Урок 9. Хуттаргаш йоцчу чолхечу предложенешкахь шит1адам.

Маршалла ду шуьга хьоме дешархой.
Рог1ерчу урокехь вай дуйьцур ду хуттургаш йоцчу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш х1итторан  бакъонех.
Хьалхарчу урокехь вайна евзира хуттургаш йоцу  чолхе предложенеш;
чолхечу  предложенехь цхьалхе предложени маь1ница а, эшарца а цхьаьнахутту  предложени хуттургаш йоцу  чолхе предложени ю (хуттургаш а, хуттургийн дешнаш а доцуш).
Уьш вовшахтосуш а, оцу дакъойн юкъаметтигаш билгалйохуш долу декхарш шена т1елоцу эшаро( интонаци).
Масала:
Доклад дика хийтира суна: цу т1ехь вайн халкъан яздархойн исбаьхьчу произведенех лаьцна дуьйцура.
— Оцу предложенера цхьалхе  предложенеш цхьаьнатоьхна чулацамца а, эшарца а.
-Барта уьш интонацица билгалйо,ткъа йозанехь тайп- тайпаначу сацаран хьаьркашца (запятой, шит1адам, т1адамца запятой,тире, маь1нашка хьаьжжина).
— Хуттургаш йоцчу чолхечу предложени юкъа йог1учу предложенешна юккъе шит1адам буьллу кху меттигашкахь:
Хьалхарчу предложенехь дуьйцучун бахьана шолг1ачу предложенино гойтуш хилахь а, х1унда аьлча боху бахьанин хуттург ца олуш йитахь а.
Масала:
Цхьогал х1иллане ду: цо ша цкъа хадориг ворх1азза юсту.
Х1унда аьлча —боху  хуттург хилахь, цунна хьалха ц1оьмалг юьллу, м а с а л а:Цхьогал х1иллане ду, х1унда аьлча цо ша цкъа хадориг ворх1азза юсту.
Хьалхарчу предложенин чулацам билгалбеш шолг1аниг хилахь а шит1адам буьллу.
масала:
Х1инца новкъа ваьлларг со-суо вацара: базара даха даьлла Ваша а, деца а дара, цаьрца цхьаьна со а вара.
(цу предложенехь маь1ница — х1унда аьлча- боху хуттург юкъаяло мега. Иза юкъаялаяхь, цунна хьалха  ц1оьмалг йилла еза).
Хьалхарчу предложенино чулоцург т1едузий шолг1ачо кхочушдеш хилахь а буьллу шит1адам.
масала:
 Со юхахьаьжча, суна го: г1опара хаьхкина вог1уш г1алг1азкхи вара.
Со юхахьаьжира, суна гира: чехка вог1уш вара Анзор.
-Хуттургаш йоцчу чолхечу предложенешкахь цуьнан дакъошна юккъера маь1нин юкъаметтигаш дукха  билгала  къаьсташ а ца хуьлу, цундела церан чулацамехь билгалъяха езаш хуьлу уьш,къамел дечун а, ладуг1учун а юкъарчу  хааршна т1е а тевжаш. Масала:
Шелъяла юьйлира, мох хьаькхира.
-Оцу предложенин маь1на тайп- тайпана дан тарлуш ду.Нагахь санна къамел дечо 1аламехь болу хийцамаш бийцахь, т1аккха цо и хийцамаш багарбаран хьесапехь бовзуьйту, предложени дагардаран эшарца (интонацица)схьа а олу, ткъа йозанехь оцу предложенешна юккъе запятой юьллу.
— Нагахь санна къамел дечо шелъяларан бахьана довзуьйтуш делахь, чолхечу предложенехь бахьанин юкъаметтигаш билгалйоху, т1аккха и предложени хаамбаран хьесапехь олу, аз лах а деш, шолг1ачу декъехь, ткъа йозанехь предложенешна юккъе шит1адам буьллу, масала:
Шелъяла юьйлира: мох хьаькхира.
 -Х1инца 1амийнарг т1е а ч1аг1деш, цхьа т1едиллар кхочушдан  таро хир ю вайн.
Ялийна прдложнеш оьшшучу эшарца д1а а йоьшуш, цуьнан г1оьнца маь1нин юкъаметтигаш билгалйохур ю вай:
Адаман иэс к1айн кехат ду: наггахь дика язло, ткъа наггахь –вуон.
( хьалхарчу предложенино чулоцург т1едузу шолг1ачо –шит1адам буьллу).
Олхазарийн г1ара яцара хезаш: тов йолчу хенахь эшарш ца лоькху цара.
( предложенехь дуьйцучун бахьана шолг1ачу предложенино гойтуш ду,цундела царна юккъе шит1адам буьллу).
Дукха луьйш верг сахьтан д1асалесташ болчу 1айгах тера ву: иза а, важа а сацон деза.
( хьалхарчу преложенехь дуьйцург т1едузу шолг1ачо, царна юккъе а шит1адам буьллу) .
Сингаттаме ю со:  соьца сан нана яц.
(предложенени бахьанин маь1на долуш ю, —х1унда аьлча- боху хуттург юкъаяло мегара, амма и ца олуш йитина , цундела  шит1адам биллина).
-Сацаран хьаьркех долу хаарш шун муха ду хьовсур ду вай х1инца,  т1едиллар кхочуш а деш.
-Къастаде,муьлха сацаран хьаьрк х1отто деза предложенехь:запятой , запятойца т1адам,шит1адам.
СлайдLне читать)
Олхазарийн г1ара  а д1атийра(?)буьйса юьйлира.
Делкъал т1аьхьа  пхи сахьт даьлла хан яра (?)1имран хьуьжаре ваха кечлуш вара.
Воккхавера к1ант(?)  башха 1алам дара б1аьрго схьа ма- лоццу.
 Сан болх кхечу кепара бара (?) со нохчийн мотт толлуш вара.
-Т1едилларан нийса жоп:
Олхазарийн г1ара  а д1атийра:буьйса юьйлира.
Делкъал т1аьхьа  пхи сахьт даьлла хан яра ;1имран хьуьжаре ваха кечлуш вара.
Воккхавера к1ант, башха 1алам дара б1аьрго схьа ма- лоццу.
Сан болх кхечу кепара бара: со нохчийн мотт толлуш вара.
 Тахана вайна евзира  хуттургаш йоцчу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш х1итторан бакъонаш, барта уьш интонацица билгалъяр а девзи ,ткъа йозанехь  маь1нашка хьаьжжина шит1адам  билларан билгалонаш а евзи.
Ц1ахь, шаьш ешначу муьлххачу цхьаьна текста юкъара схьакарае хуттургаш йоцу чолхе предложенеш.
Цу т1ехь вай урок ерзор ю, шун 1одика йойла, марша 1ойла.

Close
Яндекс.Метрика