахьажар доцуш, мостагIех лата кийча хилар; нагахь шен ницкъ эшахь, къаръелла буха цасацар; дукха хьолахь, арданге ца хьоьжуш, шен хьашташ ша кхочушдар; уггаре коьртаниг — цунна маршо езар.
Нохчаша ша-тайпа ларам беш экха ду сай. Иза тIаьххьарчу хенахь вайн хьаннашкахь дацахь а, цхьана хенахь дуккха а хиллачух тера ду. ХIунда аьлча, вайн къоман барта кхоллараллехь Iаламат йоккха меттиг дIалоцу цо. Сай цхьалхачу къонахчуьнца бустуш, башха лирически илли а ду халкъан, шен исбаьхьалла Iаламат лакхара а йолуш:
Ламанах бухдуьйлу шал шийла шовданаш
Шен бекъачу кийранна Iаббалца ца молуш,
Варша йисте ва йолу маргIала сийна буц
Шен оьздачу зорханна буззалац ца юуш,
Цу хьуьнан хотешкахь берзан йорт ва етташ,
Iинан кIорге ва буьйлуш, сема ла ва дуьйгIуш,
Иччархочун ва тоьпо лацарна ша кхоьруш,
Мокхазар цу бердах куьран га ва хьоькхуш,
Цу попан орамах торгIал тIа ва детташ,
Лергаш дуьхьал ва туьйсуш, кур аркъал сеттабеш,
Орцал лакха ва буьйлуш, гIелашна ва гIергIаш,
Масане сай лела гIелашца ва боцуш…
Вай бен дац, кIенатий, бохуриг ца хуьлуш?!.
 
Кхузахь буьйцург сай белахь а, илланчас билгалйоху цуьнан амалш цхьалхачу, хIинца а доьзал кхоьллина чуверзаза волчу къонахчун ю: цуьнан молучу а, юучу а хIуманна тIехь оьзда, леларехь тIахъаьлла хилар, цуьнан сингаттамаш, карзахе, сирла ойланаш.
Акхарошца санна, олхазаршца а къинхетаме а, лераме а хилла нохчий. Иза гуш ду вайнаха берашна олхазарийн цIераш тахкарехь а: Леча, Аьрзу, Куьйра, Кхокха, Маккхал, Олхазар, ТIаус… Къаьсттина сийлахь олхазар ду нохчашна чIегIардиг. Цо шен бен адамашна юххехь стенна бо дуьйцуш, кIорга маьIна долуш дийцар а ду къоман иэсехь дисина.
«Дуьненчу хIорд хьаьддачу хенахь, цхьана доккхачу хIордакеманна тIехь адаман а, акхаройн а, сагалматийн а хIу кIелхьарадоккхуш хилла Нухь-пайхамар. Дуккха а зама яьлча, хIурдакема, цхьанхьа Iуьрг а даьлла, хих дуза доладелла. Доьхна хьаьвзина адам а, экха а, сагалмат а. ТIаккха текхарго аьлла, ша хьарча а хьаьрчина, шен дегIаца дIадукъур ду и Iуьрг, нагахь шега уггар мерза цIий долчу хIуманан цIий малийтахь. Массо а реза а хилла, текхарго Iуьрг дIа а дуькъна, хIорш латта долчу дIакхаьчна. Текхарго бумбари араяьккхина, уггар мерза цIий хьенан ду хьажал аьлла. Шена тIедиллинарг кхочуш а дина, юхайогIучу бумбарина дуьхьалдаьлла чIегIардиг. «Хьенан цIий карий хьуна уггаре а мерза?» — хаьттина цо. «Адаман цIий», — жоп делла бумбарис. «Схьагайтал хьайн мотт», — аьлла чIегIардиго. ДIагайтина бумбарис. ЧIегIардиго, зIок тоьхна, дIакхаьллина цуьнан мотт. Шена хиънарг текхарге дIадийца мотт боцуш, «бу-у-у», — бохуш, лела миска бумбари хIетахь дуьйна.
Ткъа чIегIардиго, пхьидан цIий дара бохура цо уггаре а мерза аьлла текхарге. Пхьидан цIий меллачу текхаргана и мерза ца карийна. ОьгIазъяханчу цо, чIегIардигах цетоьхна, амма тIома дала кадаьллачу олхазаран цIоганна бен тIе ца кхаьчна иза. ХIетахь, текхарго юкъ дIа а яьккхина, шалго дисна боху чIегIардиган цIога. «Ас хIинца дуьйна хьан кIорнеш юуш, тIаьхье кхуьуьйтур яц хьан», — аьлла боху текхарго. «И хьоьга ца дайта, ас сайн бен адамашна уллохь бийр бу», — жоп делла хилла чIегIардиго».
Оцу дийцаро а гойту вайн къоман синкхетамехь цхьадолу акхарой, олхазарш адамийн накъостий, доттагIий санна хетар.
 
Ткъа поэта Абдулаев Лечас иштта аьлла цунах лаьцна:
Муьлххачу а туьйранехь
Турпал ву.
Турпална саьрмик бен гIо дийраш
ХIунда ю даима
ХIуманаш, дийнаташ?
Адамаш,
Шу мичахь хилла-техь?..
 
Иза иштта делахь а, нохчий дукха хьалхе дуьйна экханна толлуш хилла. Амма цу тIехь а, хIорамма а шен каяьлларг ца лелош, шен бакъонаш а, дозанаш а хилла. Масала, талла йиш ца хилла акхарой дехкачу заманахь, я церан тIаьхье дукха жима йолуш. Стаг талла ваханехь, экха ура-атталла дежаш хилча дер а ца магош хилла нохчийн къоман оьздангалло. Шен рицкъа схьаэцийта, рицкъанах кхеташ хиларна шен само гIелъеллачу экханна тешнабехк а ца беш, — бохург ду иза.
Кхин цхьа бехкам а хилла таллархочун бохо йиш йоцуш. Муьлххачу а акхарочун хIу хадо йиш ца хилла, шена оьшуш а доцуш, совнаха, синкъерамна экха ден бакъо а ца хилла. «Нагахь, иштта эрна, дукха акхарой дойуш стаг хилча, цунна бекхам бо Акхаройн Дас», — бохуш, легенда а ю нохчийн синкхетамехь. Хетарехь, иза Iесачу заманахь кхоллаелла ю. И иштта делахь а, цуьнан оьздангаллин маьIна гуш ду: ахь мотт ца хуучу хьайбанашна дина зулам бекхам боцуш дуьсур дац хьуна, — бохург ду иза.
Акхарой тIех хIаллак ца дайтарна тIехьажийна кхин цхьа гIиллакх а хилла нохчийн Iадатехь. Кхо бIе экха дийначу таллархочо шен тоьпан бух баго безаш хилла. Ша кхидIа таллархо вац бохург хилла иза. Нагахь и ца дича, Акхаройн Дас, цо дайинчу акхаройн чIир оьцуш, хIаллаквеш хилла иза, бохуш дуьйцу халкъан дийцарша.
Диэн магош ца хилла тIехь цхьа ша-тайпа билгало, хIост долу экха а. И кхечарах къаьсташ долу дела, цо акхарошлахь ша-тайпа маьIна леладо боху тешам хилла вайнехан.
Хьайбанех, акхаройх болу къинхетам уггаре а кегийчу дийнаташца — сагалматашца а хилла вайнехан. Къаьсттина накхармозех а, зингатех а лаьцна дукха хьекъале аларш, дийцарш ду нохчийн фольклорехь. Масала, хьанала къахьоьгучу стагах, «накхармоза санна, къахьоьгуш ву иза» олу. Ткъа мало йолчу стагах, «моз доккху моза бац иза, моз дуу моза бу», я «жуккар» (никх чохь, яар бен, кхин балхана пайденна боцуш, беха моза) олу.
Зингатах долчу дийцаршкахь, оцу сагалматан къахьегарна тIера хилар гайтина ца Iаш, цуьнан доьналла, собар, ира хьекъал хилар а гойту. И адамийн бен хила йиш йоцу синмехаллаш оцу зингатна яларца, нохчаша билгалбоккху шайн оцу дийнате мел боккха сий-лерам бу. «Сайн гIодаюкъ хедар яцахьара, дерриге дуьне а такхор дара ас», — аьлла боху зингато. Оцу аларехь халкъо тIе тидам бахийтина зингат болх бан лаам болуш а, шен дегIе хьаьжча, онда а хиларна.
Кхечу дийцарехь гойту юучу хIуманна тIехь иза Iаламат кхоаме а, оьзда а хилар.
 
Цхьана хьалдолчу стага хаьттина боху зингате: «Хьуна шара чохь мел ялта тоьар дара?» — аьлла. «Суна-м цхьа кIен буьртиг а тоьар бара», — жоп делла боху зингато. Цо дуьйцучух ца тешаш, цхьанхьа чудоьллина боху хьалдолчу стага и зингат, цу чу цхьа кIен буьртиг а биллина. Цхьа шо даьлча, вахана, паргIатдаьккхина оцу стага и зингат. ЧIогIа цецваьлла иза, зингато ах буьртиг бен биъна ца карийча. «Со тешна дацара, — аьлла зингато, — хьуна, шо дIадаьлча а, со дагадогIур ду аьлла. Цундела кхоаме дара со кхачица».
ХIокху дийцарехь а го оццул жима долчу дийнатах мел доккха маьIна а, дахарехь адамашна оьшу амалш а йоьзна халкъо. Кхузахь хьахо деза зингатийн барз бохо мегар дац, и бохийча, догIа догIур ду боху халкъан бехкам а. Зингатийн баьрзнаш къаьсттина мангал хьокхуш дохадо. И бахьанехь, йочана а хилла, хьаькхна йол догIанехь а йисина, телхар ю, цундела зингатийн баьрзнаш лар а деш, хьакха мангал бохург ду иза.
Халкъо, хьекъале ю бохуш, дуккхаъчу дийцаршкахь юьйцуш ю зу; кертахь хилча беркат тIедогIу бохуш, цIе яккха а ца магош ю дингад (дехкийцоьстург а олу цунах); еза ю бохуш, хьахайо сагалмат — делан котам, додам… ТIаьххьарчух боьзна цхьа тешам а бу, иза куьйга тIе а яьккхина, дIахецча, и тIома а яьлла дIаяхначу агIорчу юьртара нускал далор ду бохуш. Поэта Рашидов Шаида стихийн барамехь яздина иза:
Бай тIера додамаш пIелгаш тIе йохуш,
Мичахьара далор ду ас нускал бохуш,
Шуьгахьа уьш евдча безамца вогуш,
Сатийса кхоьллина хилла-те со?..
 
Гуш ду вайнехан хьайбанашца, акхарошца, сагалматашца йолу юкъаметтигаш Дала кхоьллина дерриге а хIума — жима а, доккха а — шен цхьа меттиг, шен некъ, шен къайле, шен маьIна долуш ду, бохучу философин буха тIехь хилар… Цхьа Дела воцчунна хаа йиш яц церан ма-дарра долу маьIна, цундела Дала кхоьллинчу садолчу хIуманашка бен доцуш хьежа таро яц оьзда стаг, ийманехь волу стаг.
Изза юкъаметтиг хила еза цуьнан чохь садоцчу Iаламца а. Цунах дика кхеташ хилла вайн генара дай. Цхьа а ларам боцуш, кхоамза хьун хIаллакъяр а магош ца хилла цара. «Хьуьнан а шен да ву, — олуш хилла наха. — Хьуьнна дукха зен дича, цо бекхам бийр бу». Хьуьнха воьдучу стага шен диг тIе бехчалг хьарчайой, къайладоккхуш хилла, иза дитташна ца гайта. Ша дечиг охьатоха дIаволавалале, «Бисмилла» а доккхий, «Везан Дела, къилахь ма ларалахь», — олуш хилла стага, ша бежанна я кхечу хьайбанна урс хьокхуш ма-аллара.
Къаьсттина чIогIа лерам хилла нохчийн тIе стом латочу дитташца: Iожаца, кхораца, стовца, хьайбица, и. дI. кх. а. Магош ца хилла уьш дечгана ягон я кхечу хьаштана царах пайдаэца. Нагахь цхьамма и дахь, нахалахь цIе дIайоьдуш хилла: «Кхуран дечиг дагийна хьенех», — олуш. Иза иэхье тIехтохам а хилла. Нислуш хилла хьуьнакхор охьатоьхначунна кIарлагIа югIуш а.
Iаламат чIогIа лерам хилла стовца а. Цуьнан ши буьртиг кийрахь а болуш кхелхича, стаг декъал хир ву боху алар а ду нохчийн кхетамехь дехаш. Магош ца хилла цIуллан (цIунан) сара тоха а. Бакъду, оцу сераца нораш доьхкуш хилла нохчаша. Дечгех лерам болуш элхьамч, сур, хьаьмц, хьормак, кхидолу стом лун дитташ а хилла.
Стом ца лун цхьадолу дитташ а хилла нохчаша лоруш. Масала, турс; турсан дечиг чохь хилча, дика ду олуш хилла. Каралелон гIаж я Iаса турсах еш хилла. Ткъа кхелхина стаг лаьхьти чохь дIавиллича, цунна дуьхьал хIиттайо упханаш ножан дечгах йо.
Цхьайолу бецаш а хилла халкъо чIогIа лерам беш. Царах ю, масала, хаза хьожа йолу йиппарбуц, Iаждарбуц, динберг, чом-буц… И тIаьххьарлера буц дегIаца хилча, стаге муьлхха а дуьхьало йохало бохуш, дуьйцуш хабар а ду халкъан.
 
Ша-тайпа оьздангаллин барам бу нехан шовданашца, догIучу хишца, Iаьмнашца йолчу юкъаметтигашкахь. ХIора юьртахь а хуьлуш хилла шовданашна доладеш, керла гучудаьллачу хьостанна гонаха керт еш, хи схьадалийта чоргIе я биргIа юьллуш, маьхза юкъара белхаш беш нах. Дукха хьолахь оцу шовданна цунна дола дечу стеган цIе туьллуш хилла: Эдалан шовда, Гамин шовда…
Шовданийн а, догIучу хийн а, Iаьмнийн а йистош цIена латто еза, церан хиш чохь боьха хIумнаш йитта магош дац. Цунах лаьцна дуккха а шира дийцарш а ду нохчийн фольклорехь. Царах цхьаъ иштта ду.
«Iамкъе олучу цхьана кIотарахь цхьа Iам хилла. Цу Iоман хи чIогIа цIена а, дарбане а, деза а лоруш хилла. Цу Iамкъахь Iачу цхьана оьзда йоцчу зудчо берийн боьха хIумнаш йиттина цу хийистехь. Цул тIаьхьа и Iам, сту а хилла, болабелла ГаланчIожний, Ялхарний юккъехь лаьтташ болчу ломах цхьа церг а йоккхуш, ГаланчIожа охьабеъна. Цунах Iамбедача олу. «Iамбедеча» бохург — «Iам бедда меттиг» бохург ду.
Боьдуш, цхьана майдана йисте кхаьчна сту. Цу майданахь шайн-шайн ардаш охуш нах хилла. Иза майдана хьалабаьлча, цхьана доьзална гина. Дас-нанас, и сту дIабожа беза, вайниг гIелбелла аьлла. Шина беро, ма божа, нехан бу и боххушехь, дас схьа а лаьцна, дIабоьжна и сту. Старо ког баькх-баьккхинчохь хи долуш хилла. Цо кхозлагIа гуо боккхуш, баша а бешна, Iам хилла цунах. И сту дIабожа аьлла дай-наний, готий чу а дахна, ши бер юьстах а кхуссуш.
ХIетахь хIоьттина и Iам хIинца а болуш бу. «ГаланчIожан Iам» цIе тиллина цунна».
ХIокху жимчу дийцарехь доккха маьIна ду. Цкъа делахь, хиш бехдан ца дезар а, и динарг цхьа бекхам боцуш вуьсург цахилар а; шолгIа делахь, шен доцучу хIуманна тIекховда мегар цахилар а, кхевдича, Дала иза цхьа бекхам ца беш цадитар а.
Вай дийцинчух терра дийцар Нихала уллохь лаьттачу тIулгах а ду. Оцу тайппана боьха хIумнаш йиттина аьлла, цигахула охьадоьду ахк, ломал дехьа а даьлла, кхечухьахула охьаэха доладелла, ткъа и динчу зудчух хилла тIулг хIинца а лаьтташ бу.
 
Нохчийн барта кхоллараллехь хишца, Iаьмнашца доьзна хьекъале дийцарш дуккха а ду. Иштта, Хьачара юьртана лакхахь ломахь цхьа Iам бу бохуш дуьйцу. И Iам дикчу стагана бен ган йиш йолуш бац, вуон стаг, къинош долу стаг тIевеъча, иза лаьттах къайлаболу боху.
И дийцар, хетарехь, цIунийн (Iесачу) динан заманера дисина ду, хIетахь вайнаха деза-сийлахь лоьруш хилла цхьадолу лаьмнаш а, Iаьмнаш а, хьуьнан хотеш а, царах дуйнаш а дууш, чIагIонаш а еш… Цул сов, ша латта а хилла деза а, ларам бан безаш а. Масала, магош ца хилла лаьттах эрна дечигаш еттар, хьостамий деттар, оьрнаш дахар. Лаьтта тIехула волавалар а, и лазор долуш санна, дай, лерина хилла оьздачу стеган, «Мел тIаьхьа а, хьан кийра дIаван дезаш ву-кх со а», — бохучу ойланца.
Ткъа лаьттана беш болу уггаре а боккха ларам – иза цу тIехь хьанала къахьегар ду. Цхьана хенахь латта, ша дIаден деза хан тIекхаьчча, оре беъна етт санна, Iоьхуш хилла боху. Амма и лаьттан цIогIа дукха чIогIа хиларна, нах Iадош а, вуно кхералуш а хилла. Цундела Дала дихкина боху лаьттана Iахар.
Ялта дIа ца дуьйш деса, я ялта дIа а дийна, асар ца деш латта дитар доккха эхь хилла; эхь хиларал сов, иза къа а лоруш хилла. Асарх цIан ца деш, ялта дийна шен урд дIатесначунна лоллар югIуш хилла — лаьттах хьокха а тухий, цу тIе асар а дуьллий, мунда еш. Хьалха заманахь, кхо буьртиг дIабелла долу латта дIа а ца дуьйш, ХьаьжцIа ваха а бакъо яц олуш хилла нохчаша. Iилманчас Хасиев Сайд-Мохьмада дийцарехь, ХьаьжцIа ваха ваьлла цуьнан дененан да ворхIазза вухаверзийна юьртахоша, цо цхьацца кхочушдан деза цуьнан декхарш дуьхьал а детташ, царах цхьаъ хилла цо, ялта дIа а ца дуьйш, дитина цхьа масех метр хиллал латта. И дерриге а декхарш кочушдинчул тIаьхьа, бархIолгIа шо доладелча, ХьаьжцIа ваха аьтту баьлла оцу стеган.
 
Лаьтта тIехь хьанала къахьегар нахана марздеш, цуьнан мах беза буйла хоуьйтуш, тайп-тайпана дезденош — цIайш хилла вайнехан. Царах цхьаъ ду харш тосу де. Иза Iай, бIаьстей къаьстинчул (март беттан 23 де чекхдаьлчул) тIаьхьа ши кIира даьлча билгалдоккхуш хилла. Оцу дийне хьаьжжина хир ду шеран ялта а, тIедогIу шо а бохуш, чIогIа лерина кечам беш хилла цунна. Хьалххе кечдеш хилла дуьххьара харш тосуш, бIал боккхуш дIадаха деза стерчий — дузош, цIандеш, церан маIийн баххех хьакхар хьокхуш, довхачу хица лийчош. Иштта лерина кечдеш хилла нох а.
И де — арара ло дерриге дешна далаза, шийла хилахь а, я малх кхетта, якъаелла, йовха хилахь а, — йочане-йоькхане хьаьжна доцуш, билгалдоккхуш хилла.
Гота дIайолош, стерчийн юьхь лаьцна дIаваха веза стаг юьртахь шен оьздангаллица, хьанал вахарца, гIиллакхца, бусалба динехь доьзал кхиош хиларца къастош хилла, юьртахойх массо а реза а волуш. Иза доккха, сийлахь хIума а хилла. Хаьржинчу стага сту буьйш хилла юьртана хиндолчу ялтина а, шен доьзална а тIера сагIийна.
Гота яхале хьалха оцу хаьржинчу стага хIу тосуш хилла. И хIу цуьнга дIалуш дин лелорца, оьзда а, къинхьегамна тIера а, беркате а хиларца билгалъяьлла зуда хилла, наха хаьржина. Иза боккхачу доьзалан а, хьанала вехачу къонахчун хIусаман а, кхерчан а, цIеран а нана хуьлуш хилла. Дукха жима а йоцуш, дукха къена а йоцуш, гIеметта хIоьттина зуда. Оцу зудчо шен канашца схьаоьцуш хилла ялтин хIу, шен куьйгийн беркат, йовхо оцу хIуьнан буьртигашка кхачош. ТIаккха «бисмилла» а доккхий, Деле хьийкъина ялта кхиийтар доьхуш дешнаш олий, хIу и дIатосучу стаге дIалуш хилла.
Цо а, иштта Дела а хьахавой, Делан цIарца дIадолош хилла хIу тасар. Цул тIаьхьа гота дIайоьдуш хилла. Нахаран баьлчаш лаьцна лаьттачу стагана тIеюьйхина харцахьа яьккхина кетар хуьлуш хилла. Оцу кетаран чоьш санна, луьста, хьийкъина ялта хилийта бохург ду иза, ткъа иштта вочу бIаьргах и гIуллакх лардаран Iалашонца деш а ду.
Нох шозза дIадахча, готанан хорша чу, кхузза шура а тухуш, етт оза безаш хилла. И етт оцу дийнахь арабаьккхинчу юьртан бажана юккъера хилла, шуьрина а, эсанна а дика а болуш, тIаьхье а кхуьуш, беркате етт. И узург дIадуьйш долу хIу кечдан наха билгалъяьккхина оьздачу доьзалан нана хилла. И шура аьхначу лаьтта озаран маьIна а цу лаьттан беркат совдаккхар, и латта хьандар, дIадийна хIу хьийкъина кхиийтар ду.
 
Харш тосу де я бIал тIекIел боккху де — цIай хиларе терра, оцу дийнахь тайп-тайпана къийсадаларш хуьлуш хилла, говраш хохкуш, я хьалха бовларех бовдуш (бовдуш болу кегий нах когаш Iуьйра хилла), я кхин тайпа хьуьнарш гойтуш. Царах цхьа къийсадалар иштта хилла. Харш тосучу денна лерина мекхан демах дина гIеххьа долчу теккхал доккха чкъург хуьлуш хилла. И чкъург гота аьхначу цхьана стеран маьIах дIауллуш хилла. Жимчу стага ведда вогIуш, саца а ца соцуш, уллохула тIехъэккхашехьа оцу чкъургах катухуш хилла. И цуьнга ца дойтуш, чкъург лардеш, иза маIи тIехула хьалий, охьий идош (иза маIел лакхадаккха йиш ца хилла), хехо хуьлуш а хилла кегийчу нахах цхьаъ. Оцу чкъурган цуьргаш дийнна шарахь лелош хилла, иза кертахь хилча беркат хир ду, и чу тесна хи а дарбане ду бохуш, ца кхаьчначунна дакъа а деш, совгIатна а луш.
Дуккха а хьалха, тахана вайна тамашийна хетар долуш, кхин цхьа гIиллакх а хилла вайнахана юккъехь. Оцу дийнахь юьртахь оьздангаллица, хазаллица цIеяхначу йоIа цIе тухуш хилла ша доьзал кхолла реза йолчу кIантана. И кIант тIетайча, керла доьзал кхоллалуш хилла оцу дийнахь. Доьзал кхоллар, ялта дер, доьзалан хIу тасар, ялтин хIу тасар — ший а цхьабосса сийлахь, цхьатерра жоьпалле ларар ду цуьнан маьIна. Нагахь реза ца хилча, цIе тоьхначу кIанта и йоI йолчу ден цIийнан утармех сту дIабехка безаш хилла, харш тосучу бахана нах цIаберзале. Шен реза цахиларан, йоIах цавашаран мах бу цо луш берг.
ТIекхуьу тIаьхье къинхьегам безаш кхиоран, ткъа иштта шайн юьртахочунна халчу балха тIехь гIо даран Iалашонца вовшахтухуш хилла белхеш (белхи). Тайп-тайпана белхаш кхочушбеш хилла гулбеллачу наха: хьаьжкIаш тилош, тIаргIа къажбеш, цIеношна поппар хьохуш, мангал хьокхуш, и. дI. кх. а.
Белхеша, вай хьахийначу гIуллакхел совнаха, кегийрхошна вовшийн довзаран, оьзда самукъадаккхаран Iалашо кхочушъеш а хилла. Цхьаболу белхи синкъераман дуьхьа беш хилла, болх бахьана а долуш; вуьйш белхи (къаьсттина — поппаран белхи) коьртаниг болх а болуш, ткъа синкъерамо иза дика а, сиха а кхочушбарна аьтто беш хилла.
Белхешна масех де хьалха кечам бо. Масала, цIенош хьаха белхеш вовшахтухуш, хьалххе поппар бо, юучуьнца кхачо йо, вотанча, пондарча кхойкху. Белхи дIахьош мехкарийн терго еш билгалйоккхий зуда хуьлу, божарийн гIуллакхе хьожуш а цхьа стаг хуьлу. И шиъ оьшуш ду, белхий берриге а синкъераме а бирзина, бан лерина болх кIел ца бисийта, низам латто.
 
Оцу тайпанчу белхешкахь беза болх (поппар белашца схьабаккхар, экъанаш тIехь иза дIакхехьар, тхов тIе хьалабалар…) божарша кхочушбо. Ткъа зударша и поппар вовшашка кар-кара луш, дIахьохучаьрга дIакхачабо. ХIора жима стаг шен ойла лаьттачу йоIана белаца поппар боккхуш, аьтто баьлча, вистхуьлуш, бегаш беш, къинхьегама тIехь каде хьийза. Мехкарий балхана мелла а юхаийзалуш хилча, церан тергам бечу зудчо шен карара сараг я нитташ бетташ, балха юкъатоьтту уьш. Къаьсттина юхаозало мехкарий поппаран юкъ ца йолош, и йолийначуьн марнана лийр ю бохучу халкъан забаро юхакъахкабо уьш. Амма и тешам чIогIа бацахь а, я марненах къастар ца ладаллал доккха вуон ца хетахь а, дукха хьиэ ца йолуьйтуш, поппаран юкъ йолайо нитташа я сараго тIечехочу мехкарша.
 
Болх юкъа-кара саца а бой, вота а тухий, пондар а локхий, хелхарш до. Амма уьш дукха дах ца долуьйтуш, хелхарийн шовкъ балхана тIеерзайо белхи дIакхоьхьучара.
Поэтана Арсанукаев Шайхина иштта гина поппаран белхи:
Ловзар дац хIоьттинарг лулахойн кертахь,
Белхий бу, белхий бу — поппаран белхий.
Ерриг юрт гулъелла кху уьйтIа бертахь,
Цкъа болх бо, забаршца, хелхарш до, боьлхий.
Вота а кхиссало, кIажъоьху пондар,
И хала болх хета тахана атта.
Мехкарша, хи детташ, кечбо шайн поппар,
Кегийнах, къийсалуш, охкуш бу латта.
Чекхдевр ду и цIенош тахханехь хьаьхна.
Я болх а Iаьткъар бац цхьанна базбелла…
Лаьмнашкахь даима нах ишта баьхна,
ХIораннан йиш йолуш хIора неI елла.
Ловзар дац хIоьттинарг кху кертахь Iуьйрре,
Белхий бу, белхий бу — поппаран белхий.
Вуьсур вац юьртахо, — тIекхаьчча гуьйре,
Тхов боцуш – юьртахой баьхкина белхех!
 
Белхи, цIенош хьаьхна довллалц, эшахь, маьркIажан хан хиллалц, бахлуш хилла. Белхи дIабирзича, цIенойн дас: «Дела реза хуьлда шуна, доккха гIуллакх дин аша, Дала мел яздойла аша хьегна къа!» — олу. Вукхара дуьхьал жоп ло: «Дала беркате, ирсе хIусамаш йойла! Дела реза массарна а хуьлда!». Иштта дIабоьрзу муьлхха а белхи а.
Вай кхузахь мел дийцинарг — хьайбанашка, акхарошка, дитташка, бецашка, хишка, Iаьмнашка болу лерам, цаьрца лелон еза къинхетаме юкъаметтигаш — чулоцу «Даймахке безам» бохучу дешнаша. Хетарехь, цхьана нохчийн къомах болчу нехан бен дац, ша дуьненан муьлххачу маьIIехь вехаш велахь а, шен каш Даймахкахь хила сел чIогIа лаар. Цундела нохчийн гIиллакх ду муьлхха а нохчо — и шайн накъост велахь а, я вевзаш вацахь а — кхелхинчул тIаьхьа ша винчу махка цIа кхачо гIортар. Дай баьхна латта деза хетаран барам лаккхара хиларан билгало ю иза.
«Дай баьхна латта. Дуьххьара цхьана бIаьстенан малх кхеттачу дийнахь девза иза. Оцу маьлхан зIаьнаршца, зазадоккхучу бешаца, нуй хьаькхна къагийначу уьйтIеца, боргIалийн кхайкхарца… Девза ненан хьастарца, ден хьехамца.
Денна а хазло иза, маьлхан догIанаша лийчош, баьццара бай болуш. Иза къона а, хаза а хета. Эшарш ека хотешкахь. Ахь тIаьхьара олу.
Хьо хьаьддий, веддий лела, цкъа дIо орца волуш, тIаккха Iин чу вуссуш. Хьан хазахетар, лоппаг санна, эккхий дIадоьду аьхкенан малх хьаннаш тIе лахбеллачу хенахь. Хьуна дахар къахьдо безачарах къастаро. Дерриге а хьалха санна ца хета – вада лаьа. Дуьненан маьIIе вала. Амма и лаам кхочушбича, хьан хьераваллал сахьаьвза хийрачу махкахь. Хьо водий, юха а цIа кхочу. Хьо кхета: мел баккхий баланаш, гIайгIанаш тIехIиттарх, къаста йиш яц хIокху лаьттах, кхуьнца хьо хазахетарша санна вузу баланаша а. Къаьхьа а, мерза а хиларх, хьан латта ду хIара. Кху лаьттаца ийна хьол хьалха мел баьхначеран даьIахкаш, ойланаш, гIайгIанаш, хьацар, цIий…» («Сатоссуш, седарчий довш», Грозный, 1986).
Даймохк — иза цхьа лаьмнаш, хиш, аренаш хилла ца Iа. Даймохк — иза уггар а хьалха хIокху лаьттан адамаш ду, церан вовшашца йолу оьзда юкъаметтигаш, гIиллакхаш, марзонаш, баккхийчеран хьекъал, Iеламнехан беркате серло, кегийрхойн доьналла, мехкарийн оьздангалла, нахана юккъера нийсо… И дерриге — Далла дукхадеза гIиллакхаш — хIокху лаьтта тIехь латто, дебо, кхион гIерташ адамаш хиларо марздеш хилла нохчашна хIара латта.
Амма уьш лардеш ца хилча, Даймахке, лаьтте марзо а шелло, и къахьоне йоьрзу. Иштта заманаш а яьхкина вайн махкахь. Масала, Кавказан тIом чекх а баьлла, нохчийн мохк оьрсийн паччахьан олалли кIел бахана зама. ХIетахь дуккха а нах кхечу мехкашка дIакхелхина. Амма шайн дахар къиэн я хьоле нисдаларх, цкъа а шайн Даймахке болу сатийсам, безам дегнашкахь гIел ца белла церан.
 
Иштта хьал хIоьттина вайнахехь махках даьхначу хенахь а. Хийла дас, ша леш, уггар а чIогIа сатеснарг Даймехкан шовданех цхьа къурд бар, башлаьмнийн кортойх цкъа бIаьрг тохар, юьртахойн кешнашкахь лаьттах вахар… ТIаьхьа, цIадерзар маьршадаьллачу хенахь, хийла стага, шен ден я ненан тIаьххьара лаам кхочушбеш, церан даьIахкаш цIа а еъна, Даймехкан лаьттах йоьхкина меттигаш а нисъелира.
 
Нохчийн поэташа тайп-тайпанчу дешнашца бийцина Даймахке болу безам.
Мамакаев Мохьмада:
Хьан бах хьо, сан Даймохк, яханчу хенахь
Йоза а хьайн доцуш, бIарзбелла баьхна?
Къийсамо аьгначу хьан тIулган белшахь
Гуш ду-кха яздина сан дайшка кхаьчнарг…
 
Мамакаев Iарбис:
ДIатийнчу кондарийн варшашца кхелина,
Сирлачу шовданийн хьесашца ерина,
Сан дагна дукхаезна Даймехкан аренаш,
Шул мерза хIун хир ду яхь йолчу дагна!
 
Айдамиров Абузара:
Бераллехь со хьоьха
Къаьстинчу хенахь,
Суо жима бер долуш
Ас ма биттара,
Карий хьо ас дагахь
Латтийнчу суьртахь,
Сих-сиха гIенаха
Суна ма-гарра.
 
Сулейманов Ахьмада:
Даймахкера безам гайта,
ДоттагIий, аш таро ло,
Цуьнан дуьхьа муха веха,
Муха ле ас гойтур ду.
 
Дикаев Мохьмада:
Сан дай баьхна латта,
Сан ирс долу Даймохк,
Хьох къаьстина, догдиллина
Iалур ца хиллера.
 
Даймахкана шен дахар дIадала кийча хилар хоуьйтуш, дош ца олуш наггахь а нохчийн яздархо висна а хир вац.
Кхузахь билгалдаккха деза, Даймахке болу безам, ша «Даймохк» боху кхетам дуьненчохь мел йолчу мехаллел лакха хIиттош маьIнаш а нисло цхьаболчу яздархойн йозанашкахь. Иза, хетарехь, вайн махкахь еххачу хенахь лаьттинчу Iедалан харцидеологин тIеIаткъам хила а тарло. Амма иза доккха философски гIалат ду. Дуьненчу Дала кхоьллинчу стагана оцу Далла гIуллакх дарал деза цхьа а хIума хила йиш яц, и ду стеган дахаран маьIна а, цуьнан уггар сийлахь Iалашо а. Цул тIаьхьа латта деза Даймохк, халкъ, цаьрга болу безам, церан хьашташка хьажар.
Махке болчу безамах лаьцна дуккха а дийцарш а, кицанаш а ду нохчийн барта кхоллараллехь. Иштта, цхьана хабарехь дуьйцу.
Цхьана стага мохь тоьхна хилла массо а акхарошка а, дийнаташка а, ша цIе таса воллу кху махкахь, кху махкара дIадовла аьлла. Кхано, цIе яьгна яьлча, оцу стагана гина, цIаро бага а бина, бала бетталуш Iуьллу текхарг. «Ас мохь тухуш ца хезира хьуна?» — хаьттина оцу стага текхарге. «Хезира, — аьлла текхарго, — суо бинчу, кхиинчу махках а баьлла, хийрачу махкахь бехачул, сайн цIахь балар гIоле хийтира суна».
Текхаргана а ша бина, кхиъна латта оццул дезаш хилча, кхетам болчу адамашна сел чIогIа иза дезарх, тамаша бойла а дац.
Цунах ду хIара кица а: «Нехан махкахь эла хуьлучул, шен цIахь лай хилар гIоле ду».
 
Халкъан кицанаш:
Охуш аьлларг оруш карийна.
Аьхка хье ца кхихкича, Iай яй а ца кхихкина.
Iиллинчу барзал лела цхьогал тоьлла.
Шен цIа — цIен цIа.
Мехкан доцчу эро пхьагал ца лаьцна.
(Окуев Шимин «Лай тIехь цIен зезагаш» цIе йолчу романан кийсиг.)
 
ХАРШ ТОСУ ДЕ
(Кийсиг)
Чекхдевлира бIаьстенан юьхьан хьалхара йочане денош. Ламанхошка охане кхойкхуш, дечу гIуллакхна уьш каде хилийтархьама, церан дегнаш ир-кара хIиттош, жоьлашкара жа аралоьхкуш, ламанийн басешкахь зезагаш техкош, хьежа белира йоькхане даьхкинчу денойн къегина малх. Баккхийчара «хIан, дIадоладе» — аларе сатуьйсуш, балхана куьйгаш кIамделла, церан пурба доцуш охана дан а ца баьхьаш, харш тосучу дийне сатуьйсуш Iаш бара кегийнаш: дайн Iедалехь цхьаьннан а бакъо яцара, цкъа харш тосу де билгал а даьккхина бен, оханца болу белхаш дIаболо. Амма хIора шарахь, дан дезаш долу гIуллакхаш дукха а, аха дезаш долу латтанаш алсам а хиларна, харш тосучу дийне ца хьоьжуш, шайн белхаш дIаболош берш а хуьлура. Амма хьалххехь баккхийчара арабаьхна, дайн Iедал хьан дохадо хьоьжуш лелачарна и гучу а долий, гIуда такхарх кIелхьара-м ца бовлура уьш. И тайпа болу ламанхой, баккхийчеран гIуда текхна а, шаьш цхьана дийнахь и охана дар гIоли хеташ, хIора шарахь нахачул а хьалха шайн белхаш дIа ца болош ца Iара. Иштта дара кху шарахь а.
ТIекхечира ламанхоша шега сатийсина долу харш тосу де. Са а тасале вовшийн кетIа хIуьттуш, белхийн хьалхарчу денца вовшийн декъалбеш, балха тIехь аьтто а, хьийкъина ялташ кхиар а шайна лууш хилар хоуьйтуш, сагIийна хIумнаш луш хьийзара зударий а, баккхий нах а, мехкарий а, кегий нах а. Церан хаза кечъелла, къорза, кегийра тобанаш эшаршца, назманашца, наггахь волчо герз а кхуссуш, хIораннан уьйтIа хIуттий чекхйолий, массо а дезчу денца декъалвой, маьждиган байтIе дIагуллора. Коча тIоьрмигаш а тосий, хIораннан кетIа хIуьттуш:
Стиглахь малх хьоьжу,
Вайн Делан ниIмат ду.
Охане нох хьоьжу,
Говр, стерчий кийча ду.
СагIийна еллачо
Вайн ялташ хьекъор ду.
Ахь буйнахь къуьйлучо
Кера юкъ лазор ю.
Беркатчу куьйгаца,
Комаьрша дог гойтуш,
Ва баба, схьалолахь,
Тхо хьоьжуш ду хьуна!
— бохуш, эшарш лоькхуш, бес-бесарчу марзаллех шайн тIоьрмигаш дузуш хьийзара кегий бераш. Уьш шайн уьйтIа хIиттаре сатуьйсуш Iаш болуш санна, церан эшарийн гIовгIа схьахеззашехь:
— Вайн ялташ хьекъийла, мацалла ма хуьлда, вайн доьрчий дузийла, тIом-бала ма голда! — олий, аралелхий, зударий церан кочара тIоьрмигаш дуза хIуьттура. Ткъа цунах даккхийдеш бераш а:
— СагIа хуьлда! СагIа хуьлда!
Вайн ялташ хьекъийла!
Ун-бала ма хуьлда!
— олий, довдий, кхечеран уьйтIа хIуьттура. Иштта хIоранна уьйтIа хIуьттуш чекхдовлий уьш, юхадовдий, баккхийчара лелочуьнга хьовсархьама, маьждиган байтIе дIагуллора. Кхузахь-м, хIора шарахь санна, чIогIа синкъераме тобанаш яра гуллуш. Цу дерриг халкъан да хилла, таханлера харш тосу де лелор а, дерзор а караделла, цу тIе цхьана агIор кIаххий, кенаххий, хьаьжкIеххий дуьзна кхо сахь а хIоттийна, вукху агIор хьаьжкIийн, кIан, кенан кхоккха кан а болуш, тхьамдалла хиина Iаш вара бIей ткъей пхиъ шо долуш волу юьртара воккха стаг Хамболт. Керла тIееъначу тобано цуьнга:
— Вайн ялташ хьекъийла, ун-балех лардойла. Дала эзар шарахь аха а, ден а, чудерзо а вай могаш, маьрша лоьлуьйтийла! — олура. Ткъа Хамболта:
— АллахI, Амин! АллахI, Амин! Везан Дела, тхан дехаре хьажжий дахар лолахь тхуна, оха дере хьажжий ялташ а лолахь тхуна! Ун-балех, тIеман Iазапах, хьуо реза воцчу массо а хIумнах а ларделахь тхо! — олий, ялтех дуьзна лаьттачу саьхьашна тIехула куьг хьокхура, хьалаоьций кенаш а ластадора.
Цунна аьтто агIор хIоттийначу стоьла тIехь, хьалха хIоттийна нихан кхабий, бийна уьстаггIий, гуш стоьла кIелахь маларан шишанашший долуш Iаш бара Iедалан мукъ карахь берш: Iений, стражникаш болу Iиржаккий (Иржаков), Бончий (Бочкарев), Сарпиллий (Стропилин), нохчо Закрий. Царна малар охьадуттуш а, даар тIекхоьхьуш а хьийзара цу гIуллакхна къастийна болу кегий нах. Хамболтана аьрру агIор хIоттийначу стоьла тIехь Iара кхиэлана ховшийна болу Манакий, Мовсар-Хьаьжий, кхин а дешна наххий, ткъа иштта гIуллакх талла къастийна болу суранчашший. И йоккха маьждиган хьалхе шина агIор йоькъуш дIахIиттина лаьттара мехкарий а, кегий нах а. Лакхахьа маьIIехь, Iедалан векалшна гергахьа, Хамболта ловзар дIадоло пурба даларе сатуьйсуш Iара лаьмнашца гIараваьлла волу пондарча Сулин Юсуппий, вотанча ГIирмин Мохьей. Царна дехьа бIогIий а детташ, царна тIехула машшаш а ийзош, уьш чIагIдеш, пелхьонан гIуллакхдеш хьийзара цхьаберш.
 
— Я пелхьона гIардаш бугу! — бохуш, мохь хьоькхуш, сара бетташ, лаьллина берийн цIоз хьалха дерзийна хьийзара жухаргаш. Цара маIаш а еш, ирча мекхаш а деш йинчу хорманаххий, юкъах йихкинчу тишчу шаьлтанеххий кхералой цхьадолу бераш, кхин цу майдана юха а ца догIуш, довдий тIепаза довра. Маьждиган майданал арахьа, тIе кузаш а, палсаш а диттина, коча оьхкина жайнаш а, хIайкалш а долуш, хахка далийна йора дой дIаса уьйзуш лелара цхьадолу бераш. Цхьана а беро шен говр вукхунна юххе ца йохуьйтура. Вовшашна улло яхча, ницкъ дIа а баьлла, тIаьхьаюьсур ю бохуш, ген-гена лелайора цара уьш. Ткъа говраш шаьш а, шаьш стенна кечйина а, шайгара дайшна хIун оьшу а хууш, синтем байна терсаш яра. Цхьаерш, тIаьхьайисарна кхоьруш санна, хоршехь эга а еш, бIаьргеха хиш а легош, кортош а охкийна, гIийла лелара берашна тIаьхьа. Берашна вовшийн говраш йовзуьйтуш, церан амалш а, гIиллакхаш а муха ду дуьйцуш, говраца муха хила веза хьоьхуш тIаьхьабевлла лелара говрийн дай. Берийн а, дайн а, говрийн а дегнаш ир-кара хIиттош, хIора говр а, бере а хастош лелара цхьаболу нах.
Иштта, шайн-шайн говрех дог лозуш, уьш оьзна, хьоьстуш адамаш лелачу хенахь:
— Э-э-хIей, кура кIентий! Пелхьона гIардаш бугу, сан дин гIардаш бугу, ялтех пхьаж беш бугу, ядар гIаш долуш бугу! — олий, гIаш юккъе беха цхьа сара а буллий, цунна тIе шед а етташ, юккъе хьаьвзара жухарг. Цуьнан хормин эрчаллех а, цо ечу йиш-маIех а, лесточу серах а къаьхкий говраш дIасалелхара. Амма цунах самукъа долий, жухарг кхин а чIогIа хьаьвзара.
 
— ХIей, собар! Ва собар, дай, ваший валариг! Говрашка и бераш лазадойту ахь! — бохуш, маьхьарий детта буьйлалора нах. ТIаккха урх озайой шен сара кIегар а хаабой:
— Э-э-хIей! Пелхьона гIардаш бугу! Сан дин муха хета шуна? Хьалхабаларх соьца шен дин хахка яхь йолуш кIант муьлха ву шух? Хьалха яьллачу говрана хIара итт туьма ахча ду шуна! — олий, наха шена делла сом хьаладохуьйтура жухурго. ТIаккха шед тухий шен «дин» нахана тIехохкура. «О, хьан дин дика дин бу. Деллахь ю куц долуш говр-м», — олий, наха ахчанаш тосура. Цунах там хуьлий:
— Э-э-хIей, да ма ятIа сан динан делаI! Хьалхара меттиг а яьккхина, нохчийн курачу кIентийн кисанашкара шай-кай схьаяьккхи! Сан дин дика дин бу! — олий, шена деллачуьнгара ахча схьа а оьций, ца делларг оцу сохьта каш доккхий дIа а вуллий, пхьаьжах дой цунна чурт а дугIий: «Пелхьона гIардаш бугу!» — бохуш, шен сара а хохкий дIавоьдура.
Жухарг нах хьийзош леллашехь, тхьамдалла хаийна волу Хамболт ма-хуьллу чехка шен гIуллакх дIакхоьхьуш вара. Iенас шена хьалха йиллинчу ехачу исписки тIерачу юьртахойн цIераш а йохуш, цаьрга дан догIуш долу хеттарш дора цо. И дерриге лелоран бахьана дара, пурба доцуш гота яхийтинчунна гIуда тоха гIертар.
 
— Хьусейнан Мималт! — кхайкхира иза.
— Волуш ву, хьайн хаттар де ахь! — нахана юккъера схьа вистхилира Мималт.
— Дала вайна тIехь куьйгалла дар шега деллачу паччахьан Iедална а, и дIакхоьхьуш болчу цуьнан векалшна а реза вуй хьо?
— Iедална-м вара со, цуьнан цхьаболчу векалшна вац-кха.
— Бахьана?
— Вехна говрахь схьавогIучу Бончас жехь волчу кIантана а йиттинера, топ тоьхна шина Iахарна тIера жий а бийна. Зен меттахIоттадайта.
— И жий ас бели хьуна, — хьалаиккхира Iена. — И пайда боцурш а ца дуьйцуш, шайга дечу хаттаршна жоп ло!
— Зен меттахIоьтти хьан, — вистхилира юха а Хамболт. — Iедалца долчу декхаршца муха ву хьо?
— ЦIена ву!
— Къедин кхиэлана реза вуй хьо? Муха йо аьлла хета хьуна хIокхо кхиэл?
— Шен кетаран тIам хьалабузаре хьожжий йо!
ГIов аьлла, гулделла адамаш дийладелира.
— Ахь буьзначу тIомах вехаш ву-кха хьуна со. Къуръанор, лур дацара ахь стаг леш хилча шай! — хьалаиккхира Манака. Амма доьлучу халкъана цо дуьйцург хезаш дацара.
— Ножин воI Хожа!
— Волуш ву.
— Дайн Iедалца муха ву хьо?
— Лору ас-м!
— Харш тассалц ца Iаш, гота хIунда яхийтина ахь?
— ХIара хаза денош эрна дIаоьхуш Iен ца велира, Хамболт. Кхаба безаш болу доьзал алсам бу сан, ца ларорна кхоьрура. Тарлахь, гечдахьара аш.
— Кху шарахь дуьххьара даьлла хьоьгара и гIуллакх?
— Дуьххьара даьлла.
— Кхиэл, аш хIун олу? – кхиэле вистхилира Хамболт.
— Дуьххьара яьллачу гIалатлонна кIез-мезиг гIуда тоьхна кIелхьараволуьйту оха иза.
— ХIун гIуда ду аш билгалдинарг?
— Цхьа гиба нихий, цхьа уьстаггIий вайна, гулбеллачарна. ХIокху сохьта схьадан а деза. Цул совнаха, хIинца вахана Межин божли чуьра пхьажаш дIабаха а беза.
ТIараш вовшахдетташ боьлура нах, важа-м шен гIуда такха вахара. Шен исписка йоьшуш Хамболт БайсагIурна тIекхечира.
— АслагIин воI БайсагIур! — кхайкхира иза. Массарна а хаалуш Iена а, цуьнца хехой а цIеххьана тасавелла, воьлуш схьахьоьжучу БайсагIуре хьаьвсира.
— Дайн гIиллакхашца муха ву хьо?
— Лору ас, къобалдо.
— Къуйн къоланна хIун олу ахь?
— Дела реза воцуш карадеъна хIума да реза воцуш карара далар а магадо ас.
— Нийса боху. Iедалца муха ву хьо, тIехь дисина гIуда-м дац?
БайсагIур вистхилале хьалагIеттинчу Iенас:
— ХIокху шийтта шарахь Iедалца долу дов хедаш вац иза, – элира.
— Суна хууш хIума дац, Хамболт, — элира БайсагIура, — Iедало бохург а дийр ду вай-м.
— Кхиэлана хIун олу ахь?
— Де эшна, хьалха ма хIуттийла бусалба!
И хазахетта, гулбелларш бийлабелира.
— Iамин Хаммирза! — кхайкхира Хамболт.
— Вада гIерташ, оха хала сецош ву. ХIара ву! Алссам гIуда тIедахийта! — аьлла, наха хьалхатеттира цхьа кетаран хора.
— Кхуьнга хеттарш дан а, хIора шарахь кхуьнга дог этIадайта а кIордийна суна. ХIара воьддушехь кхиэлан бага вахийта веза. Кхиэл, аш хIун олу? — вистхилира Хамболт.
— ХIара леван а, кхуьнан хабаршка ладегIа а тхуна а кIордийна. Ши уьстаггIий, цхьа мазал ахьаррий хIинца схьадан деза. Цул совнаха, ша гехь пIаьлдиг чохь пхьажаш а боьхкина, жухаргашна хехь латта а веза.
— Ойт, да ма ека, хьо хIуман, делаI! — бохуш, кар-кара оьцуш, хьийзо ваьккхира наха Хаммирза. Шен хирг деш, царна дуьхьал тийсалора важа. Цхьамма кетаран юх озош, вукхо пхьош лоций схьавадош, кхиволчо схьабоккхий коьртара куй, харцахьа боккхий, юхатуьллуш, хьийзош волчу цунна беъна, пхьажех буьзна пIаьлдиг а ги боьллира. ТIаккха вадийна цара иза, кара цхьа беха хьокха а белла, жухаргаш ларбан хIоттийра. И бегаш гуттар а марсабохуш, цунна гондIа шайн хирг деш хьаьвзира жухаргаш.
— ХIан, юьртахой, ладогIал! — аьлла, куьг хьалаайира шен исписка ешна ваьллачу Хамболта. Дерриг а адам цхьана ханна тапп-аьлла дIатийра. — Iедал — Iедал ду, Iедало бохург дан деза, цуьнан гIуда а такха деза. Кхиэл — кхиэл ю, цо тоьхна гIуда а лан деза. Таханлерчу вешан дезчу денна тIе кхин зен-зулам доцуш, массо а могаш-паргIат кхечи вай, цунна а хастам бо вай Далла. Къинхьегамехь гIелдалар ма хуьлда вайн, Дала ун-балех, зенах, зуламах лардойла вай. ТIеман бала а, мацаллин бала а ма голда вайна а, вайн тIаьхьенна а! — аьлла, Хамболт охьаволавелча, гулбеллачара массара а, цкъа салават а диллина, цул тIаьхьа назмин мукъам болийра. Цхьамма хьалхара а олуш:
Субхьо-о-на раббика,
Ве-е-еза ву Де-ла-а,
Я раб-би Iи-изати,
ЦIе-ена ву Де-ела!
— олий, куьйгашца корта а лоций, мукъам бахбора. Ткъа вукхара:
Валаран, ви-и-исаран
Да-а хи-илар ба-акъ ду,
Хьо-о цу-унах те-ешалахь,
Я ибна а-адам!
— олий, тIаьхьара олура.
 
Оцу сохьта, доьжна стерчий а долуш, текхош нох а долуш, веъна схьакхечира цхьа жимха. И стерчийн гота уллорчу кха тIе а яьккхина, «бисмилла» а даьккхина, куьйгах шеташ а тоьхна:
— Хьоькъийла-кха вайн! — аьлла, нахаран баьлчаш лецира Хамболта.
ТIеттIа чIагIлуш болчу назманан мукъамца жимхас стерчийн доьхь озийра. Партала стерчий а, ховхачу лаьтта тIехула байн когаш луьйзуш, дуьйладелира. Нахаро а тесира тIера Iаь гIуьттучу Iаьржачу лаьттах карчийна бIал.
Маьждиган байтIехь пондаран аз делира, ловзарга кхойкхуш екаяла вота а елира, маьI-маьIIера шатлакхна кхуьйсучу герзийн татанаш а девлира. Баьрчехьа Iаш болчу юьртан тхьамданаша дезчу денна тIера айинчу кедаш чуьра, вовшах а тоьхна, маларшца шайн деха мекхаш дашийра. Цу дерригенах ша воккхавер хоуьйтуш, озийна тоьхначу муьшана тIе гIант а хIоттийна, цу тIе тас а хIоттийна, цу чу хIоттийначу маларан чептарна тIе цхьана куьйга тIе ирахIоьттира пелхьо. Цунах ца вешаш, лаьттахула цхьа тIийриг а тесна, бага цIормаIа а йоьллина, Iункар а хIоьттина лаьтташ жухарг а вара. И дерриг халкъ лардора гехь пхьажаш а боьхкина лаьттачу Хаммирзас.
Готанца бIал тосуш, кхан дохалла хьала а вахана, лах ца луш олучу назмин мукъамца иштта вуха а веъна, нахана шайн оханца болу белхаш дIаболо пурба а делла, веъна Хамболт шен метта охьахиира. ДIадоладелира ламанхойн синкъераме де.
 
НЕНАН БIАЬРХИШ
Цхьалхха цхьа кIант вара къеначу ден, ненан. Дукхавезаш, Iалашвора цара шайн кIант.
КIант кхиъна ваьлча, ломахь гIарабаьлла дика динний, нуьйран гIирссий, тIемалочун барзаккъий кечдира дас-нанассий шайн кIантана. Амма цунна цхьа бохам хиларна кхоьруш, цIера ара-м ца волуьйтура цара иза.
Цхьана дийнахь юьртара кIентий кечбелира ламанца сакъера баха. Цхьаъ бен воцчу кIантана а лиира цаьрца ваха.
Дений, нанний тIевеъна, цо элира:
— Со а вахийтийша юьртарчу кIенташца дуьнене бIаьрг тоха. Суна лаьара кийра бахьош долу шал шийла шовда мала. Iуьйранна малх схьакхеташ, сарахь беттаса кхачлуш ган. Суна лаьара махо техкош, догIано дашош, малхо дакъош ламанан басешкахь лаьтта къорза зезагаш ган, суна лаьара Iуьйранна тхинах яжа арайолу лунан буьхьиг ган, гIелашна сагатделла сира сай гIергIаш ладогIа, Iаннаш, даккъаш декош, мацалла угIучу барзе ладогIа… Вахийтийша со кIенташца дуьнене бIаьрг тоха.
— ХIан-хIа, кIант, ма гIолахь. Пурба дац хьуна! — элира къеначу дас.
— Со къинтIера ца ели хьуна, кIант, хьо водахь! — элира нанас.
Юьртара кIентий сакъера бахара, цхьаъ бен воцу кIант висира кхерчан а, цIийнан а гонах хьийза.
Цхьа хан яьлча, юьртара кIентий кечбелира экханна талла баха. Дений, нанний тIевеъна, кIанта элира:
— Со а вахийтийша кIенташца экханна талла. Суна лаьара ламанан курачу лечано ижонна мохаюьллуш ган, цуьнан ирачу мIараш юккъе нисделла дала са легашка кхаьчна жима олхазар детталуш ган, дог лоцуш пха тоьхна, стиглахула биркъаш дIа-схьа яржош, и кура леча чудаийта, лечанан мIарех кIелхьарадаьлла, сина маршо хааелла, стиглан сийначу Iаьрчешка жима олхазар хьаладолуш ган. Суна лаьара иччархочух ларбалархьама генна дIакхарстийна сирла бIаьрг ойлане баьллачохь сецна, ламанан лекхачу тарха тIехь кур аркъал тесна лаьттачу курачу хьехье бIаьрг тоха; оцу семачу хьехьана тебна улло вахана, дегI лардеш пха тоьхна, маьIах шотха доккхуш, иза къахкийна, дуьненчохь шел сема хIума дуйла цунна хаийта. Суна лаьара масар къахкийна, эккхийна лаца, дуьненчохь шел маса хIума дуйла цунна хаийта. Бухбоцчу сийначу стиглара сирла седарчий санна долчу цуьнан хазачу бIаьргаш чу хьаьжна, хьаьстина, иза дIахецна, къизачу иччархойл дукха кху дуьненчохь къинхетаме нах буйла цунна хаийта. Вахийтийша со кIенташца экханна талла.
— Ваха пурба дац хьуна, кIант, ма гIолахь! — элира къеначу дас.
— Со къинтIера ца ели-кх хьуна, кIант, хьо водахь! — элира нанас. Корта охьаоллийна дIавахара кIант, ткъа цуьнан нийсархой талла бахара. Ден, ненан пурба доцуш цхьаннахьа а ца воьдура кIант.
ЦIеххьана ирча кхаъ беара лаьмнашка: мостагIа ву тIегIерташ, аьлла, цуо буржалш дахьа ламанхошна тоха, леш бина уьш бацо.
Юьртара кIентий, къонахий кечбелира мостагIашна дуьхьалбовла. Аьртаниг ирйира, есаниг юьзира цара. Шен шира гIагI дегIе а дерзийна, тешаме герзаш юкъах а дихкина, кIентан да а вахара мостагIашна дуьхьал, шен кIантана а ца хоуьйтуш, лата везачохь — лата а, вала везачохь — вала а.
Шел хьалха дIакхаьчна, мостагIашца тIаме хIиттина тIемалой карийра цунна. Къаьсттина чIогIа тIом беш вара цхьа цавевза тIемало. Юьхь тIе оьзна зIенийн цхар, тIедуьйхина болатан барзакъ, мостагIийн декъех саьлнаш хIиттош, ткъес санна карахь лепаш шаьлта. Цецваьлла висира воккха стаг да а, цуьнца берш а.
— Мила ву и чIогIа тIом беш волу тIемало? — аьлла, хаьттира воккхачу стага дас.
— Иза хьан кIант ву, дада! Хьан цхьаъ бен воцург! Дика кIант кхиийна хиллера ахьа! Дала дукха вахаволда иза! — элира тIемалоша.
Амма хала дара и кIант дукха вехар ву ала… Берриг шайн ницкъ гулбира мостагIаша. Массо а цхьаъ санна цхьаьний тIелетира уьш оцу турпал кIантана. Вуьйжира кIант. Велира турпал. ТIаккха тIетаьIира ламанхой мостагIашна. ХIаллакбира цара уьш. Бисинарш лаьхкира. Дукха декъий дисира оцу тIеман арахь мостагIийн…
ГIоьмакхех, таррех барма а дина, тIе верта а тесна, ларвеш цу тIе а виллина, ваьхьира тIемалоша кIант-турпал ваьхначу юьрта, винчу юьрта, нана ехачу кетIа…
Болатан гIагI малхехь къегаш, кхачбеллачу баттах тера йолчу юьхьа тIера сирла нур гIуьттуш.
— ХIей, вежарий! Собарделаш! — элира кIентан дас. Севцира нах. Вистхилира кIентан да:
— Къонахий! Сан ницкъ кхочур бац кIентан нене хIара ирча кхаъ дIахаийта… Со кхоьру хIокху кхоо нана а ерна… Вац шуна юккъехь маттана говза, нене кIант валар дIахаийта?
Массара а кортош охьаохкийра. Вистхуьлуш стаг воцуш, дIатийра къонахийн, тIемалойн тоба. ГIеххьа зама яьлча, нахах къаьстина, хьалхавелира башламанан бохь санна къоьжа корта болу воккха стаг.
— Схьаба суна дечган пондар! Цо дуьйцур ду нене говзачу-хазчу маттаца кIант валарх. Лалур бу цуьнга и ирча кхаъ! — элира воккхачу стага. Схьабеара пондар. Делха доладелира пондаран мерзаш. Бека болабелира пондар. Шен пондарца тобанна хьалхавелира воккха стаг. Араелира кIант вина нана. Цунна гира вистхуьлуш стаг воцуш, гIайгIано кортош охьаохкийна лаьттачу тIемалойн тоба, хезира бекаш, боьлхуш пондар. Бармахь цавевзачу тIемалочун дакъа…
Буьйсанна декачу олхазаран эшарх тарлуш, шийлачу шовданан декаре буьйлуш, набарна бер дижо нанас олучу аганан иллех тарлуш бекара пондар. Пондаро дуьйцура ненан сийлахьчу, боккхачу безамах… ЦIеххьана пондаран мерзаша ламанан лечанан гIергIар хазийра, лоьман цIийзар, берзан угIар хазийра. Цуо дуьйцура кIант-тIемало мел майра, доьнал долуш кхиънера. ТIаьххьара а, тIеман герзаш вовшахдетталуш санна, къора бийкира пондар. Хеталора, болатан тарраш турсех детталуш санна, мостагIий боьхна, маьхьарий хьоькхуш санна, тIеман марсаллехь майрачу кIантана тIера барзакъ болатан гIовгIанца декаш санна… Цо дуьйцура кIант-турпал мостагIех мел майра летта, цо уьш муха хIаллакбина. ТIаьххьара цхьа сирла цIена аьзнаш гIевттира пондаран мерзех. Уьш декара маьлхан зIаьнарех тарделла. Хетара, цара дуьйцу Даймехкан хазаллех, ирсечу дахарх, Даймехкан сийлаллех, и сий кхуллуш, лардеш болчех лаьцна… Даймехкан дуьхьа баьхначех, Даймехкан дуьхьа беллачех, цкъа а церан лийриг цахиларх…
Боьлхура пондар, тийжара пондар.
ЛадоьгIура кIант винчу нанас. Гуора цунна бармахь дакъа. Вистхуьлуш цхьа а воцуш, кортош охьаохкийна лаьттара тIемалой. Кхийтира нана… Бармахь Iуьллург кхуьнан кIант вара, кхуьнан цхьаъ бен воцург… Дуьххьара араваьллера иза ненера пурба доцуш… Иза майра леттера мостагIех. Дуккха а хIаллакбинера цуо уьш. Веллера ша а. Веллера даима ваха! Иштта дуьйцура пондаро. ГIайгIане йирзина цуьнан йиш…
Боьлхура пондар. Тийжара пондар…
Довха бIаьрхиш хьаьвдира ненан бIаьргех…
Къора узарш деш бекачу пондарна тIетевжира кIентан нана.
Боьлхура пондар, йоьлхура нана…
Мацца цкъа нана тIера дIаайаелча, цецах санна Iуьргаш девллера пондаран уьн тIе. Ненан довхачу бIаьрхиша дагийнера иза. Кхин а чIогIа гIарабаьлла бекара пондар. Генна лаьмнашкахула дIаоьхура цуьнан аз. Цуо хIинца дуьйцура ненан кийрарчу йоккхачу гIайгIанах, къахьонах, балех.
Боьлхура пондар, тийжара пондар…
ДегI нисдеш, айаелира кIант вина нана. Цуо доггах мохь туьйхира:
— Со къинтIера ели хьуна, сан кIант!
— Тхо къинтIера девли хьуна, тхан турпал! — йийкира къонахийн тоба.
— Тхо къинтIера девли хьуна, тхан турпал! — геннара схьахазийра гонахарчу курачу лаьмнаша, Iаннаша, хиша, шовданаша…
Боьлхура пондар, тийжара пондар…
— Ас декъалво хьо, сан кIант! — мохь туьйхира нанас.
— Оха декъалво хьо, тхан турпал! — йийкира къонахийн тоба.
— Оха декъалво хьо, тхан турпал! — геннара схьахазийра гонахарчу курачу лаьмнаша, Iаннаша, хиша, шовданаша.
Боьлхура пондар, тийжара пондар…
Оьгура ненан бIаьргех довха бIаьрхиш… сийлахь латта а дашош!..

Close
Яндекс.Метрика